Бусалба дин дезар, устазе ларам хилар

(Къаночун иэсо лардинарш)

Шен схьавалар Нажи-Юьртан кIоштарчу Чеччалхера долуш волу къано ШитIа Аргун гIалахь веха дукха хан ю. Хьалх-хьалха хьехархо болх беш а вара ша, бохура ШитIас. Цу хьокъехь дерг доцца дерзийра цо: «Карахь ламаз а доцуш, цкъа а дешархошна хьалха дIахIоьттина-м вац со», – аьлла.

Кунта-Хьаьжин (Дала къайле тойойла цуьнан) дика мурд волуш, шен устазах лаьцна дийца дуккха а долуш ву бохуш, вийцинера тхуна иза. Иштта, хьолахь долчу хенахь дика нах дукха хIуьттуш, комаьршаллица билгалъяьлла керт  ШитIагIерниг.

Цхьа шо гергга хьалха тхо ШитIа волчохь хилира. Шен могашалла дIора дика яцахь а, оха динчу дехарна жоп луш, ШитIас тхуна дийцира шена дуьйцуш хезначух а, гиначух а цхьадерш. Дика хуург Дела ву.

ШитIас уггаре а хьалха билгалдаьккхира, ша дешна стаг цахилар. Делахь а шегахь долчу цхьана жайнин чулацам герггарчу хьесапехь боцца бовзийта хьаьжира иза. Жайно вайга кхойкху, эвлаяаш, устазаш бахьанехь вовшийн яккъаш ца къесторе; яккъаш къестийнарг – кхана догIучу къематдийнахь къаьстина хир ву, боху. Шеко йоццуш бакъдерг ду, цхьана а эвлаяана инкарло ян мегарг цахилар.  «Устазаш бохуш, яккъаш къестийнарг – бIе эзар, ткъа эзар виъ эзар эвлаяэх (Дала къайле тойойла церан) цхьаммо а тIелоцур вац.  ТIарикъатан болх ледара лело мегар дац», – элира ШитIас.

…«Вайга цхьа стаг вогIур ву, со асар деш ву алалаш», – аьлла, хьаьжкIашна асар деш хилла Хьаьжа (Дала къайле тойойла цуьнан). Шелара Соип-Моллин да хилла веанарг. «Шайх стенгахь ву?» – хаьттина хьешо.  ХIусамда асар доккхуш вуй хиъча:

– Ма шайх ву, хьаша вогIий ца хууш! – ала сихвелла ГIойсум.

«Цо хьо шена тIаьхьавалаве элира», – цIахьболчара шега аьлча: «ТIаккха вига со цунна тIаьхьа», – элира ГIойсума.

– Хьо лаа варий?! – хаьттира Хьаьжас  (Дала къайле тойойла цуьнан) хьеше.

«Лаа вара со-м, ахь салават нийса ца дуьллу, хьоьга иза нийса дилла ала веанера со-м», – аьлла хьешо. ТIаккха Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан), салават дуьллуш гайтина, элира: «Ас ма-диллара дилла вай салават?!»

Ша асар дина хьаьжкIаш елира Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) ГIойсумна, уьш берашна ло аьлла. ТIаккха ГIойсум вилхира, боху, ша аьллачунна дохковаьлла. Соип-Моллас а хьахош хилла, боху, Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) кхиийначу хьаьжкIан буьртиг биъна ву ша, олий.

ШитIас шен къамелехь билгалдаьккхира, Кунта-Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан) ша дуьнен чу ваьлчахьана тIе хазаниг духар духуш ца хилла, неIармачаш куьйга тоьгуш хилла, тиша куй бен туьллуш ца  хилла, аьлла. Цкъа Хедас (Дала декъалйойла иза) аьлла хилла: «Сан гIийла кIант, сийсара цхьа гIан гира суна, и тидалур дарий-те хьоьга? Ялта дара, оцу ялти тIехула цхьа доккха баьццара олхазар хьийзара, цунна гуонаха – цхьа кегий олхазарш дара…»

– И хьуна гина долу ялта – хьан зерат ду хьуна, цунна тIехула хьийзаш хилла долу и баьццара олхазар – со ву хьуна, оцу олхазарна гуонаха долу кегий олхазарш – хьан кIентан муридаш бу хьуна, – элира Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан). Хеда йилхира: «Хьаьжа, хьо ваха воллу, кIант воцу нана ян воллу хьо сох, ас пурба лур дац хьуна…»

– Хьуна гинарг бакъ ду хьуна, азаллехь Делаций, Мухьаммад Пайхамарций (Дала, вазварца, къинхетам бойла цунах, массо халонах маьрша а вуьтийла) бина болу барт бохабойла дац-кха сан!..

– Со тIаьхьайоьлхуш йитина, ваха воллу хьо?!

– Ца воллу. Лаьттах хьуна чоь йина, хьо оцу чу а йиллина ваха воллу, – аьлла, боху, Хьаьжас (Дала къайле тойойла цуьнан)…

«Со хIинца воккха хилла, дезткъе итт шо кхочуш ду сан, Хьаьжица (Дала къайле тойойла цуьнан) лелла нах дукха гина суна, цуьнан некъ буьйцуш дукха ладегIна ас, – бохура ШитIас. – ХIокху ДегIастанара ша араволуш, ша дуьтучух лаьцна хаьттина хиллера Хьаьжига (Дала къайле тойойла цуьнан). ДегIастанахь кхо хIума дуьту ша, Делан дин. Къуръан, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна)  суннат, аьлла, боху, эвлаяа».

… ШитIас цу дийнахь дийцинчух цхьадерг дилли вай газетдешархочун кхиэле. Кхечарна жимма кхечу кепара дуьйцуш хезна хила а тарло уьш. Вай лакхахь а ма-аллара,  дика хуург Дела ву. Амма цхьа а шеко йоцуш, ШитIига ладоьгIча хаалуш, къегина схьагуш дерг цхьаъ дара: цунна бусалба дин доггах дезаш хилар а, шен устазе цуьнан боккха ларам хилар а.

Билгалдаккхар. ХIора материал зорбане кечйиначул тIаьхьа хиира суна  хIокху  аьхка ШитIа кхелхинийла. Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла цуьнан доьзалшна а, гергарчарна а. Баккъал а Делах  кхоьруш, Дела дика лай  санна вуьсур ву иза сан иэсехь.

Г.АСЛАМБЕКОВ

 №124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: