Зуда ялийначохь ловзар хила хьакъ ду, хилча хаза а ду. Амма, цу тIехь цхьа хIума дицдо вай, ловзар коьртаниг делахь а, тойнан иза цхьа дакъа бен дац. ШолгIа делахь, ловзар нускална, иза далийначу кIантана я цу хIусамна деш а, хIоттош а дац, царна цунах вуно кIезиг дакъа кхочу (оьрсаша а, кхидолчу къаьмнаша а шайна до иза). Вайн ловзар юьртана, коьртачу декъана, кегийрхошна, церан самукъадаккха , хIоттош ду. Кегийчарна иза хууш хилча, ловзар дохон уьш богIур бацара аьлла хета. Тахана вайна ма-гарра, иза хIоттийначу нахана цунах бала бан, царна лазам баккха богIу цхьаберш цу ловзарга. Гарехь, оцу гIуллакхах церан самукъа алсам а долу. Ловзар оьзда а, гIиллакхехь а дIадахьар массарна а тIедужу, коьртачу декъана, кегийрхошна. Дагалоцур вай Эвтарарчу Курачу Хизара шен дахарехь тIаьххьара аьлла дешнаш: «Кху самукъадаьлла Iачу кегийчу нехан меттиг ца йохо а, той вайна хIоттийначу керта балийн марха ца хьовзийта а, дегаюккъе шокъали кхетча, «ахI» ца олуш, шен са долуьйтур дара ша». Ша ма-боххура, шен са а далийтина цо, мичахь-муха лела деза гойтуш. Вайн къонахий хила а хилла, цара вайна масалш а дитина.
Ша бахьана долуш нехан меттиг йохор уггаре а осалчух лерина ду нохчаша, ворхIе а дайшкахь дуьйна.
Цхьамма а цига кхайкха ца оьшуш (оьрсийн а, иштта кхидолчу къаьмнийн а санна) маьрша тIеваха, дакъалаца йиш йолуш дара вайн ловзар, иза шена цхьанна я цхьана тобанна, куьпана доцуш, массарна а дакъа кхочуш, массеран а бала кхача безаш, юкъара хIума хилар вайна хиъча. Цунах долу дика а, вуон а хIоранна а кхачарна, маьрша, юкъара ду иза. Вайн оьздачу дайша вайна йитина хазна ю иза, цуьнан тидам а бина, бала а кхаьчна, дIалело нахана хиъча… лиъча.
Охьаховшаран, мехкарий-кIентий дIанисбаларан ловзаран кеп синкъерамехь ерриг ю. Амма синкъерамехь тидам тIе ца боьдуш дуьсурш кхузахь гучудовлу. Иза тхевнна кIелахь дIахьош цахиларе терра, мехкарий дIанисбо я малхбалехьа, я къилбехьа, аьттоне хьожжий. Нагахь санна, нах рагIу кIелахь ховшийна а боцуш, малх совбаьлла хьал хIуттуш меттиг нисъелча, царна тIехула гата лоцу.
Дукха мехкарий гулбелла, иштта дуккха а кегий нах баьхкина меттиг нисъелча, церан шишша-кхоккха могIа бан безаш хуьлу. Юьртара мехкарий хьалхарчу могIарехь охьахьовшу, зудабераш схьадаьхкина юрт гена мел хили а, уьш дIанисбен могIа ловзаран юкъана гена хуьлу. Кегий нах дIанисбаларан кеп хIинцца дийцинчунна нийсса бIостанехьа нисло, генара баьхкинарш хьалха ховшу. Юьртарниш – мелла а тIехьарчу могIаршка. Хьалха ховша гIерташ, юьртарчу кIенташа кийтарлонаш лелийний те? Дегабаамаш хиллий те царний, тIебаьхкинчарний юкъахь? Ца хилла! Ца хилла уьш къонахий болу дела!
Ловзаргахь адам дуккха а хиларна, дистхиларца аьтто лахбалар бахьаненна, синкъерамехь а саннна, кхузахь лелаш дац йоI-кIант вовшийн зер-таллар. Кхузахь кIентан дагахь дерг йоIе, йоьIан дагара кIанте дIасакхоьхьуш леррина къастийна тоба хуьлу. Шаьш хьалха дуьйна а девзаш хиллехь, йоIа хьала а айалой, маршалла хаттаран кеп хIоттийча бен, кIанта йоIана тIе хабар дохьуьйтуш а ца хилла. Ойла йина, таханлерчу хьолаца дуьстича, иза доккха ниIмат ду.
Синкъерамца дуьстича, кхин цхьа башхалла а ю кхузахь. Кегийчу нехан тхьамдин метта шен шина накъостаца коьртехь Iаш инарла ву, царна хьалхарчу стоьла тIехь ца хедаш, даар-малар лаьтта. Вай лакхахь хьахийнарг йоцург, царна гIо деш кхин а тобанаш ю: мехкарий а, божарий а хелхабахаран раж ларйийриг; жухаргийн; пурстоьпан. Оцу тобанаша дIакхоьхьу шайн-шайна тIедехкина декхарш.
Инарлина а (хIара кеп юкъаяле муха хилла те аьлла, теллина дац. ХIара юккъехь яржар, оьрсийн бIаьнан амалш йовзарца доьзна ду), цуьнан шина накъостана а тIехь декхараллин доккха дукъ Iуьллу. Той долчу дас, ловзар, инарла векал вина, цуьнан кара дIаделла ду. Цхьана хенахь, тойнан дас инарлина тIедуьллуш хилла пондарча а, зурманча а, вотанча а, пелхьонаш а лахар, дийцар, кхайкхина балор. Ловзар шен хотIехь дIадахар, цуьнан дикалла-хазалла гучуялар инарлин корматаллах доьзна хилла. Тахана схьахIуттучу суьртехь, кегийчу нахана шаьш муха лела беза цахааррий, баккхийчарна ловзар дIа муха кхехьа деза цахааррий, вай хIинцца йийцина каспах (тахана – профессия) йолчу нехан тоба лахъяларца доьзна-м дац те аьлла, хета.
Кхин цхьа хIума а ду ловзаргахь къаьсттина гучудолуш – синкъерамах хьаьрчина дуьсуш дерг. Иза хелхар ду. Вай синкъерамах лаьцна дуьйцуш ма-аллара, къонаха гонна юккъехь тIаьрзенаш дIаса а кхуьйсуш, веттаваларх, цунах хелхар хуьлуш дац. Цуьнан шен кеп, маьIна, орамаш ду; маьIна ду хIора боккхучу кога лоран, лоцучу куьйган, дIасаверзаран, хьовзаран, бIаьрг тохаран. Цхьана гена яханчу хенахь, тахана санна, хелхарна талмажалла дан дезаш ца хилла. Дагахь доллучуьра аьлча, вай тахана ладугIу эшарш аьлла цIе тиллийнчийн дешнаш массарна а дагахь хууш хилла. Амма таханлерчу денна дукха хьолахь уьш вай дицдина. Наггахь а хир вац оцу мукъамийн дешнаш дагахь хууш.
Нохчийн хелхар кхаа декъе декъалуш ду: 1) мифологема (кхузахь ширчу грекийн мифаш, лабиринт, нить Ариады, подвиг Тесея – дага ца лаьцча кхетар дац дуьйцучух); 2) хелхар (ша лелийнарг, гинарг, чекхваьлларг дуьйцу хелхарехь жимачу стага); 3) дерзор. Вай дийцинарг кIанта дечу хелхарх дара. Ткъа йоIа дечу хелхаран маьIна тахана а таллаза ду.
Кхузахь дуьйцург билгалдер ду хелхаран кепан сурт бIаьрга дуьхьал хIоттийча. РагI тIекхаьчча хелхавала хьалагIаттаво кIант, цул жимма тIаьхьа хьалагIаттайо йоI а. Иза хьалагIаьттина яллалц, шеца охьахевшина болчу накъосташца къастаран, вовшахдовларан кеп хIоттош, соцу жима стаг. Ший а кийча делахь (синхронно) дIадолалой, тхьамдий, инарлий волчу «баьрче» дIахIутту. Цигара дIа аьтту белш хьалха а йоккхий, хелхар дIадоладо цу шимма. Цхьаъ вукхул гат а беш, кхо го боккхуш, юккъе доьду и шиъ, аьрру белшаш чоьхьа йолуш, юкъахь цхьа гIулч йисча, соцунгIа хуьлу. Цхьацца гIулч яьккхича шиъ вовшашна ул-улле нисло, амма дIа а, схьа а дирзина хуьлу. Кхузахь шена тIе тидам бохуьйтург кхин ду. Аьрру белшашна юкъахь цхьа кера юккъал бен меттиг йоцуш, 90 градусана аьтту белш хьалха йоккхуш, йоIана тIехьа нисвала таро йолуш волу кIант, аьрру белш хьалха а йоккхуш, 180 градусана хьаьвзий, нисло йоIана тIехьа. Вайна ма-хаъара, кIажи тIехь хьаьвзина го баккхар магийначех дац, амма кхузахь кIажи тIехь ца хьовзахь а, хьаьвзий ах го-м тосу кIанта. Иза эрна дац.
Тахана-м кIанта, ша йоIана тIехьа ма-нисвелла, иза шен «тIома кIела» ма лоций. Амма тидам бел, хелхаран цIена кеп хууш волчу воккхачу стага ша хелхаволуш, куьг, белшал лакха айдо я ца айдо. Цо и дийр дац. Буй база куьг а, голехь саттийна пхьарс а йоьIан букъ тIехьахула хьаладохуьйту, тIаккха кога буьхьара хIутту кеп а йой, йоIа ког баккхале, охьадохуьйту, юха хьала а ца ойу, го бастталц. «ХIорс-стоъ, Арс-тоъ» цигахь цо ала а догIу, аьлча бехке а дац. Тидам бер вай, хIинца йоI хьалха, кIант тIаьхьа, юкъара арадолуш го и шиъ, амма тIема кIел лоций-м ца хуьлу йоI.
ХIинца йоIа воккху кIант юкъара ара. Ша тхьамдина хьалха нисвелча, иза соцунгIа хуьлу, йоI, инарлина хьалха дIайоьдий, соцу. Вай дуьйцу хелхаран шолгIа дакъа тIаккха долало.
Го хьовзочу хенахь, кIант боларца воьду гонна юкъа (тIехьара ког хьалхабоккхуш дерг ду иза). Хелха волучу хенахь стаг адам хилла ца Iа, цуьнгахь долчух сокральное состояние олу. Го бостучу хенахь болар а хийцало цуьнан – сайн болар (хьалха баьлла ког кхин а жимма хьалха тосуш). Иза нохчашна юккъехь бен ца гина суна.
Хелхар дерзоран а ю хIоттон бух а, лаца тIам а болуш, шен кеп. Тахана гIалахь самодеятельни кружокехь Iемина йоI, юьрта ловзарга нисъеллачохь айина куьйгаш а долуш, къаьхкина йоьду говр санна, юха а хьоьжуш, йодий шен метта охьахуу. Иза нийса дац. Куьйгаш охьадахийтар – кIантана а, цигахь мел нисвеллачунна а хаам бу йоIа шен хелха ялар сацийна хиларан. Цул тIаьхьа а ца йоьду иза шен меттиге. Шеца хелха волуш хиллачо инарлина хьалха сецначул тIаьхьа, шена корта таIош баркалла аллалц соцу, цхьаболчара-м и баркалла тхьамдина олуш ду олу. ТIаккха цхьаьний (синхронно) шаьшиннан метта доьдий, кIант-хьалха, йоI-жимма тIаьхьа, охьаховшу.
Вай лакхахь хьаха ма-дарра, нохчийн ловзарга веанчо цхьа а тайпа харж еш дац. Вай кхузахь буьйцурш шуьне кхайкхинарш бац. Царна хьалха-м ши декхар Iуьллийца – совгIат дар, нус гуча йоккхуш мотт бастийтар. Билгалдан догIу несе кховдош дерг цуьнан хилар. ТIаьхьо иза марнене кховдийча бегIийла ду. Амма кхин а оьзда хир ду, нагахь марнанас иза несехь дитича («Сан бIаьрг, кхетам тIе ца кхочуш дукха хIума ду хIинца юкъахь лелаш, вай юьхьIаьржа хIотта тарлучуьнга хьовзор ахь»).
Ловзарга нисвеллачу жимачу стаге «хIета-вета хIума таса еза ахь», бохург, нохчашна юкъара дIадаьккхина. Цуьнан бахьана суна хетарехь, вайна сих-сиха тIехIуьттуш долчу халачу хьелаша кегий нах ловзарх хера бахарехь ду. Иза а вайн оьздачу дайшкара ца даьлла хьаьнгара дер дара?!
С-М. ХАСИЕВ, этнограф
№124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо