ХIора адам ду вайн шен Iалашо йолуш, юьхьарлаьцначу говзаллица къахьоьгуш. Башаева Зураан школехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна, вайн ненан матте безам бара. 1979-чу шарахь, Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете, къоман отделене заочно деша хIоьттира йоI, школехь болх а беш.
Берашца уьйр-марзо карийна схьалаьцна некъ, таханлерчу дийне схьабеана, хIинца 40 хан ю Башаева Зураъ Хамитовнас ТIехьа-МартантIерчу №5 йолчу школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьху. Даима а лехамехь ю иза. Методически матерималаш толлуш а дуккха а къахьоьгу Зураа, шен дешархошна кIорггера йовзуьйту нохчийн барта кхолларалла а. Иза чIогIа мехала а хета цунна, хIунда аьлча, цу жанро йовзуьйту къоман истори а, хазна а, гIиллакх-оьздангалла а.
Цхьана а кхечу берех ца хьегош, бусалба динехь, оьзда хьалакхиийна Зураа шен пхиъ бер. Йиъ йоI шайн доьзалш а кхоьллина ехаш ю. Йоккхах йолчу Бирланта хьехархойн училище чекхъяьккхина, шолгIаниг–Лалита, хьехархо-психолог институтехь дешна ю, шен ненаца болх беш ю, кхоалгIачу йоIа–Ларисас Къилбаседа Х1ирийчохь чекхъяьккхина социальни хьехархочун отделени, йоьалгIа йоI–Элиза Ставрополерчу институтехь доьшуш ю, кIант-Муслим исламски институтехь доьшуш ву, хьуьжарехь бераш Iамош а ву.
Цхьа зама яьхьира вай, нохчий, ненан мотт паргIат бийца йиш йоцуш. Далла бу хастам, хIинца вешан сийлахь, цIена, беза ненан мотт, школашкахь дешархошна Iамо парг1ато вайна яларна. Башаева Зураа хIора шен дешархочунна дагчу бижийна иза, йоккха марзо кхуллуш. Вайн нохчий мотт тIехдика хууш алссам дешархой бу цуьнан, боккха тидам тIебохуьйту цо, дешархойн вайн маттах долу хаарш т1едузуш.
Хьаьнцца а бийца мотт карабо Зураана, адамийн догъойбуш самукъане а ю, массаьрца а тIекаре а ю, шен цIе сий-ларамца йоккхуьйтуш а ю. Дуккха а шераш ду Зураа байташ язйо а, уьш цуьнан арайийлина цхьацца долчу газетийн аг1онашна тIехь. Берашца сих-сиха дIахьо цо нохчийн маттахь, республикехь хуьлучу даздаршна лерина йолу тайп-тайпана сценареш а, поэташца а, яздархошца а цхьаьнакхетаран суьйренаш а дIахьо. КIеда-мерза йистхиларца хIора бер шен долуш санна лору цо, ледара хаарш долу берашца а болх бо, керлачу темина уьш тIаьхьакхиош. Иштта, дешархошца кхетош-кхиоран болх буьззина дIакхехьарца хьанал къахьоьгуш а, бIаьрла кхиамаш бохуш а ю Башаева Зураъ. Хьанал къахьегарна Зураана дуккха а Сийлаллин грамоташ елла, кхин совгIаташ дина.
Дуьххьара ма-яххара леррина кечамбарца шен уроке йоьду иза, дешархошна керла хаарш эцна. Дешархошна гайтаме гIирсашца хаза а, къегина а кечйина ю Зураан кабинет.
Шен цIе дозаллица яккха хьакъ долуш ю Башаева Зураъ. Доьналла долуш, нохчийн оьзда зуда а ю.
– Лераме Зураъ! Керлачу 2014-чу шарахь, керла кхиамаш хуьлда хьан! Дала декъала йойла хьо! ТIаьхье беркате а йойла хьан!
Умарова Лиза, «Вайнах» телерадиокомпани
Авторан суьрта тIехь: Башаева Зураъ