Мехкан Куьйгалхочун Путин Владимиран а, регионан Куьйгахочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а юкъаметтигаш дика хиларан бахьана и шиъ цхьана чкъурах хиларехь а, советийн идеологин цхьана мехаллашца кхиийна хиларехь а гуш хиллехь, Кадыров Рамзанан а, Россин пачхьалкхан баьччин а юкъаметтигаш дика хиларан бахьана ду Рамзанна иза шен деца дика тIекаре йолуш, цуьнга боккха сий-ларам болуш стаг хилла хилар. Цуьнца бен кхин цхьана а хIуманца кхето йиш яц церан дика юкъаметтигаш хилар.
Россин цхьаболчу политикашна а, журналисташна а нохчийн гIиллакхийн башхаллашца доьзна ду аьлла хета иза. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа къизачу бохамехь, ямартхоша тешнабехк бинчул тIаьхьа кхелхича, Кадыров Рамзанна синна гIортор хилла дIахIоьттира Россин Президент. Шен дас чIогIа сийдеш, ларам беш хиллачу стагаца дика хилар дикачу адамийн амал ю. Муьлххачу а нохчичунна кхеташ ду иза. Нохчийн гIиллакхашка диллича а Кадыров Рамзанан кхечу кепара юкъаметтиг хуьлийла дацара Путин Владимирца.
В.Путинан а, А-Хь.Кадыровн а юкъаметтигаш пачхьалкхан куьйгалхочун а, регионан куьйгалхочун а юкъаметтигаш хилла Iаш яцара. Уьш цхьана декхаро вовшашца воьзначу шина стеган юкъаметтигаш яра. Россин цхьаалла ларъяран декхар дара иза. Оцу муьрехь цу шинга бен кхочушдалур долуш декхар а дацара иза.
«Диалоги» программина еллачу интервьюхь шина тхьамдин юкъаметтигех лаьцна дуьйцучу хенахь Сурков Владислава иштта элира: «Суна хетарехь, нагахь санна халкъана кхин а масех бIешарахь даха яздина делахь, халачу киртигехь Дала цунна нах бохкуьйту иза бохамах, тIамах, хIаллакьхиларх хьалхадаккха. Суна хетарехь, халкъ бохамах хьалхадаккха Дала ваийтина вара Ахьмад-Хьаьжа.
Дагахь ма-дарра аьлча, суна хетарехь, Путин а вара Россин вайн доккхачу къомана хала деанчу сохьтехь Дала ваийтина. И ши стаг вовшашна тIекхача, вовшашца дика юкъаметтиг хила хьаьхна а вара. И шиъ вовшахкхета везаш вара вайн халкъаш, Россин доккха халкъ а, цуьнан цхьа дакъа долу нохчийн халкъ а Iалашдархьама».
И шиъ цхьаьна гIулчаш яха волалушшехь гучуделира республикехь долу юкъараллин-политикин хьал лартIе далоран некъаш цу шиннан цхьаъ хилар, хьежамаш цхьаъ хилар. Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, Путин Владимир а кхеташ вара «нохчийн кризис» дIаяьккхинчул тIаьхьа бен Россин къилбехь чIагIо, гIап хилла лаьттачу Къилбаседа Кавказехь тешам боллуш маьрша дахар дIахIотталург цахиларх.
Россина стратегин а, геополитикин а доккха маьIна долуш гIуллакх дара иза. Уггаре а коьртаниг, и шиъ тешна вара Россин а, Нохчийчоьнан а кхолламаш цхьаъ хиларх а, и ши мохк вовшах къасталург цахиларх а, Россин вежараллин халкъашца цхьаьна хилчий бен Нохчийчоь цкъа а бакъйолчу маршоне кхочург цахиларх а. И вошалла Россин сийлаллин а, цхьааллин а ницкъ бу.
Iалашонаш а, декхарш а цхьаъ хиларо, уьш чолхе а, кхераме а хиларо цу шиннан юкъаметтигаш къаьсттина адамалле а, къинхетаме а, кIеда-мерза а йора. Ахьмад-Хьаьжица хуьлчу шен дуккха а цхьаьнакхетаршкахь В.Путина цуьнга республикерчу хьолах хаьттина ца Iаш, цуьнан доьзалехь долчу хьолах, дог-ойланах дерг хоттура. Даима а кхерамечу хиламашна юкъахь хуьлуш волу Ахьмад-Хьаьжа саготта хилар хууш волчу мехкан тхьамдас Ахьмад-Хьаьжига доьхура кIант Москва я кхечанхьа, тIамна гена воккхуш, деша вахийтар. Цуьнан кхолламах долу жоьпалла шена тIехь а ду аьлла хеташ вара иза.
Шен цхьана интервьюхь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас цу хьокъехь иштта элира: «Ас кIантана мел сагатдо хууш волчу Президента В.Путина соьга элира, иза цхьанхьа дIахьажийча хIун дара-те вайшимма. Доьшур дай шена. ТIаккха ас цуьнга элира, иза сан кIант хилла Iаш вац, сан гIоьнча а ву. Цу тIе – уггаре а коьрта. Нагахь санна цунна цхьаъ хилахь, цуьнан отрядера дерриге а бераш тидамера девр ду. ТIаккха инарлашка тешам боллуш ала йиш хир яц сан уьш сан тергонехь бу аьлла. Тахана хьаьнга а иза ала йиш йолуш ву со».
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа къизачу бохамехь кхелхинчул тIаьхьа Кадыров Рамзанан дог Iовжар, лазам ма-барра хаабеллачех а, цуьнан дог-ойла гIаттош гIо лаьцначу кIеззигчу нахах а цхьаъ вара В.В.Путин. Бохам хиллачул тIаьхьа церан дуьххьара хилла цхьаьнакхетар Россин ерриге а каналаша гайтира. Цунна комментареш йира иттаннаша журналисташа а, экстремисташа а. Мах хадор а, комментареш а тайп-тайпана хиллехь а, массеран ойла цхьана хIуманна тIехь цхьаьна йогIуш яра – гергарчу шина стеган цхьаьнакхетар дара иза. ТIаьхьуо, и цхьаьнакхетар дагалоьцуш, Кадыров Рамзана элира: «Владимир Владимировича нохчийн халкъана Iаламат дукха гIуллакхаш дина. Сан да кхелхинчул тIаьхьа со тIемаш бинчу, леррина операцеш дIаяхьначу командирех цхьа командир бен воций хуьушехь. Со политик а, экономист-финансист воций хуъушехь, со къона вуй, дахарехь со цхьана а хIуманна тIехь билгалвала кхиъна воций хуъушехь цо шен сацамца сох республика тешийра.
Цо кхин цкъа а гайтира ша шенаш тесна буьтуш цахилар, ша адамех тешаш хилар. Адамех ницкъ болу стаг бен ца теша. 9-чу майхь да кхелхинчул тIаьхьа цуьнца къамел дечу хенахь цуьнга ас дехнарг цхьаъ дара: «Владимир Владимирович, ас хьоьгу кхин цхьа а хIума ца доьху, оцу шайтIанашца тIом байтахьа соьга. Ас хьо юьхьIаьржа хIоттор вац хьуна. Нагахь санна ахь сан цу тIехь гIолацахь даима а хьуна баркаллаш бохур ду-кх ас». Цо элира: «Ас гIо дийр ду».
Ас оцу дийнахь дийхира цуьнга амнисти йина болчарах полк вовшахтохийтар.
«Полк а хир ю!» – элира цо.
ХIетахьлерчу цуьнан дуьххьарлерчу сацамца цо массарна а тIедожийра суна гIо-накъосталла дар. Цо элира: «Хьо да дIаваьлла висина, ткъа со уггаре а дика доттагI воцуш висина». И дIавалар цунна боккха иэшам бара. Иза цуьнан юьхьа тIехь, къамелехь, леларехь гуш дара…
Владимир Владимировичин дуьхьа сайн са дIадала кийча ву со. Ас даима а олуш ду, хIинца кхин цкъа а боху, Владимир Владимирович юьхьIаьржа ца хIоттош, ткъозза лийр вара со. ХIунда аьлча, иза бакъволу къонах ву, иза патриот ву, иза доьналла долуш стаг ву. Доьналла долчу нехан сий-ларам бан беза. Уьш кIезиг бу кху дуьненахь».
Доьналла долчу нехан сий-ларам бан беза
Билгалдаккха деза, Россин тхьамдин Кадыров Ахьмад-Хьаьжица хиллачу юкъаметтигашкахь хилла йовхо, аьхналла В.Путинан а, Р.Кадыровн а юкъаметтигашкахь хIинца а хилар. Амма цунна тIекхетта пачхьалкхан куьйгалхочунна Кадыров Рамзан тешаме хилар а, муьтIахь хилар а, баркаллин ойланехь хилар а. ХIунда аьлча цунна цкъа а дагара ца долу Ахьмад-Хьаьжица цхьаьна нохчийн халкъ хIаллакьхиларх лардинарг, халчу киртигехь даггара цунна гIодинарг, оцу хенахь Россехь уггаре а чолхе регион цунах тешийнарг В.Путин хилар.
В.В.Путинин а, Р.А.Кадыровн а барт-марзо чIагIйо кхузаманан Нохчийчоьнан дуккха а проблемаш дIаяхаран некъаш гар шинненан а цхьабосса хиларо, хьежамаш цхьаъ хиларо.
Кадыров Рамзана дог-ойла гIаттарца тIе а ийцира, гIо а лецира 2006-чу шарахь Россин Федерацин Президента амнистин хьокъехь динчу дIадолоран. Цуьнца нийса а догIуш, амнисти йийр йолуш яра герзашца йолчу законехь йоцчу гIеранашна юккъера шайн лаамехь дIабевллачарна. Журналисташна еллачу интервьюхь цо элира: «Кхолладеллачу хьолехь и документ Iаламат чIогIа оьшуш ду. ХIунда аьлча республика когахIотта йолаелла. Иза ца гойла дац лаьмнашкахь лечкъаш лелаш болчу Нохчичоьнан бахархошна».
Мехкан Президентан дIадолор Къилбаседа Кавказан ерриге а регионна мехала хилар а, и документ цкъа дешарца тIеэцначу Пачхьалкхан Думин депутатийн политикин хьикмат а билгал а даьккхина, нохчийн тхьамдас тидам тIебахийтира «цо НВФ-н векалшна а, боевикашна гIодар бахьанехь Россин Къилба федеральни округехь лечкъаш лелаш болчарна а таро лур ю лечкъаш а ца лелаш, машаре дахар дIахIотторехь дакъалаца».
В.В.Путинан и дIадолор тоьшалла дара Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кхелхинчул тIаьхьа а Россин куьйгаллин регионехь дIахьош йолу политика хийцаелла цахиларна. ТIаьхьуо Россин Президента В.Путина иза тIечIагIдира Нохчийн Республикин Президентан дарже Кадыров Рамзанан кандидатура хьалха а теттина.
Республикехь цул тIаьхьа хиллачу хиламаша гайтира Россин баьччас бина хилларг беккъа цхьаъ бен боцу нийса сацам хилла хилар. Амма и сацам тIеоьцучу хенахь Россин политикин элитина дIора гуш а дацара иза нийса хилар. Хала дара В.Путинна оцу киртигехь нийса харжам бан. ХIунда аьлча, харжам нийса ца баро цIеххьана юха а карзахдаккха тарлора Нохчийчуьра хьал. Цуьнан тIаьхьенаш муха хила тарло а ца хаьара. Россин Президентана чIогIа мехала дара республикин куьйгалле Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийчохь машар барехь а, пачхьалкхан Iедалан органаш вовшахтохарехь а баьхна кхиамаш, дина гIуллакхаш лардина ца Iаш, регион социально-экономикин кхиоран чолхе декхарш кхочушдан хьуьнаре волу стаг хIоттор.
Ахьмад-Хьаьжас, ша даима а шен дегI кхерамна кIел туьйсуш лелаш вуйла хууш, шен кIант цкъа мацца а ша воцуш виса тарлуш хиларна кечвеш, цуьнга олура: «Рамзан, нагахь хьо тезетахь а, иза дIадирзича а бIаьрхиш Iенош Iахь, ас мел лелийнарг, ас мел динарг довр ду хьуна. Цхьа а хIума дуьсур дац хьуна…».
Рамзана, шена мел хала хиллехь а, кхочушдира шен ден весет. Ахьмад-Хьаьжас долийна хилла гIуллакхаш чекхдехира цо, шен берриге а лаам, ницкъ, тешам «буйна а берзийна». Нохчийчоьнан хьалхарчу Президентан бIанакъосташна гира иза шен ден хила хьакъ воллу кIант хилар, республикин кхолламах долу жоьпалла тIелаца хьуьнар долуш и цхьаъ бен цахилар.
Иза ца гойла дацара мехкан куьйгаллина а. В.В.Путина шен харжам бира. Кхелхинчу шен доттагIчун сий дар хилла Iаш дацара иза. Уггаре а хьалха, Рамзанах теша а тешна политикин-прагматикин гIулч яра цо яьккхинарг. Мехкан Президент тийшира Р.Кадыров шена тIедехкинчу Iаламат чолхечу декхаршца ларориг хиларх.
Нохчийн Республикин Президентан декхарш ханна кхочушдар шена тIедиллинчул тIаьхьа шен официальни дIахьедарехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира: «Республикин куьйгаллехь хийцамаш бар суна Лекха волчу АллахIа а, нохчийн халкъана а хьалха тIехдоккха жоьпалла ду. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командина хьалха, хьалха а санна, экономика а, социальни дакъа а меттахIотторехь вуно даккхий декхарш лаьтта.
Россин Федерацин Президентан В.В.Путинан сацамо Нохчийн Республикин куьйгаллина тIедуьллу кхин а доккхачу хьуьнарца, ницкъаш алсам бахарца къахьегар. Ас дукхазза а баьхна ша бакъонца шен халкъан, мехкан патриот лоруш волчун вуно дика аьтто бу, ша муьлххачу даржехь велахь а, дашца а доцуш, дечу гIуллакхехь билгалвала. Вайх хIоранна а хьалха лаьтта вайн бахархошна, маьрша, токхе дахар хилийтарна кхачояран декхар.
Со тешна ву кестта Нохчийчоьнан экономика сихха кхиоран масал хилла дIахIуттург хиларх. Цунна оьшу ерриге а таронаш ю вайн. Уггаре а коьртаниг – халкъ ду маьрша даха лууш, цIиндала лууш. Къуьйсийла дац, Россин Президентан гIо-накъосталла ца хиллехь, цуьнан ондда политикин лаам ца хиллехь тIаьхьарчу шерашкахь вайн республикехь хилла болу дика хийцамаш хилла хир бацара. Таханлерчу денна динарг Iаламат дукха ду. МеттахIиттийна дийнна гIаланаш, ярташ, школаш, больницаш, Соьлжа-ГIалахь баккхийчу барамашкахь дIадолийна гIишлошъяр. Эххар а, адамашкахь кханене тешам а, дахар ирсе а, синтеме а, токхе а хирг хиларе сатийсам кхоллабелла».
Кадыров Рамзана дIагайтира Россин Президента бинарг нийса харжам хилар. Билгалйинчу Iалашоне кхача болчу инзаре боккхачу лаамо а, иймано а, син чIагIалло а, шен халкъе болчу доза доцчу безамо а, цуьнан аьттонан дуьхьа иза шен са дIадала кийча хиларо а кхачийра республика когахIотторехь бIаьрла кхиамаш бахаре, иза массара а къобалвеш тIеэцаре.
Рамзана, шен дас Ахьмад-Хьаьжас баьхна кхиамаш кхин а дебийра. ДIадаьхьира Нохчийчоь пачхьалкхан Iедалан органаш вовшахтохар. Цуьнан дIадолорца республикехь дIадаьхьира парламенте а, Iедалан меттигерчу органашка а харжамаш бар. МеттахIитторан програмашна ахча схьахецаре ца хьоьжуш, тарлуш долчу дерриге а некъашца харжаш лоьхуш, шена доккха жоьпалла тIелоьцуш, Нохчийчоьнан ярташ а, гIаланаш а саьлнашкара гIаттийра цо, ткъа Соьлжа-ГIала Къилбаседа Кавказехь а уггаре а хазачу шахьарех цхьаъ йина дIахIоттийра. Тешна хиларца чIагIдан мегар ду нохчийн махкахь маьрша хан дIахIоьттина хилар а, республика кхуьуш хилар а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Мехкан Президентан а юкъаметигаш хьалха а санна дика хилар а, и шиъ вовшах тешаш а, кхеташ а хилар а.
Нохчийчоь
кхиорна —
боккха тидам
В.Путина хьалха а санна боккха тидам тIебохуьйту Нохчийн Республика кхиоран гIуллакхашна. Цунна дика девза Нохчийчуьра социально-политикин а, экономикин а хьал. Цо гIо лоцу нохчийн тхьамданан муьлххачу а дIадолоран, лааман. Кадыров Рамзанна Россин Президент куьйгалхо хилла Iаш вац, иза цунна воккхах волу доттагI ву. Цуьнан дуьхьа шен са дIадала а кийча ву иза. Цуьнга боккха сий-ларам бу Рамзанан. Иштта сий-ларам нохчичун шен дега а я ден юххерчу даттагIчуьнга бен хуьлуш бац. Иза дика кхеташ ву Россин уггаре а чолхечу цхьана регионан куьйгалхо ша хIотторца В.В.Путина шен тIеэцна хиллачу жоьпаллех. Шена беллачу боккхачу тешамна хьакъ хила гIерташ яьхна республикин Куьйгалхочо шен дукхахйолу гIулчаш. Пачхьалкхан куьйгалхочунна хьалха долчу шен жоьпаллех тIехдика кхеташ ву Рамзан. Ша муьлхха декхар кхочушдича а, цо шена муьлхха а декхар тIедиллича а, цунна даима а, хьалха шен дега олуш ма-хиллара, ала лаьа: «Владимир Владимирович! Ас хьо юьхьIаьржа хIоттор вац, Россина оьшуш, цуьнан хьашташна оьшуш долчу муьлххачу а декхарца ларор ву со. Хьо юьхьIаьржа ца хIотто, вала а кийча а ву со».
В.В.Путина шен къамелашкахь масийттаза а билгалбаьхна дуьненаюкъарчу терроризмаца дIахьочу къийсамехь пачхьалкх дIахIотторехь, социально-экономикин инфраструктура меттахIотторехь баьхна бIаьрла кхиамаш. Россин Президент Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIуллакхаллин лаккхара мах хадош хилар гойту нохчийн тхьамдина деллачу Iедалан совгIаташа. Царна юккъахь бу Россин Турпалхочун Седа а.
2011-чу шеран ноябрехь В.В.Путина хиллачу шен цхьана цхьаьнакхетарх лаьцна дуьйцуш Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира: «Мехкан премьер-министра республикин куьйгаллин гIуллакхаллин лаккхара мах хадош хазар суна чIогIа тамбеш дара. ХIунда аьлча сан цхьаьннан хьуьнаран мах хадор дац иза, ткъа дерриге а халкъо Нохчийчоь меттахIоттош а, когахIоттош а бинчу вуно боккхачу белхан, церан хьуьнаран мах хадор ду. Суна тидам тIебахийта лаьа Владимир Владимировича гIолацаро а, иза сихха меттахIотторехь Iаламат доккха гIодина хиларна. ХьакхлагIаш дIаяьхна а, керла гIаланаш йина а ца Iаш тхо хьалхадевлла хьере хиллачуьра, тешна хиндолчух. Со тешна ву Нохчийн Республика герггарчу шерашкахь Россин уггаре а тоьллачу, хазачу регионех цхьаъ хилла дIахIуттург хиларх».
«Единая Россия политикин партин съездехь Медведев Дмитрийс Россин Президентан дарже кандидат вина Путин Владимир хьалхьататтар дог-ойла гIаттарца тIеийцира Кадыров Рамзана. Хаамийн гIирсийн векалшца шен хиллачу къамелехь цо билгалдаьккхира оцу сацамо Россин экономикин нуьцкъалалла кхидIа а чIагIъярна, политикехь синтем хилийтарна, дуьненахь Россин сий-ларам лакхабаккхарна гIуллакх дийриг хилар. Вайн республикин Куьйгалхочо элира: «Суна хетарехь, Медведев Дмитрийс а, Путин Владимира а чIогIа хьекъале гIуллакх дина. Со воккхаве вай цадезарчарна, нагахь иштанаш белахь а, цу шимма шаьшшинна юкъахь цхьана а тайпа гаморзахалла, цакхетар цахилар дIахаийтина хиларх, шаьш пачхьалкхан хьашташ шайн хьаштел лакхара лоруш хиларх дIагайтина хиларх, Россин дуьхьа дагахь йоццу гIулч яккха кийча хилар дIагайтина хиларх… Со тешна ву хинболчу харжамийн хьалхарчу турехь В.Путинехьа дукхах болчу харжамхоша кхаж тосург хиларх. Суна и тешам ло россихоша В.Путинан боккха сий-ларам беш хиларо. 2000-чу шеран юххехь цIий Iенош йолчу Россина коьрте хIоьттинчу В.Путинан ницкъ кхечира политикехь синтеме хьал кхолла, цуьнан дика цIе юхаерзо. Суна хетарехь, В.Путин куьйгаллехь волчу Россин кхане сийлахь а, зовкхе а хир ю».
В.Путин президент хиларо, Кадыров Рамзанна хетарехь, Россина таро ло сийлахь, нуьцкъала пачхьалкх хилла дIахIотта. «Шен политикин самонца, похIмица Путин Владимира Росси дуьненахь уггаре а нуьцкъала пачхьалкх йина дIахIоттор ю», – тешна ву Р.Кадыров. И санна волчу тхьамдин бен ницкъ кхочур бац къоман хьашташ баккъал а лардан, пачхьалкх кхиаран керлачу тIегIане хьалаяккха, халкъан Iер-дахар тодаран некъ бан.
Адамашкахь кханене тешам кхоллабелла
Шен къамелашкахь Кадыров Рамзана даима а билгалдоккху нохчийн лаьтта тIехь машар барехь, Нохчийчоьнан социально-экономикин дакъа меттахIотторехь, Россин цхьаалла ларъярехь В.Путина лелийна доккха маьIна.
2012-чу шеран мартехь Россин Федерацин Президентан харжамашкахь Путин Владимиран кандидатурин ша гIолоцуш хиларан хьокъехь динчу дIахьедарехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо элира: «Шен политикин синхаамаш а, пачхьалкхъярхочун похIма а хилар бахьана долуш Путин Владимира Россих дуьненахь уггаре а тоьлла пачхьалкх йийр ю. В.Путин санна волчу къоман баьччане кхочушъялур ю иштта Iалашо. Дагалацал аш 2000-чу шарахь Путин Владимир дуьххьара президент хIоьттинчу хенахь махкахь хилла долу хьал. Росси политикин а, экономикин а бохаман зилехь лаьтташ яра. Иза гIелъелла яра. Малхбузехь цунах кIезиг бешара. Иза цхьана а чоьта ца лорура. Путин бахьанехь голаш тIера хьалагIаьттира Росси. Иза цаезаш берш цо башийтира вайн махках, цунна хетарг дош хетийтира, цуьнан халкъийн хьаштийн сий-ларам байтира. ХIинца махкана хьалха хIиттийначу декхарша цецвоккху шен барамашца. Халкъан хьал-де тодарехьа а, пачхьалкх чIагIъярехьа а некъ бу юьхьарлаьцнарг. Со тешна ву 2012-чу шеран мартехьлерчу харжамашкахь Путин Владимира толам баккхарх мехкан политикин а, экономикин а, социальни а дакъошкахь баккхий хийцамаш хиларан юьхь хирг хиларх».
Кадыров Рамзана республикин бахархошца дIахьочу шен цхьаьнакхетаршкахь цаьрга доьхура «шен лаам гайта йиш йолчу дезачу дийнахь синтем а, къепе а хийлийтарехьа» кхаж тасар. ХIунда аьлча Нохчийчоьнан бахархойн жигаралло гойтур ду нохчийн юкъараллехь барт а, цхьаалла а хилар. Россин Президент харжар республикехь дIадахара харжамхоша шайгара йоккха жигаралла гойтуш. Президентан харжамашкахь дакъалецира 99,61 процент харжамхоша. Царах Путин Владимерехьа кхаж теснарг 99,76 процент вара.
Нохчийчохь дIабаьхьначу харжамийн жамIаш деш республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира В.Путина харжамашкахь тешам болуш толам баккхар – хила дезаш дерг дара. Регионехь кхаьжнаш тасаран жамIаша чIагIдо Нохчийн Республикехь долчу адамашна шайна динчу диканан мах хадо хууш хилар. Царна хаьа Россин куьйгаллехь хила хьакъ верг веккъа и цхьаъ воцург кхин кандидат цахилар.
2012-чу шеран 4-чу мартехь хиллачу харжамашкахь В.В.Путина толам баккхар шен толам, Россин дуккха а къаьмнийн халкъан толам санна тIеийцира Кадыров Рамзана. 2012-чу шеран 5-чу мартехь республикин бахархошка бинчу кхайкхамехь цо элира: «Россин Федерацин президентан харжамаш чекхбевлла къоман баьччас Путин Владимира тешам боллуш толам баккхарца. Махко цхьаъ бен боцу нийса харжам бина. Со тешна ву халкъо гайтина шен лаам сийлахь-йоккхачу пачхьалкхан керлачу баккхийчу кхиамийн юьхь хирг хиларх. Тешна ву халкъо зовкхехьа а, цIиндаларехьа а кхаж тесна хиларх. БIешерийн зилехь Путин Владимир мехкан куьйгалле хIоьттира иза Iина йистехь лаьтташ болуш. Хадам боллуш а, хьикмате а гIуллакхаш дарца пачхьалкхан цхьаалла ларъян, дуьненахь Росин сий-ларам лакхабаккха, мехкан экономикин а, политикин а таронаш дебо ницкъ кхечира цуьнан. И бахьанехь Росси нуьцкъала, сий-ларам хилла дIахIоьттира.
Оцу шерашкахь Владимир Владимирович бахархоша боккха ларам беш, бахархой шех чIогIа тешаш куьйгалхо хилла дIахIоьттира. Цунна къеггина тоьшалла дара президентан харжамийн жамIаш.
Путин Владимиран цIарца ду Нохчийчоь когахIоттар а, сиха кхиар а. Нохчийн халкъана уггаре а кхераме денош, уггаре а чолхе хенаш тIехIиттича Ахьмад-Хьаьжин гIолаьцнарг В.Путин вара. Цо гIолецира буьрсачу тIемаша йохийна республикин гIаланаш, ярташ меттахIитторехь. Россин къилбехь дуьненаюкъарчу терроризман декъашхой, вахабизман векалш хIаллакбарехь. Ницкъаш цхьаьна а тоьхна, цу шимма тIом гуттаренна а чекхбаьккхира, совцийра талораш.
Шен дуккха а бIешерийн исторехь тахана уггаре а сирла денош даьхкина нохчийн халкъана. Цундела нийса а, хила дезаш дерг санна а хета республикерчу харжамхоша Путин Владимирехьа кхаж тесна хилар. Вайна хьалха лаьтта чолхе а, жоьпалле а декхарш. Ян езаш ю цхьамогIа промышленни предприятеш, туристийн комплексаш, ницкъ ма-кхоччу лахбан беза белхазаллин барам, эзарнаш тIехдика говзанчаш кхион беза. И декхарш кхочушдарна оьшу дерриге а хьелаш кхоьллина.
Со тешна ву, Путин Владимир коьртехь а волуш, федеральни центро гIолацарца вай Нохчийн Республика Россин уггаре а синтемечу, экономикехь сиха кхуьучу регионех цхьаъ йина дIахIотториг хиларх.
Лараме бахархой, хьомсара махкахой!
Декъалдо шу Россин Федерацин президентан дарже вайн даймехкан хьакъ воллу кIант харжарца. Россин цIинъяларе а, зовкхе а кхачо хьуьнар долуш стаг ву иза. Путин Владимир санна доьналла, чIогIа амал, хьикмат долу стаг а, политик а коьртехь волу Россин Федерацин керлачу лакхенашка а, керлачу толамашка а кхочур ю.
Россин Федерацин дерриге а халкъаш ас кхойкху вайн къоман баьччанна гуонаха цхьаьнакхетаре, берриге а ницкъаш, ерриге а таронаш, тIаьхьалонаш вайн юкъарчу Даймехкан – Россин цхьаалла а, ницкъ чIагIбарна тIехьажоре».
Кадыров Рамзанан оцу кхайкхаман, даггара иза къобал беш, г1олецира Нохчийн дерриге а халкъо.
Д.АБДУРАХМАНОВН «Стаг а, оьмар а: Кадыров Рамзан Ахматович»
книги тIера
Зорбане кечйинарг – С.Дадаев