Терго йоцуш цхьа а бер дуьсур дац

Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу урхаллехь Берашна бакъонаш йовзарехь г1о даран Ерригроссин де т1екхачарца доьзна  г1уллакхаш дийцаре дарна лерина кхеташо дIаяьхьира.

 кхеташо

Республикин ерриге а районашкара берашна Iуналла даран органашкара, социальни а, лаккхарчу дешаран а заведенешкара, тайп-тайпанчу  министерствийн,  ведомствийн  векалш бара кхеташонехь дакъалоцуш.

2012-чу шарахь «Россин Федерацехь маьхза юридически гIодарх лаьцна» долу Федеральни закон кхочушдаран г1уллакхийн Правительствон комиссин сацамца «Буобераш а, ден-ненан Iуналла доцуш дисина бераш а лардаран декъехь пачхьалкхан политика кхочушъярехь цхьадолчу гIуллакхех лаьцна» долу Россин Президентан Указ кхочушдаран Iалашонца чIагIдина ду Берашна гIо даран де. 2013-чу шарахь дуьйна билгалдоккхуш ду иза. Оцу дийнахь г1о дан леринчарна юкъадог1у: буобераш, ден-ненан Iуналла доцуш дисина бераш, шайн доьзалехь кхио бер т1еэца лаам болу нах (уьш маьхза юридически гIо оьшуш белахь), заьIап бераш, церан дай-наной.

Россин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолу урхалла ю Берашна гIо даран де (20-г1а ноябрь) дIадахьарна жоьпаллехь ерг. Буобераш, заьIап бераш долчу ерриге а учрежденешка яхийта лерина шайн белхан тобанаш ю церан.

Россин Федерацин юстицин министерствон Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо Таймасханов Хайруллас билгалдаьккхира Берашна гIо даран дийнан коьрта Iалашо царна маьхза юридически гIодар хилар. «Вайн республикехь Берашна гIо даран денна лерина бечу белхан дикалла кхин а лакхаяккха, массо а районашкахь маьхза юридически гIо даран пункташ ян еза, чохь адвокат, нотариус, берашна Iуналла даран органийн а, къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствон а векалш болуш. И пункташ хIора районан Iуналла даран органийн, МФЦ-н учрежденешкахь хир ю», – дийцира цо.

Иштта кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу векалша цу денна лерина хаамаш бахархошна интернетехула бовзийтар, хан тоьхна болчу кхиазхошна маьхза юридически гIодар, студенташна юкъахь юридически гIо оьшучарна терго яр дийцаре дира.

Кхеташо ерзош, Берашна г1о даран денна лерина болх х1инца дуьйна д1аболо барт хилира цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначеран.

Хь.АВХАДОВА

Авторан сурт

 

№124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: