Билгалдаьккхира 46-чу бригадин 15 шо кхачар

Соьлжа-ГIалахь даздаран хьолехь билгалдаьккхира Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Чоьхьарчу эскарийн Г.Жуковн орден лелочу 46-чу оперативни хьаштийн къаьсттина йолчу бригадин (ОБрОН) 15 шо кхачар. Цигахь дакъалоцуш вара Россин пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийчоьнан МВД-н министран декхарш ханна кхочушдеш волу Алаудинов Апти, Россин МВД-н чоьхьарчу эскарийн Къилбаседа Кавказан эскарийн командующи Зубарев Евгений, кхиберш.

Даздарш дIадолочу юьххьехь Кадыров Ислама дIадийшира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар. Цу тIехь билгалдоккхура 46-чу бригадин б1аьхоша мохк ларбаран чолхе а, хала а декхарш кхиамца кхочушдеш хилар. «БIаьхаллин цхьа вежарий санна цхьаьна болх беш долчу вай регион цIанйина экстремизмах а, терроризмах а. Махкахь уггаре а кхерам боцу регион йина дIахIоттийна хIара. Оцу сийлахьчу некъа тIехь, мел халахеташ делахь а, эгна бригадин бIеннаш бIаьхой. Уьш, церан хьуьнарш  даима вайн иэсехь дуьсур ду. Хьомсара бIанакъостий, со воккхаве вайн Даймахкана гIаролехь шу санна майра бIаьхой лаьтташ хиларх. Со тешна ву тIейогIучу хенахь а аш вайн Даймехкан цхьаалла, кхерамазалла, бозуш цахилар кхиамца лардийриг хиларх», – яздина Р.Кадыровс шен декъалдаран дашехь.

Цул тIаьхьа 46-чу бригадин тоьллачу эскаргIуллакххошна совгIаташ дира Россин а, Нохчийчоьнан а Iедалийн совгIаташца, ткъа иштта Россин МВД-н мидалшца а, Сийлаллин грамоташца а.

Билгалдаккха деза ОБрОН-н бIаьхоша вайн республикехь тайп-тайпана декхарш кхочушдеш хилар. КПП-шкахь, заставашкахь гIарол дина ца Iаш, дIасайоьдуш йолу тIеман машенийн ковраш ларйо, дакъалоцу экстремисташний, террористашний дуьхьал дIахьочу лерринчу операцешкахь, дакъалоцу Нохчийчоьнан ярташкахь а, гIаланашкахь а юкъараллин къепе ларъярехь, Iедалан векалшна, бакъонашларъяран органийн белхахошна дуьхьал теракташ ца яйтарехь, кхечу гIуллакхашкахь.

Бригадин бIаьхаллин дакъоша кхиамца дIаяьхьна дуккха а леррина операцеш. Уьш дIахьочу хенахь схьа а лецна, хIаллак а бина бIеннаш террористаш а, экстремисташ а, схьадаьхна эзарнаш герзаш, патармаш.

Шайгара лаккхара корматалла гайтарна а, бIаьхаллин декхарш кхочушдарехь кхиамаш бахарна а ОБрОН-н 600 эскаргIуллакххочунна пачхьалкхан совгIаташ дина. Цхьанна Россин Турпалхо цIе тиллина. Орденашца совгIаташ дина I07 бIаьхочунна. Цул сов Россин Президентан В.Путинан указца бригадина Г.Жуковн орденца совгIат дина.

 

Д.АНАДЕВ

№124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: