Дерриге а халкъийн деза де

Селхана, 4-чу ноябрехь, вайн берриге а махкахь а санна, Нохчийчохь а даздира Россин халкъийн цхьааллин Де. Баккъал а дерриге а халкъийн деза де хилла дIахIоьттира иза. Республикин ерриге а районашкахь, гIаланашкахь дийнахь сарралц дIадаьхьира даздарш. Цигахь дакъалецира вайн регионехь дехачу дерриге а халкъийн векалша, тайп-тайпанчу къаьмнийн культурийн туьшийн декъашхоша.

   Коьрта даздарш Соьлжа-ГIалахь хилира. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу майданахь вовшахкхийтира министерствийн, ведомствийн, кегийрхойн юкъараллийн организацийн, боламийн декъашхой, хьеший. Церан самукъадоккхуш бара нохчийн эстрадин артисташ.

Россин халкъийн цхьааллин денца Нохчийчоьнан берриге а бахархой декъал а беш, оцу денна леринчу декъалдарехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира вайн республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас къоман политикина къаьсттина тидам тIебохуьйтуш хилла хилар. «Цо дIаяьхьна хьекъале политика бахьанехь эзар дакъа хилла дIасаекъаелла хилла юкъаралла цхьаъ хилла дIахIоьттира. Тахана Нохчийчуьра дерриге а халкъаш вежарий санна бертахь дехаш ду. Царна юкъахь цхьана а тайпа галморзахаллаш яц, цакхетарш дац», – чIагIдира Кадыров Рамзана.

Иза иштта хиларна бIаьрла тоьшалла дара оцу дийнахь тайп-тайпанчу халкъийн векалш цхьаьна а кхетта, вовшех марзо, ирс оьцуш хилар, оцу дийнах уьш берриге а цхьабосса баккхийбеш хилар, шайн даккхийдер вовшашца доькъуш хилар. Ирсе, екхаелла, елаелла яра массеран а яххьаш. Цул деза а, сийлахь а, мехала а хIун хир ду? Барт болчохь бен беркат ца хуьлу, беркат долчохь бен ирс ца хуьлу. И дерриге а тахана Нохчийчохь долуш ду. Цундела бара оцу даздаршка баьхкинарш сакъералуш а, самукъадаьлла а. Буьйса йоьлча а дIасабовла ца лууш, вайн коьртачу шахьаран исбаьхьаллах марзо оьцуш, гIалин урамашкахула дIасалелара бIеннаш бахархой. Даздарш шатлакхца дерзийра.

С.ХАМЗАТОВ

 №124, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 5-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: