Истори – суьрташкахь

   Нохчийн шуьйра бевзачу суьрташдахкархойх цхьаъ ву Идрисов Дадан. «СССР-н халкъийн художникаш» цIе йолчу биобиблиографически дошамна юкъа а яхана цунах лаьцна статья. Белхаш зорбане бийлина «Художник» журналехь, «Йоккхачу Советски энциклопедехь», «РСФСР-н автономни республикин гайтаман исбаьхьалла» альбомехь. 1971-чу шарахь дуьйна СССР-н художникийн союзан декъашхо а, 2004-чу шарахь дуьйна «Нохчийн Республикин хьакъволу художник» сийлаллин цIе лелош а ву.image29993636

   Идрисов Дадан вина 1943-чу шеран октябрь беттан 13-чу дийнахь Шелахь. Суьрташдахкаран говзалла караерзош, дешна Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу берийн исбаьхьаллин школехь, цул тIаьхьа Краснодарерчу исбаьхьаллин училищехь. 1968-чу шарахь РСФСР-н художникийн союзан Нохч-ГIалгIайн отделенехь дIаболабо кхоллараллин болх. Дуьххьара шуьйра вовзар деара Ставрополехь гайтаме хIоттийначу «КIентан кIанте дийцар» («Рассказ внуку») суьрто. Говзанчаша лаккхара мах хадийра цуьнан. Х1етахь дуьйна республикехь а, генна цуьнан дозанал арахьа а хиллачу гайтамашкахь хьовсархойн тидаме дехкина Даданан суьрташ: «Ленинградехь (1970 шо), Москвахь (1997, 1982, 2005, 2009-гIа шераш), Краснодарехь (2005 шо), Майкопехь (2006 шо), Францехь (2000 шо), иштта кхечу гIаланашкахь а, мехкашкахь а.SAMSUNG DIGITAL CAMERA

Коьртачу декъана художник вевза портретан пхьар санна. Хьовсархоша а, говзанчаша а шайна тIе тидам бахийтина ду Д.Идрисовс дехкина хIара портреташ: «Россин Турпалхо А.А.Кадыров», «Россин Турпалхо Р.А.Кадыров», «Дуьххьарлера трактористка Касумова Хьава», «Социалистически къинхьегаман Турпалхо Саидов Бауди», «Художник М.Эльдарханов», «Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеран Исакова Зина», «Реабилитированни», иштта кхин а. Цуьнца цхьаьна графикехь дехкина суьрташ а ду цуьнан («Окрестности Грозного», «Проводы джигита», «Грозный» строится»…). Гуш ма-хиллара, Нохчийчоьнан историна шатайпа иллюстрацеш хилла лаьтта Д.Идрисовн суьрташ.Пожилая женщина

Художникан дуккха а белхаш Нохч-ГIалгIайн гайтаман исбаьхьаллин музейхь ларбеш бара, амма 1994–1996-чуй шерашкахь Нохчийчу хьаьвзинчу тIеман цIергахь хIаллакьхилира уьш я, лар йоцуш, байра. Тахана цуьнан суьрташ Россин регионашкарчу, СНГ-н пачхьалкхашкарчу, ткъа иштта Данерчу, Хонкарарчу, США-чу музейшкахь, нехан шайн доларчу коллекцешкахь ду. Кхоллараллин  белхан лаккхара мах хадош, художникна совгIаташ дина Россин тIеман ветеранийн кхеташонан президиуман а, Россин художникийн союзан правленин а Сийлаллин грамоташца, тайп-тайпанчу гайтамийн дипломашца.

Идрисов Даданан суьрташ нохчийн гайтаман исбаьхьаллин хазна хилла лаьтта.

Хь.АБАЕВ 

 

№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: