Сирлачу ойланца

Бераллехь дуьйна зевнечу мукъамех самукъадолуш  яра  Садулаева  Амина.  Радиохь,  я  телевизор чохь  концерт  хилча,  йодий улле охьахуура иза, лерина ладогIа.  ТIаккха дукха  хан  ялале   и  эшарш юха локхура шена схьа ма  хаззара. Жимачохь дешнашна галъялахь  а,  цкъа  а  мукъамна гал ца йолура йоI.  Ткъа иза цуьнан Iаламат  сема лерса хиларан билгало  яра.  Ч1огIа  хазахетара цунна Айдамирова Марема,  Айдамирова Айманис,  тIаьхьо Межиева Маккас локху эшарш.  Цо къахьоьгура духарца,  леларца царах таръяла лууш.  Доьшуш Соьлжа-ГIаларчу  №7  йолчу гимназехь  яра  Амина.  Хьалхарчу классашкахь дуьйна  хаза  йиш локхуш хиларца билгал  яра. IMG-20151103-WA0077

   Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш цо школин ерриге  а  мероприятешкахь дакъалоцура.  Цул совнаха, гIалин  а,  республикин  а   дешархойн фестивалашкахь,  конкурсашкахь,  хьожийлашкахь жигара дакъалоцуш  яра  Сайдулаева  Амина. 2011-чу  шарахь  №7  йолу гимнази кхиамца чекхъяьккхина иза деша яхара Пятигорскерчу  Университете.  Кху саьхьарчу заманан лехамашна жоп лур долуш  ю  цо караерзо билгалъяьккхина говзалла.  Мененджер  хила дагахь  ю  йоI.  Делахь  а эшаршка  болу  безам дIа-м  ца баьлла цуьнан.  2012-чу  шарахь  «Нохчо»  цIе йолчу мехкарийн вокальни тобанна юкъайоьду иза,  йишлакхархочун корматалла мелла а говзаллин лакхарчу тIегIане ерзо лууш. Цигахь йоьIан  аз  тадеш, оза тIехь урхалла  дан  Iамош,  иштта сценин кхин йолу къайленаш йовзуьйтуш цуьнца болх бира Нохчийн Республикин халкъан артисткас Элебаева Таисас. Цундела дукха тамашийна ца хета Соьлжа-ГIаларчу культурин департаменто 2014-чу  шарахь дIаяьхьначу «Парад  голосов»  цIе йолчу проектан толамхо Сайдулаева  Амина  хилар.  ХIинца  «Столица»  цIе йолчу вокальни ансамблехь болх беш  ю иза. Хьовсархоша езаш тIеоьцу цо дIалокху эшарш. Де  дийне  мел  дели стамлуш схьайогIу цуьнан  репертуар  а.  Дукхахьолахь Дадашева Тамарас дешнаш яздина,  мукъам баьккхина эшарш  ю  Сайдулаева Аминас дIалокхурш.  Амма иза данне а дац йоьIан   репертуар  цхьана авторан кхолларалла тIехь хедаш  ю  бохург.  Цо эшарш нохчийн  а,  оьрсийн а  меттанашкахь локху.  Масала дешнаш,  мукъам   автор   Стадник  Елена  йолуш  «В  твоих  глазах»  цIе йолу йиш боккхачу кхиамца локху похIмечу артисткас.     Кегийрхоша мерза кхаъ хилла тIеэцна  и  музыкальни совгIат.   Иштта езаш тIеоьцу цуьнан беркате заза хецна йогIу ерриге а кхолларалла.  Халкъан  а,  мехкан  а  дуьхьа хьанал къахьегна йолчу сирлачу ойланца ехаш  ю  Сайдулаева  Амина.

 

А.АРАПХАНОВА

№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: