ХIора шарахь ноябрь беттан ворхIалгIачу дийнахь ша йина де билгалдоккху РСФСР-н хьакъйолчу артисткас Гичаева Раисас. Вайн махкахошна Iаламат дукхаезачу артистех цхьаъ ю иза. Хамидов Iабдуллас язйинчу «Бож-Iела» цIе йолчу пьеси тIехь изза цIе а йолуш театро хIоттийначу спектаклехь Маймин роль ловзоро дуьненна йовзийтина и похIме актриса. Бакъду, ролаш-м и йоцург а алссам ловзийна Гичаева Раисас нохчийн къоман драмтеатран сцени тIехь. Уьш ерриге а езаш тIеэцна хьовсархоша. 50 шо сов хан ю шен лаккхарчу говзаллица вайн дегнаш цо хьоьсту. 1962-чу шарахь Ленинградера театральни институт чекхъяьккхина еара иза театре балха. Цуьнан да а, нана а вайнехан театрехь болх бина актераш хилла. Церан лорах дIаяхна Раиса а. БIе гергга роль ловзийна цо, къоман театран сцени тIехь. Иштта-м актриса кинош чохь ролаш ловзо кхиъна. Къаьсттина гIараяьлла яра режиссера А.Сокуровс яьккхина «Александра» цIе йолу фильм. Нохчийн ненан васт кхуллуш яра вайн актриса цу фильмехь. Россехь а, Каннехь а хиллачу дуьненаюкъарчу кинофестивалехь лаккхара мах хадийра говзанчаша «Александра» фильман. Цхьана а кепара шеко хуьлийла доцуш Гичаева Раисин похIмин дакъа дара цу кхиамна юкъахь. Делахь а, вайна актрисас кхоьллинчу массо а вастал хьоме, деза ду цо кхоьллина самукъане Маймин васт. Халкъалахь дукха хьолахь «Майма» олу актрисех. 45 шо сов хан ю и роль актрисас кхиамца ловзайо. Амма, цкъа а кIорда-м ца йо иза вайна, похIмечу актрисин хьуьнар ду цунна «бехке». Цундела Гичаева Раиса йинчу дийнахь цIенчу даггара ала лаьа: Дала декъал йойла хьо! Хьайн дог мел лаьттачу дикане кхочийла хьо! Цкъа а, нур ца довш, массо а хенахь маьлхан зIаьнарех лепийла хьан беркате похIма! Дала латтайойла хьо тхуна дуккха а шерашкахь!
А.НОХЧАМАХКАХО
№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо