Иштта цIе йолу книга араелира нохчийн яздархочун Берсанова Залпаан 2014-чу шарахь. Амма цхьацца бахьанаш нислуш аьтто ца баьлла иза шуьйра йовзийта. Книгин дукхахболчу турпалхойн цIерш вайн махкахь дикка евзаш елахь а, царех лаьцна цхьана хьостанера хаа йиш ца хиллера хIинццалц.
Залпаъ историн Iилманийн кандидат ю. Нохчийн юкъараллех, вайнехан культурех боьзна бу цуьнан 1илманан белхаш. Яздархо санна цо ша йовзийтира 2000-чу шарахь. Цо язйина прозин произведенеш: «Эцна ирс», «Аса лаьмнаш хоржу», «ЦIа боьду некъ» говзарш.
Ткъа «Iилманчийн дахар» книга документальни очеркех лаьтта. Цу юкъа яхана вайн махкахь дикка бевзаш болчу Iилманчех: Дешериев Юнусах, Индербиев Мохьмадах, Вагапов Якъубах, Видзижев Г1ебартах, иштта дIа кхечарех а йолу очеркаш. Яздархочо бовзуьйту церан кхолламаш, кхиамаш. Масала, нохчийн дуьххьарлера дошам кечйина волчу Мациев Ахьмада 15 шо хан текхна набахтешкахь. Саламов Iaбдулхьалим а къиза хьийзийна чекисташа. Амма цуьнан ницкъ кхаьчна вайнахана а, Iилманан институтана а боккха пайда бан. Оздарбиев Майради, уггаре а луьрачу хенахь Москвара юхавирзина Даймахка, Нохчийн пачхьалкхан университетехь экономикин факультет а йиллина.
«Цу книгин турпалхой говза Iилманчаш хилла ца Iаш, дуьненан меха къонахий а хилла. Церан къинхьегамах пайдабаьлла дуьненна а. Ткъа суна гайта лиънарг а, довзийта лиънарг а вайн къоман интеллигенцин хааршца цхьаьна, церан доьналла а, церан дахар а дара.» – боху автора.
Вайн къоман иэсехь виса веза нохчийн топоними язйина волу Сулейманов Ахьмад а, Хьайбахара бахархой багор дуьненна а д1адовзийтина волу Мальсагов Зиявди а, кхиболу а, шен хенахь Алиев Г1апура ма-аллара, «заманна дуьхьал куьг лоьцуш» баьхна къонахий.
Акаева Хутмат
№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо