Казанера – кхиамашца

   Казань гIалахь (ГIезалойн Республика) дIаяьхьира доьхкаршца латаран Россин чемпионат. Цигахь дакъалоцуш бара Россин регионашкара, гIаланашкара,цу юкъахь: Москвара, Санкт-Петербургера, Краснодарский крайра, Ставропольский крайра, ГIебартойн-Балкхаройн, Кхарачойн-Чергазийн, ГIалмакхойн, Дагестан, Къилбаседа-ХIирийн, ГIалгIайн республикашкара спортсменаш.

     Вайн республикера цигахь дакъалоцуш вара 11 спортсмен. Къийсадаларш дIадаьхьира 9 дийнахь. Хьалхара меттиг яьккхира вайн республикерчу Атаев Мохьмада (86 кг) – РДЮСШ, (тренер Гучигов Апти). КхоалгIа меттиг – Сагалов Дамана (62 кг) – РДЮСШ, Эльмурзаев Мансура (100 кг) – ДЮСШ №1 Ленински район (тренер Мучураев Нурди).

Оцу чемпионатехь дакъалоцуш хиллачу, шайгахь лаккхара спортан говзалла йолчу спортсменашна юкъахь вайн кегийрхоша иштта дика кхиамаш бахар доьзна ду, уьш Iамош йолчу РДЮСШ-н директорх  Гучигов Аптих, иштта зеделларг долчу тренерех а.

З.ШИШХАНОВА

№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: