Тхан йоьIан «комплексаш» ю

ГIиллакх-оьздангаллах лаьцна хаддаза дуьйцуш ду вайн республикин маьждигашкахь, теле-радион передачашкахь, газетийн агIонашкахь. Дуьйцу, амма хезначух пайда эцна хилар кIезиг го вайн юкъараллехь лелош долчу гIиллакхашка хьаьжча. Ас ца боху массо а хIума вуон а, ледара а ду. Амма нохчийн махкахь нохчий шайн къоман гIиллакхех боьхна меттиг гича кхидIа долчу диканаша ца хьоьсту дог-бIаьрг. musulmanka007_b-2

    Уггаре а ца товш долчу хIуманех ду транспорт чохь, урам-новкъахь, базарахь, ловзаргахь кегийрхошна лела цахаар. Иза церан духаран кепа тIера долалуш ду. Зудаберийн а, божаберийн а духарш оьзда хила деза аьлча, зудабераша шайна тIе ехха кучамаш йоьхна, амма лаьттах а текхаш ехха. Оцу кучамийн яххашца некъаш, автобусан, «газелан» ламеш цIандеш лела.Ченах дуьзна хуьлу церан духар. Юха, сарахь, шайн чу маса миллиард микроб хьо техьа цара?…

Божабераш а дац нохчийн къоман оьздангаллица догIуш кечлуш. Европехь бу церан юкъаралло а, Iедало а, килсаша а емал а ца беш, «толерантность», «демократи» бохучу кхетамийн тIома кIел хIиттина лелаш цхьа нах. Стаг стаг воцуш я зуда зуда а йоцуш бу и нах. Зудчух тарвелла стаг а лела, божарех таръелла зуда а лела. Божарий шайна тIе гаттий духарш, кога цIен мачаш юхий лела. Цунах «голливудан» мода аьлла. Ткъа иза хIун ду, оцу духаран хIун маьIна ду, и духарш муьлхачу кепарчу божарша лелош ду ца хуучу нохчийн оьздачу, ширачу юьртара, кIотарара, вийца шен ворхI да а волчу  жимачу стага тIедуху. Европехь я Iамаркахь эхь а дацара стагана ша стаг воций хаийтича, ткъа нохчаша хIун леладо те?

Нохчийн йоI оьзда а, эсала а, гIиллакхе а бен хуьлийла а дарий 20–30 шо хьалха? Экама, цIена, эхье хила ма-деззара зудаберийн цIарах мел йолу ойла.

«ДIаяккхалахь дIа! «Оьзда яц», «Дала ларвойла иза тIейоьрзучух, иза керта йогIучух» – иштта вуониг шен цIарах ца алийта мел сема, оьзда хила езара нохчийн йоI! Оьзда верг даима а хуьлу оьзда, зама а, мода а хийцаяларх. Божабераш аьрха а, эхь доцуш а хиларх дIадоьллера вай, амма зудабер тIех эхь доцуш хилар ирча ду.

Бос цIелуш долу зудабер суна газа 20 шо хан ю. Ма къелла ю иза. Бахьана хIун ду? ХIинцалерчу наноша шайн зудаберашна эхь ца хета Iамор хилар ду. Шен йоI эхь хеташ елахь цунах къа хеташ хуьлу нана. «Тхан йоьIан комплексаш ю» – олий «сакхт» билгалдо нанас. «Эхь хеташ ю-кх массарех а, догIучохь догIург эр долуш а яц. Ас ма хила боху-кх иштта. Цхьа жимма«живой» хила еза. Эхь хетахь нахана атта хетар ю» – иштта хьехам бо цхьайолчу нанас шен йоI деша я балха яха новкъа йоккхуш.

ЙоI оьзда а, эхье а хиларан цIе «комплекс» хилла еа хIара зама. Вай олу вайн бераш заманах тера ду. Дац дера заманах тера-м. Вайн бераш вайх тера ду, дай-нанойх тера. Ловзаргахь нана шен йоIана уллехь а лаьтташ, нахе шен йоI хелхаяккха бохуш хилча, нана уллехь а йолуш кIанта бегаш бан мегаш а хилча царех уггаре а хьалха эхь дайнарг йоI ма яц, нана ю. Вайн школийн лакхарчу классашкарчу зудаберашка хьаьжча а гур ю вайн къоман кханенан юьхь-сибат. Школе деша воьдура хьалха, хIинца нанас йоI кечъяла а, маре лаха а йохуьйтуш санна хетало. «Школе дашо, бриллиантан хIумнаш ма лелаяйтахьара аш. Школехь долчу берашна пудар-басар а ца оьшура!» – аьлла хьехархочо дов дина, бехк баьккхича «Ас кхин мича йохуьйтур ю иза кечъелла?!», – олуш нана хилча, хьехархочо хIун дийр ду? Цо гойту оцу нанойн культурин, оьздангаллин, кхетаман тIегIа. ТIеман хенахь ца дешна наной хIинца сериалашка хьоьжуш а, WhatsApp кегош а Iа. Хьехархо а дош ца хета Iамийна вай бераш. Хьехархочо хIара алахь ахь иза дуьхьал алалахь, хьайна тохахь дуьхьал тохалахь. Хьайн вала да вуй хаийталахь – бохуш, эхь ца хета Iамош бу доьзал. Цундела хьехархой лоруш бац. Школин собране кхайкхича 30 беран дай-нанойх 5 я 6 бен вогIуш а ца хуьлу. Цундела ца кхоьрруш боху ас: вайн бераш вайх тера ду.

Цхьаболчу дай-наношна моьтту тIе механа деза барзакъ а, кара тIаьххьара юкъа яьллачух телефон а, кисана ахча а диллича шайна тIера декхар, дукъ дIадолу. Ца долу. Мелхо а кхиош верг я ша-шена а, я шайна а, я юкъараллина а пайдехь воцу мерза мостагI ву. Цул сов, мукъалло хьере дина вай. ЭгIаштарчу дешначу стага, Iумар яра цуьнан цIе, ас хIинца дехха дийцинарг дукха дика, доцца элира: «ХIара муха галделира бохий ахь?.. Цкъа уггаре а хьалха эхь дIадаьккхира… Цул тIаьхьа цхьа а хIума а новкъа а ца деара». Дан а ду иза иштта. Тахана хьарам бахам гулбар а эхь дац, хьалдолчо мисканиг рицкъанах хьегавар а эхь дац, бусалба стаг кхечунна тIаьхьашха лер а эхь дац, сагIа дехар а эхь дац, стагна стаг вац алар а эхь дац, жимачо воккханиг цаларар а эхь дац, доьзална нохчийн мотт цахаар а эхь дац, генна махка а вахана шен къомах, махках ца вешаш, царна луьйш, хийра нах шех кхардор а эхь дац, шен доьзална хьарам кхача баор а эхь дац, къанвеллачо урам-новкъахь догIучу зудабере бегаш бар а эхь дац, гергара мисканиг дIатасар а эхь дац. Цундела бахамах, рицкъанах дуьне Iана дахна долуш ирсе а, синтеме а дац вайн дегнаш. Cиха едда йоьдуш зама а ю. Иза ца тоьа шайна бохуш, цецвуьйлуш ву массо а. Хета а хета оршот денна тIаьххье догIург пIераскан де ду. ДIа мел яханчу заманашна доьлхуш йогIур ю боху тIаьххьара зама. Дала диканиг дийр ду. Амма лаьара вайн наноша шайн зудаберашка «ХIара мегар дац», «Иза оьзда хир ду, хIара ма алалахь эхь ду хьуна» – бохуш, мегарг а ца мегарг а, оьзда дерг а доцург а Iамош, доьзалан гуонехь иза дуьйцуш хуьлийла. Эхь хеташ хилар дуьненахь а, эхартахь а товш хир ду вайна.

 

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА 

№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: