Иза деза г1уллакх хилар ч1аг1до зорбане даьллачу жайни т1ехь
Х1инцачул 12 шо хьалха, 2003-чу шарахь, Эр-Риядехь 1аьрбийн маттахь арадаьлла муьлххачу заманахь а мехала хила хьакъ долу жайна. Жайна хIоттийнарш бу – IабдуллахI бин Насир, бин IабдуллахI Ас-Садхьан. «Буоберан доладаран дозалла» ц1е йолу и жайна нохчийн матте гочдина Гуьмсерчу 1еламстага Магомедов Сулиман-Хьаьжас. Цунна а, жайнин авторшна а Дела реза хуьлда! Оцу жайнин чулацамах лаьцна доцца довзийта лаьа.
Жайни т1ехь дуккха а делилийн буха т1ехь гайтина, бусалба дино буобер кхабарна боккха тидам тIебахийтина хилар. И тидам тIебахийтина буобер кхабарна а, и Iалашдарна а, цуьнца йолу юкъаметтиг ларъярна а, цуьнан дахар ирсечу новкъахь хилийтарна а. «Бусалба нахана пайден а волуш, оьзда стаг хир ву цунах тIаккха», – боху авторша.
Жайни т1ехь яздо: «Сийлахьчу Къуръана чохь 23 аят деана буобер Iалашдарна а, цуьнан терго ярна а тIехь сутара веш. Веза-Сийлахьчу Дала буоберийн даьхни ларде, вочу агIор оцу тIе ма кхийда аьлла, омра даре терра, Цо чIагIо йо, цунна т1екховдар даккхийчу къинойх дуйла а, и бахьана долуш чIогIа Iазап хир дуйла а хоуьйтуш».
Буоберан хьокъехь диссийначу аятийн бухехь билгалбаьхна оцу декъехь бан беза белхаш: 1) Буоберана бохам цахилийтар; 2) цунна дика болх бар, цуьнан дохнна пайда тIебохьуш долу хIума лахар; 3) цуьнца йогIуш йолу дика зуда цунна ялор; 4) цунна дика болх барна тIехь сутара хилар; 5) шен агIонгахьара цуьнца йолу юкъаметтиг ларъяр.
Дуккха а масалш далош, авторша билгалдаьккхина, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхиболчу нахал къинхетаме а, буоберех дог лозуш а хилла хилар. Буоберан доладарехь сутара веш Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «Со а, буоберан доладийриг а Ялсаманехь иштта хир ву» (Цо шен хьажон, юккъера а пIелгашца ишар йира, и шиъ кIезиг хера баьккхина хилла).
Жайни т1ехь билгалбина буоберийн доладарехь болу пайданаш:
1) бусалба стага буоберан доладаро Ялсаманехь Делан Элчанна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лулахь хиларе вуьгу.
2) Буоберан доладар, иза кхабар а, кхиадар а, цуьнан Iуналла дар а тIедоьгIна ду хаза долчу гIиллакхна, цIена болчу кхолламна, къинхетаме долчу дагна.
3) Буоберан доладар, цуьнан коьртах куьг хьакхар, цуьнан ойла хазъяр дог кIаддеш ду, цуьнан дакъадалар дIадоккхуш ду.
4) Буоберан доладаро тIедохьу дуьненан дахарехь доккха дика, йоккха сийлалла, Эхартахь дерг ца хьехийча а.
5) Буоберан доладаро жигарадоккху хьагI лацарх, адам цадезарх ша дIацIанъелла йолуш, шен коьрта Iалашо адам вовшийн дезаш, оьшуш хилар долу цIена юкъаралла кхоллар.
6) Буоберан сий дарехь, цуьнан гIуллакхе хьажарехь, и Iалашдарехь, цуьнан Iуналла дарехь, и кхабарехь сийлалла ю, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) буоберан хьокъехь дийцинарг кхочушдеш цо къахьегарна. Оцу балхаца Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) везаран билгало ю.
7) Буоберан доладаро бусалба стеган даьхни алсамдоккху, цIан а до, оцу даьхнех бусалба стагана дика накъост а во цо.
8) Буоберан доладар – хастамечу гIиллакхех ду, бусалба дино тIелаьцна а, уьш шегахь дерг хастош а долуш.
9) Буоберан доладарехь доккха беркат ду, буобер кхобуш волчунна хьанала долуш, иза рицкъанехь сов а воккхуш.
10) Буоберан доладаро и шен чохь долчу хIусамах дика хIусам йо, Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ма-аллара: «Бусалба нехан хIусамех дика хIусам ю шена чохь буобер дерг, цуьнга хьажар дика а долуш».
11) Буоберан доладарехь хьан тIаьхье ларъяр ду, хьо веллачул тIаьхьа хьох дисинчу байшна кхиболчара дика болх бар а ду.
Жайни т1ехь леррина билгалдаьхна буоберан доладар тIелаьцначун декхарш – шен хIусамехь буоберан доладар бахьанехь АллахIа шена дика динчо лардан дезарш. Ткъа вайх х1оранга ойла йойтур йолуш бу жайна дерзош авторша балийна хьехам-кхайкхам:
«Тахана (шел тIаьхьа буьсур болуш шен кегий доьзалш болуш) буоберан доладеш верг – шена белхи беш ву. Цо шен боцчу доьзалшца лелийна болу некъ цуьнан кегий доьзалшца а лелор бу. Шайн куьйга кIелахь долчу буоберашка хьовсийла уьш, шайл тIаьхьа буьсур болчу кегий доьзалшка кхиберш хьовса шайна луур хиларе терра. Тахана буобераца хьо дика хиларе терра, кхана хьан байшца а дика хир бу. Ахь динчун бекхам хир бу хьуна. Ахь динарг дика хIума делахь, диканна дуьхьал дика хир ду хьуна, дIадолийнарг сийлахь а ву. Ахь динарг вуон хIума делахь, вуонна дуьхьал вониг хир ду хьуна, дIадолийнарг сийсаз а ву.
Буоберийн доладарехь, цаьрга хьажарехь долу декхар бусалба динна юкъадогIуш долу дела, цо вай сутара до бусалба юкъаралла кхолларна тIехь, вовшашна гIо а деш, цхьаберш кхечеран гIуллакхе а хьожуш хилийта. Шеко яц, хIай сан бусалба ваша, баккъал а, АллахIа хьуна доккха дика дина, буобер кхабар ахь хьайна тIелаьцнехь. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ялсаманехь хьох шен лулахо ван тIелаьцна, буобер кхабаран бехкамаш ахь кхочушбича. Уггаре а коьрта бехкам – Веза-Сийлахьчу АллахIан дуьхьа ахь и буобер кхабар ду, цуьнца кIеда-мерза а хуьлуш, АллахIан омра лар а деш».
А. ГАЙТУКАЕВ
№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо