Къинхетаме Румани

Дуккха а бу нохчашлахь къа а хьоьгуш, шайх дика дош ала хьакъ болу зударий. Ишттачарех цхьаъ ю Веданан районерчу ЦIе-Веданара Атабаева Румани.Къинхетаме Румани

    Боккхачу доьзалехь кхиъна ю иза. Цуьнан 8 йиша а, цхьа ваша а хилла. Кегий бара уьш, церан да-нана кхелхинчу хенахь. Доьзало дукха хала лайра хилларг. Румани 5 шо долуш яра цуьнан да кхелхинчу хенахь. Ткъа цуьнан жимахйолу йиша – 2 шо а кхачаза. Да кхелхинчул тIаьхьа, кхин 3 шо даьлча, доьзалан нана а бакъдуьнене йирзира. Миска буобераш цхьалха дисира. Руманин йоккхахйолчу йишас (цуьнан 27 шо дара хIетахь) кхиийра шен йижарий а, шен ваша а. Иштта, хала а, атта а хене бовлуш, хьалакхиира доьзал.  Делахь а, дас-нанас санна дола а деш, церан дог хьостуш, берийн терго йора йишас. Хан-зама а елира… Делан гIоьнца хьалакхиира доьзал. ХIоранна а дахарехь шен некъ а карийра. Да-нана дацара аьлла, хIумма а харцахьарчу  новкъа ца бевлира уьш. Оьздангалла, гIиллакх  шайца долуш бу.

Руманис шен 19 шо кхочучу хенахь доьзал кхоьллира. ЭгIаштахь яха хиира иза. Бежана а, котам а лелош, кертара гIуллакх дан а хууш, лулахоша «дика зуда» ю аьлла бен цIе ца йоккхура цуьнан. Руманигахь уггаре а дикахеташ ду, цо тIех хазахетарца хьеший тIеоьцуш хилар. Даима аьлча санна хьеший хуьлу цаьргахь. Жимачохь шаьш мел лайнарг даима цуьнан иэсехь ду. Цундела, Дала шена схьаделлачу баьпган цастаран хама а, пусар а до цо. Комаьрша  ю иза. Шен лулахочунна гIо эшна меттиг нислахь, шен дан гIо а долуш, лулахо дIа а ца вохуьйту цо. Олуш ду-кх: «Гергарчу стагел а уллера ву лулахо». Цундела шен чуьра нах санна дукха а беза цунна, лара а лору цо шен лулахой. Цхьа масал дало луур дара. Цхьана буьйсанна церан лулахо могаш йоцуш хиллера. Цу буьйсанна церан цIахь гергарчех цхьа а ца хилла. Цхьа гIуллакх а хилла, церан керта яханчу Руманина хиъна оцу зудчуьнгахь вуон хьал дуйла. Оцу минотехь дIаса а едда, машен а ялийна и зуда больнице йигина цо. Цунна оьшучуьнга хьожуш, лоьре цуьнгара хьал хоттуш, цигара цIа а ца йоьдуш цигахь хан яьккхира Руманис.

Яхь а, собар а долуш адам ду Румани.

Ша санна оьзда а, нохчалла йолуш а шен доьзал а кхиош бу цо. Цуьнан 5 йоI а, цхьа кIант а ву. Йоккхахйолу йоI бедарш тега Iаморан училищехь доьшуш ю, шолгIаниг – шайн юьртарчу Культурин цIийнахь эшарш лакха Iемаш ю. Мехкарийн хоран тобана юкъахь. Районан а, республикин а конкурсашкахь дакъа а лоцуш, толаман а, совгIатан а меттигаш йоху цо. КхозлагIниг школехь доьшуш ю. Руманина хаьа, дешна ца хилча дахарехь шен некъ лаха хала хир дуйла. Цундела, шен доьзалшка дешийта г1ерта иза. Урокаш йиначул тIаьхьа, книгаш йоьшуьйту цо цаьрга.

Да-нана уллехь а доцуш дIаяхна Руманин бералла… ХIора дийнахь б1аьргашна хьалха лаьтта цунна бераллера сурт… Цунна хир ду-кх Румани адамаш дезаш а, массаьрца къинхетаме а хилар.

 

Новрзукаева Мадина,

Шелан районерчу ЭгIаштара яхархо 

Авторан суьрта тIехь: Атабаева Румани

№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: