Нохчийн дегнаш дохдина хаьштиган цIаро

IMG_3672[1]

Нохчийчоьнан  халкъо шега сатийсина   Сочехь дIахьон  долчу  Iаьнан ХХII-чу Олимпиадин ловзарийн цIеран хаьштиг  Соьлжа-ГIала  кхечира  28-чу  январехь. Iуьйранна садаржале  дикка  хьалха  вайн  республикин  ерриге а районашкара бIеннаш, эзарнаш  адамаш  шайн а, пачхьалкхан а  машенашкахь  Нохчийн Республикин пачхьене схьаоьхуш бара. СоьлжагIалахой а бацара царел тIаьхьа   буьсуш. ЦIеран  хаьштиг  дIахьон  долчу  некъашца  дIахIуьттура   уьш, цхьаберш  Кадыров  Ахьмад-Хьаьжин  цIарах  йолчу  «Ахмат-арена»  стадионе  боьлхура. Уьш  берриге а цхьана  доккхачу дезачу  дийне  баьхкинера.

«Сочи-20I4» Олимпиадин  ловзарийн цIеран эстафетан  хаьштиг  лерринчу  рейсаца  Кхарачойн-Чергазийчуьра кеманца Соьлжа-ГIала схьакхачийра. «Грозный»  аэропортехь  дерригдуьненан Ловзарийн  коьрта  рамза  (символ)  даздаран  хьолехь  тIеийцира. Аэропортан  кертахь  леррина   подиум  йира  Олимпиадин  цIеран  кад  хьалалато. Кхузахь  гулбеллачарна  хьалха  къамел дира  Нохчийн Республикин  Куьйгалхочо  Кадыров Рамзана, Россин  Пачхьалкхан  Думин  депутата Делимханов Адама,  Нохчийчоьнан  Правительствон   Председателан  хьалхарчу  заместитела  Тумхаджиев Iийсас, республикин  Куьйгалхочун а, Правительствон  а  Администрацин  куьйгалхочо Даудов Мохьмада,  кхечара.

– ХIара  вайн берриге а  махкана  а  Iаламат  доккха   маьIна  долуш  хилам  бу.  Нохчийн Республикехь  тахана   дуьххьара   тIеоьцуш  ю Олимпиадин  цIеран  эстафета. Вайна   цкъа а дицлур  дац хIара  де, – элира  Кадыров Рамзана.

Олимпиадин  цIеран  хаьштиган  эстафетан  юьхь  дIайолийра  Олимпиадин  ловзарийн   кхузза  чемпион  хилла  волчу  Сайтиев Бувайсара. Цул тIаьхьа  кхин  а 81  стага   дIадаьхьира  цIеран  хаьштиг.  Эстафетан  некъийн  йохалла  16,4  километр  яра. Иза дIахьочу некъашца  дIахIоьттинарг, оцу   даздаре  хьожуш  верг   мел лахара а кхузткъе итт  эзар  стаг  хир вара. Хьалххе билгалйинчу  маршрутаца  Олимпиадин  цIеран  хаьштиг «Ахмат-Арена»  стадионе дIакхачийра. Iаж охьабожа  меттиг  йоцуш юьзна   яра   трибунаш. Леррина оцу  денна   йинчу  сцени тIехь  шайн  говзалла  гойтуш   вайн  артисташ  бара.

Баккъал а, спортан а, доттагIалла, уьйр-марзо  чIагIъяран  а деза  де  хилла  дIахІоьттира  Нохчийчоьнан бахархошна Сочехь  дIахьон долчу Олимпиадин  ловзарийн   цIеран  эстафета дIаяхьар. Де  шийла, кхоьлина  деана  хиллехь а массеран  яххьаш  елаелла, екхаелла яра Нохчийн дегнаш  дохдинера  хаьштиган  цІаро. Массо а, шеко  йоццуш, кхаъ хилла  вара  вайн республикехь  эстафета  дIаяхьаран  теш хила  шайн  аьтто  баларна.

Эстафета  чекхъяьллачул тIаьхьа   а дIасабаха сих ца луш  шайн  дегахьаамаш  вовшашна  бовзуьйтуш  бехха  лаьттира  нах. Оцу  хенахь къевлина  яра  некъаца   йолу  туьканаш, кафеш, аптекаш, кхийолу  учрежденеш. Ур-аттала   махлелоран  «Беркат»  марказан   кевнаш а дара  къевлина.

Шайгара  само,  гIиллакх, собар  гойтуш лаьтташ  хиллачу   бакъонашларъяран  органийн белхахоша   дина  гIуллакхаш а  дара   вайн  кхане  зовкъе, ирсе  хирг хиларан  тешам  чIагIбеш.

Д.АНАДЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: