Талламан органаша лецна МГУ-н студенткица Караулова Варварица з1е таса г1иртина аьлла хеташ болу «Исламан пачхьалкхан» хьадалчаш (вербовщикаш) бу аьлла хеташ берш, – хаамбира кху деношкахь йоь1ан хьашташ лардеш волчу адвоката Карабанов Александра.
– Соьгахь болчу хаамашца, уьш лецна Нохчийн Республикехь (делахь-х1ета, уьш нохчий бу, бакъду, т1аьхьо гучу-м дер ду лецна бохурш билггал муьлхачу къомах хилла). Караулова Талламан комитете кхайкхинера Нохчийчохь толлуш долчу хьадалачашна дуьхьал долийначу уголовни г1уллакхехула цуьнга хаамаш байта.
Де-буьйса хан юкъа ца юлуьйтуш Нохчийн Республикин МВД-хь д1ахьедира адвоката деш долу ч1аг1дарш бух боцуш хиларан хьокъехь. «Караулова шайна т1еерзо 1алашо хилларш Нохчийчохь лецна хиларх болу хаам гучу ма-белли таллам д1абаьхьира. Амма цхьана а отдело, я декъо лецна дац оцу г1уллакхца доьзна долу адамаш», – шен дош элира ведомствон куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Алавдинов Аптис. Инарлас ч1аг1дарехь, оцу г1уллакхах лаьцна хууш цхьа а тайпа х1ума дац регионехь болх беш йолчу нуьцкъаллин кхечу органашна а. Цундела ларамаза дац А.Алавдиновс х1оттийна хаттар: Стенна т1едоьг1на дара адвоката Карабановс иштта хаамаш бар? Терроризмана а, «Иблисан пачхьалкхан» ойланаш яржарна а дуьхьал Нохчийчоьнан бакъонаш ларъяран органаша д1ахьош болу жигара болх махкахь хьовха, дозанал арахьа а дика бевзаш хилча-м муххале а.
Цуьнца доьзна билгалдаьккхича нийса хир ду аьлла хета: х1уъу дина а цхьа 1оттар ца йича, Нохчийчохь деш дерг шеконе ца х1оттийча 1алуш бац х1инца а вайна «диканиг» хуьлийла лууш берш. Царна доккха дозалла хета ур-аттал шеконан зирх таса а шайна таро ялар. Лакхахь далийначу бакъдолчара гойту Карауловах мас-малик дан г1ерташ волу адвокат а церан мог1арехь хилар. Цунна а, и санна болчарна а ган ца лаьа вайн махкахь т1аьхьарчу хенахь нохчашца доьзна цхьа а х1ума доцуш болу иттаннашкахь иблисан г1оьнчий лоьцуш хилар (масална билгалдоккхур вай, шуьйрачу хаамийн электронни г1ирсаша х1окху деношкахь хаам бира Москва г1алахь церан йоккха тоба лаьцна хиларан хьокъехь), Россера а, СНГ-н пачхьалкхашкара а д1аихначу кегийчу нахах вовшахкхетта, нуьцкъаллин органаша ч1аг1деш ма-хиллара, ИГИЛ-н иттех тоба Шемахь а, Иракехь а жигара г1уллакхаш деш хилар.
Къера ву, йолуш ю царна юкъахь нохчийн къомах схьаевлла, шайн къомах а, махках а евлла йовссарш а. Амма бац Карабановна ма-хеттара шайн дай, гергарнаш бехачу лаьтта т1ехь маьрша ког баккха таро а йолуш-м. Иза дика хаьа кхул хьалха а «ц1а» а баьхкина, шайн ямарта г1уллакхаш лело г1иртинчарна. Цхьа а ца ваьлла царах хьакъ доллучу та1зарх. Вер а вац. Х1унда аьлча нохчийн халкъан синтемана тешаме г1арол хилла лаьтта вайн республикера бакъонаш ларъяран органаш. И г1уллакх хаддазчу шен тергонехь латтош ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цунна къеггина долу тоьшалла хилира регионан чоьхьарчу г1уллакхийн министерствехь дукха хан йоццуш цо дакъалацар а, бина кхайкхам а. Вай кхин цкъа а тийшира терроризмаца, шайн мохк, шайн хиндерг доьхкина «Иблисан пачхьалкхе» даханчу иблисашца латтош болу машаре боцу къийсам т1ейог1учу хенахь а кхин а ч1аг1беш д1ахьуриг хиларх. Иза дагалаьцча нийса хир дара Карабановс нохчех хьакхалуш долу д1ахьедарш ша дечу хенахь.
Соьга хаьттича, иштта бух боцу д1ахьедарш дечул Карабановна г1олехь хир дара шена тешам белларг билггал мила ю хьаьжча. Тайп-тайпанчу хьостанаша ч1аг1дарехь, адвокат гайта ма-г1ерттара, «мас-малик» а цахиллера Караулова. Хьовсал шу шаьш! МГУ-н шолг1ачу курсан студенткас алссам тидам т1ебохуьйтура исламана а, 1аьрбийн маттана а. Дений-нанний ца хоуьйтуш къайллах дозанал арахьа яха таро луш долу паспорт а даккхийтина, 27-чу майхь Стамбуле яхара иза. Ткъа 4-чу июнехь Хонкаран–Шемин дозанехь лецира 14 стагах лаьтташ йолчу Россин гражданийн тобанца цхьаьна. Дукха хан ялале Интерполан белхахойн а, Хонкаран миграционни службин а г1оьнца Москва юхайирзира.
Хеталора, йоь1ан дахар шен хорша доьрзур ду. Иза аьттехьа а ца хиллера. Цул т1аьхьа еанчу хено гайтира Караулова шен 1алашонна т1ера юхаяла дагахь а хилла цахилар. Оцу хенахь ИГИЛ-н мог1аршка адамаш юкъаозо иза г1ерташ хиларх шеко а кхоллаелла, ФСБ-н белхахоша лецира иза, РФ-н УК-н 30-чу а, 205-чу а статьяшна (терроризман г1уллакхаш дарна кечамбар) т1едоьг1на бехке а лоруш. Бакъду, х1инца Иванова Александра хиллера Карауловах хийцамаш бар бахьанехь. Ткъа Москва г1алин Лефортовски суьдо 28-чу октябрехь бинчу сацамца терроризман организацехь дакъалацаран хьокъехь долчу г1уллакхана т1е а доьг1на, 23-чу декабре кхаччалц йолчу ханна чуйоьллина Караулова-Иванова. Д1аболийначу талламехь терроризман организаце адамаш юкъаозо г1ортарна бехк шена т1е а лаьцна.
Цу т1ехь чекх ца йолу «мас-маликан» истори. Олуш ма-хиллара, гали чохь къайла ца баккхало цхьамза. Талламан органашна хетарехь, ша диначунна дохко ца елира Караулова, мелхо а жигара д1аболийра ИГИЛ-на керла адамаш юкъаозоран болх, цул совнаха юха а яда кечамбеш а яра иза, оцу 1алашонца хийцинера шен ц1е а. Интерфаксо ч1аг1дарехь, эха шарахь цхьаьнгга а йистхуьлуш яц иза. Оцу хенахь цо х1ун лелийна а ца хаьа (нийса хир ду нуьцкъаллин органашний бен аьлла т1етоьхча). Амма билггал хууш дерг бехкееш йолчо ИГИЛ-е кхача йолу ойланаш шен коьртехь латтош хилар ду. Хьалха тесна хилла з1енаш а ца хадийна. Цунна къера хилира иза барт хоттучу хенахь. Цо з1е латтайора ша юкъаозийначаьрца. Царах цхьаъ ву Казанера Клаус харц ц1е ерг (бакъйолу ц1е Айрат ю). Иза вара цуьнга Шеме кхойкхург, шега маре йола бохург. Леррина йолчу службийн хаамашца иштта «нускалш» к1езиг дацара цуьнан. Ткъа Карауловаца з1е латтийначарах шолг1аниг – Пензенски областан вахархо Бикмаев Ильяс тахана ИГИЛ-н лагерехь цхьанхьа лечкъина 1аш ву.
Берх1итта шо кхаьчначу йоь1ан, махкахь уггаре а лараме йолчу лаккхарчу дешаран заведенин шолг1ачу курсан студенткин ойланийн духе кхиаран 1алашонна т1ехьажийна болу болх (вай кхузахь ца дуьйцу цунна дан тарлуш долу та1зар, чохь яккха туху йолу хан) д1аболийна талламан органаша. Талламхой шайн 1алашоне кхочур бу, цара шайн сацам т1е а оьцур бу. Со даггара воккхаве цунна юккъехь цхьанна а «нохчийн лар» карориг цахиларх.
Л.МАГОМАЕВ
№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо