цхьа-ши дош…

ТIаьхьарчу шина дийнахь «Иблисан пачхьалкхан»  Шемахь йолчу гIеранийн объекташна ши бIе сов тохар дина Россин СУ–24 кеманаша. Ша аьлча, йохийна Идлибера тIеман склад, Хомсера урхалла даран пункт.

                                                 ***

    Пакистанан малхбалехь йолчу тIоьрмигаш даран заводан тхов чубоьжна. Цу чохь болх беш хиллачарах 23 стаг велла, кхин а 150 сов стаг саьлнаш бухахь висина.

                                                 ***

    Къилба Суданехь аэропортера хьалагIаьттина кема лакха дала кхиале доьхна цхьана юьрта йистерчу цIеношна тIедоьжна. Оцу бохамехь 40 сов стаг кхелхина. Царах ткъех стаг оцу юьртара ву.

                                                 ***

    НАТО-н Iамораш дIадаьхьира кху деношкахь Испанин лаьтта тIехь. Цигахь дакъалоцуш дара 30 гергга пачхьалкхера эскарш, шайна юкъахь кеманаш а, бронетехника а йолуш.

                                                 ***

    ХIара шо доладелчахьана Германи кхаьчнарг 800 эзар гергга мигрант ву. Уьш тахана а тIеоьхуш бу. Царна дан хIума доцуш хьийза Iедалан векалш.

                                                  ***

   Иорданехь чIогIа догIанаш дахкар бахьана долуш хиш дистина, бахархойн цIенош чу лилхина. Iаламан бохамах бархI бIе стаг кIелхьараваккха аьтто баьлла Iедалан.

                                                 ***

   Правительствон председатель отставке ваханчул тIаьхьа совцош яц Румынин коьртачу шахьарахь бахархоша дIахьош йолу митингаш. Цара лоьху харжамаш цIена дIабахьар, хьанал правительство вовшахтохар.

                                                 ***

   Коррупцина дуьхьал дIахьочу къийсамна Украинна ахча даийтар сацийна Евросоюзо. Оцу ахчанах Iалашонна пайдаоьцуш цахилар гучудаьлла.

                                                 ***

 Иранера делегаци еара Росси. Цуьнан декъашхой С–300 ракеташ ечу заводехь хилира. Уьш реза хилира цу тайпана ракеташ эца а, цу хьокъехь барт чIагIбаран дийцарш дIадахьа а.

                                                 ***

   Россин МЧС-н кеманаша хIокху деношкахь къинхетаман гIо даьхьира Йеменан бахархошна. Коьртачу декъана кхачанан сурсаташ ду уьш.

                                                  ***

   «Газпромана» 24 миллион доллар даийтина Украинерчу «Нафтогазо». Амма оцу ахчанах 10-гIа ноябрь кхаччалц бен газах пайдаэца йиш хир яц Украинин.

                                                  ***

   5–6-чуй ноябрехь Москвахь дIаяьхьира махкахойн Дерригдуьненан пхоьалгIа Конгресс. Цигахь дакъалоцуш бара 97 пачхьалкхера баьхкина махкахой. Царна хьалха къамел дира Россин Президента В.Путина. Цо дIахьедира мехкан Iедало шен махкахой муьлххачу пачхьалкхехь а ларбийриг хиларан хьокъехь.

№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: