Пенсионни страховани ярехула индивидуальни предпринимательшна тIехь долу декхарш дIатакхийтарна тIехь терго латторан ведомствошна юкъарчу тобанан белхан юьхьанцара жамIаш дийцаре дарна лерина кхеташо дIаяьхьира Нохчийчоьнан правительствехь. Иза дIахьош вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам.
Оха хьалха хаам бина ма-хиллара, и гIуллакх кхул хьалха а дийцаре дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьначу кхеташонехь. Цигахь гучуделира предпринимательша пенсионни страховани ярна ахча дIадахьийтаран хьал кхачаме цахилар. Иза девзинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана тIедиллира ведомствошна юкъара тоба вовшахтохар а, предпринимательша пенсионни страхованин декхарш дIатакхаран гIуллакх тодар а. Оцу тобано бинчу белхан юьхьанцара жамIаш дара хIокху кхеташонехь дийцаре деш дерш.
Кхузахь билгалдаьккхина ма-хиллара, тобано боккха болх дIабаьхьна республикин ерриге а районашкахь предпринимательшка шайна тIехь долу пенсионни страховани яран декхарш дIатакхийтаран декъехь. Цо дикачу жамIашка а кхачийна. Нагахь санна тоба вовшахтоьхначу хенахь царна тIехь хиллачу декхаран барам 1 миллиард 263 миллион соьме кхочуш хиллехь, таханлерчу денна оцу декхарх 855 миллион 517 эзар сом дIатекхна. Царна тIехь хиллачу дерриге а декхарх 68 процент хуьлу иза.
Кхиамаш а, хуьлуш болу хийцамаш а бIаьрла гуш белахь а, Кадыров Ислама чIагIдарехь, дIахьош болу болх малбан мегар дац. ХIунда аьлча Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лерринчу тидамехь латтош ду и гIуллакх. ЖамIаш кхин а дика хилийта районийн куьйгалхоша цхьаьна болх бан беза оцу гIуллакхан бала кхочуш йолчу ведомствошца.
Предпринимательшка пенсионни страхованин декхарш дIатакхийтарехь къаьсттина маьIна леладо суьдийн пурстоьпаша. Доккха жоьпалла ду царна тIехь. Церан белхан дикаллех доьзна хир ду, коьртачу декъана, декхарш дIатакхарца доьзна долу хьал. Оцу ведомствон куьйгалле иза дIа а хаийтира Кадыров Ислама.
Иштта, кхеташонехь дийцира пенсионни страховани ярехула юридически яххьашна тIехь долчу декхарех а, иза дIатакхарехь долчу хьолах а лаьцна долчу гIуллакхех лаьцна. Оцу декъехь а дика кхиамаш бу. Делахь а, Кадыров Ислама аьлла ма-хиллара, и проблема дIаяккхархьама ведомствошна юкъарчу тобано кхин а тобан беза шен болх. Оцу некъа тIехь доггах къахьега тIелецира кхеташонан дакъалацархоша.
С.ХУСЕЙНОВ
№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо