Нохчийн Республикин Парламентехь хилира Пачхьалкхан Iедалан органашца а, юкъараллин организацешца а цхьаьна гIуллакхаш даран гIуллакхийн комитетан кхеташо. Иза дIаяьхьира Комитетан председатела Дарчиев Нохчос.
Кхеташонехь дакъалецира республикин Парламентан Председателан заместитела Жамалдаев Шаида, депутаташа Исаков Султана, Хазбулатов Бекхана, республикин Профсоюзийн советан председатела Солтагереев Хьусейна, Дай-нанойн союзан исполкоман председатела Агаева Яхас, республикин Кегийрхойн парламентан председатела Дагаев Муртаз-Iелас, кхечара а.
Дийцаре дира кегийрхой патриотически ойланехь кхетош-кхиорехь а, терроризмаций, сепаратизмаций, экстремизмаций къийсам латторехь а юкъараллин организацийн маьIнах а, меттигах а лаьцна долу гIуллакх.
Шен къамелехь Н.Дарчиевс билгалдаьккхира тIекхуьуш йолу тIаьхье ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорна тIехьажийна болу юкъараллин организацийн болх жигарабаккха безаш хилар.
– Вайна бевзаш бу арахьара кхерамаш. Ткъа вайн къоман тхьамдано, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана декхар дина, вайна тIедуьллу вуочу хиламашна дуьхьал, уьш цахилийтарна массо а агIор гIуллакхаш дар, оцу гIуллакхехь шайгара масал а гойтуш. Ислам динан кирхьанна тIехьа а лечкъаш, тайп-тайпана экстремистски боламаш вайн кегийрхой Герггарчу Малхбалехь болчу тIеман къовсамна юкъаоза гIерташ бу. Со тешна ву цхьаьна гIуллакхаш дарца а, хIора дийнахь болх барца а оцу хьолана вайга дика тIеIаткъам балург а, иза нислург а хиларх, – элира Н.Дарчиевс.
Депутата дийцарехь, билггал болу ницкъаш бу республикехь долу хьал талхорехь хьашт долуш. Зуламаш дар а, ницкъ бар а, республикехь цхьанаэшшара дика лаьтташ долу хьал талхор а дезаш болчарна дуьхьал гIуллакхаш дан декхарийлахь ю юкъараллин организацеш.
Юкъараллин организацийн куьйгалхоша билгалдаьккхира хаамийн-кхеторан балхахь республикин Парламентаца цхьаьна гIуллакхаш дан а, зуламе хиламаш цахилийтарехь кегийрхошца беш болчу балхана шайн хазна юкъайилла а шаьш кийча хилар.
С.ТАКАЕВ
№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо