Къилба-Сахалинан гIалин суьдо «Деле доIа» цIе йолу книга экстремистски ю аьлла бина сацам юхатохар Делан дешан толам хилар билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иза дан а ду иштта: Дала цкъа а сийсаз ца дайтина Шен Сийлахь Къуръан.
«Сийлахьчу Къуръанан аяташ экстремистски лоруш тIеэцна сацам юхатоьхна. Иштта ду Къилба-Сахалинан гIалин суьдо бина сацам областан суьдехь теллича дина долу жамI. Иза Веза-Воккхачу Делан дош толар а, Къуръан сийсаздан гIоьртинчун цхьаьннан гIуллакх хирг цахиларан тоьшалла а ду», – элира Р.Кадыровс. Цо билгалдаьккхира массо а заманахь бусалба динан историн йохаллехь Делан дош гуттар а тоьлла хилар: «Цунна тоьшалла до Къуръанан дуккха а бIешерашкахь йолчу историс а. Оцу ханна дуккха а бовлура Къуръан харцдан, сийсаздан гIертарш, делахь а, уьш хIоразза а оьшура, ткъа Делан дош тоьлура. Иштта гуттар а хир а ду».
2015-чу шеран 12-чу августехь Къилба-Сахалинан гIалин суьдан суьдхочо Перченко Натальяс «Деле доIа: бусалба динехь цуьнан меттиг а, маьIна а» цIе йолу книга экстремистски ю аьлла, бинчу сацамна дуьххьара дуьхьало йинарг Кадыров Рамзан вара. Суьдан сацам законца богIуш бац, аьллера цо. «Тхуна хазахета Къилба-Сахалинан гIалин суьдан сацам законца богIуш боцуш лара аьлла, дуьххьара дIахьедар динарш тхаьш долуш. И дIахьедар бахьанехь ерриге а юкъаралло, политикин куьйгалло суьдо йинчу харцонна тидам тIебахийтира. Дерриге а дуьненахь доккхачу хазахетарца тIелаьцна Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь Къуръан а, тайп-тайпанчу динийн кхидолу сийлахь йозанаш а экстремистски ларар доьхкуш долу закон тIеэцаран хьокъехь долу Россин Президентан Путин Владимиран дIадолор», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Дагадоуьйту, Къилба-Сахалинан суьдо экстремистски леринера «Деле доIа» книга а, билггал цу тIехь долу Къуръанан аяташ а. Кадыров Рамзана и сацам законехь боцуш лараран хьокъехь дIахьедар динчул тIаьхьа, билгалъяьккхина книга шолгIа а толлуш, суьдан кхеташо хилира. Цул тIаьхьа, Сахалинан областан суьдо юхатоьхна шена тIехь Сийлахьчу Къуръанан аяташ долчу книгин хьокъехь болу дуьххьарлера сацам. Оцу гIуллакхехь (сацам юхатохарехь) доккха дакъа ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан. Цуьнан бусалба динца, Делан дашца болу безам, ларам, бала а бахьанехь, тергоза ца йисира Къилба-Сахалинан гIалин суьдо йина харцо, я чекх а ца елира иза церан. Р.Кадыровс кхин цкъа а дIахаийтина бусалба динца «забарш ян» мегаш доцийла а, могуьйтур доцийла а.
А.ХАСБУЛАТОВА
№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо