Кадыров Рамзан хьалхарчарна юкъахь ву

Кху шеран октябрехь Россин субъектийн сий-ларам болчу куьйгалхойн рейтингехь, гуттар а санна, хьалхарчу кхаанна юкъахь ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. «ЧIогIа боккха сий-ларам» бохучу декъехь шолгIачу меттехь ву иза.700ht_Ram

Цунах лаьцна хаам бо Политически а, экономически а коммуникацийн агентствос бинчу талламехь.

Рейтингехь хьалхарчу меттехь ву Москван мэр Собянин Сергей. Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан шолгIачу меттехь ву. КхозлагIа меттиг ГIезалойн Республикин Президентана Минниханов Рустамна кхаьчна.

Россехь уггаре а алсам сий-ларам болу губернаторш шайн жамIашца билгалбохуш долу экспертни хаттарш дар дIахьо къайлах анкеташ кечъярца. 2015-чу шеран октябрехь оцу таллам барехь дакъалецира 25 эксперта: политологаша, политтехнологаша, медиаэксперташа, журналисташа.

Юьхьанца хIора эксперта мах хадабо анкета тIехь волчу хIора кандидатан сий-лараман, ткъа цул тIаьхьа билгалбоккху эксперташа мах хадоран юккъера барам (юккъерчу барамехь йолу баллаш).

ЖамIан рейтинг Россин экспертни юкъараллин тхьамданаша мехкан регионийн берриге а куьйгалхойн сий-лараман цхьаьна мах хадор ду. Хаттарш даран жамIашкахула рейтингана юкъабахана болу куьйгалхой дIасанисбо «чIогIа боккха сий-ларам» (1–20), «боккха сий-ларам» (21–50), «юккъерчу барамера сий-ларам» (51–85) дакъошкахь.

С.ТУМАЕВ

 

№125, шот, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: