Карарчу дешаран шеран юьххьехь республикехь схьайиллира масех керла школа. Царах цхьаъ ю Ибрагимов Хьамзатан цIарах йолу математикин №1 йолу школа. Соьлжа-ГIалин Жуковскийн цIарахчу урамехь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетана уллехь ю иза. Тахана хIун хьал ду кхузахь?
Школин директора Токашева Луизас дуьйцу:
– Хьалхарчу октябрехь дуьйна школехь буьззинчу барамехь дIаболийна Iаморан а, кхетош-кхиоран а болх. Цхьа урок, билгалдина цхьа гIуллакх юкъах ца дуьтуш, чекхъяьккхина дешаран хьалхара чийрик. Тахана школехь доьшуш 732 бер ду. Тестировани еш, схьаэцна ду уьш. 9 сахьт даьлчахьана суьйранна 5 сахьт даллалц дIахьо берашца болх бар. Дийнан хьалхарчу декъахь урокаш хуьлу, делкъал тIаьхьа дIахьо кхетош-кхиоран гIуллакхаш, тайп-тайпанчу кружокийн болх, цIахь бан белла белхаш кхочушбар, самукъадаккхаран-садаIаран гIуллакхаш.
Л.Токашевас дийцарехь, леррина школа хиларе терра цхьацца башхаллаш елахь а, коьртачу декъана юкъарадешаран кхечу школийн программех къаьсташ яц школехь дешаран программа. Башхаллех аьлча, билгалдина ду математика, физика, информатика мелла кIоргера Iамор. Математика хьехарна лерина сахьташ кхечу школашкахьчул сов ду. Физика, информатика хьехар 5-чу классехь дуьйна дIадолош ду.
Дешархошца Iаморан, кхетош-кхиоран болх беш волчу 78 хьехархочух 40 къона говзанча хилар хаийтира школин куьйгалхочо. Цо билггал йолу халонаш кхуллу. Амма и халонаш цхьана ханна бен цахиларх тешна ю Л.Токашева. Къоначу хьехархойн говзалла лакхаяккхарна тIехьажийна саццаза дIахьош болх бу: Iаморан семинараш, вовшийн урокашкахь хилар, республикин тоьллачу хьехархойн белхан зеделларг довзар. «Уггаре а коьртаниг – тхан хIора хьехархо хьалха лаьттачу декхарех дика кхеташ а, кхузахь болх бан аьтто хилар йоккха сийлалла хеташ а ву,» – бохура Луизас.
– Тхан цхьа а шеко яц иштта школа республикина оьшуш хилла хиларх, оха и гIуллакхца, аьлча а, дешархойн хаарийн дикаллица, кестта гойтур а ду».
Юкъарадешаран керла учреждени ондда когахIуттуш хиларх тешош дара цуьнан куьйгалхочун дешнаш.
Хь.АБАЕВ
Архивера сурт
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо