Къаьмнийн культура – Россин бахам

   Иштта яра кху деношкахь Радион цIийнехь дIаяьхьначу фестивалан цIе. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а гIоьнца Нохчийн региональни юкъараллин «Диалог» а, «Оптимум» а организацеша. Фестиваль дIахьош яра «Вместе» региональни проектан гурашкахь. Россин къаьмнийн культура йовзийтар а, церан доттагIаллин уьйраш чIагIъяр а Iалашо яра цуьнан.фестиваль

   Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан юкъараллин организацешца болхбаран отделан хьаькам Байсултанова Роза, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элимбаев Алихан, вай лакхахь хьахийначу региональни юкъараллин организацийн векалш, Дагестан Республикера хьеший, кегийрхойн организацийн а, боламийн а, «Вместе» проектан а жигархой.

Цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Элимбаев Алихан:

– Таханлера цхьаьнакхетар Россин халкъийн цхьааллин денна лерина ду. Кху фестивалехь вай йовзуьйту Россехь дехачу къаьмнийн культура. ХIара тайпа деза де вайн билгалдаккха йиш хилар мехала гIуллакх ду. Иштта пайдехь цхьаьнакхетарш дIадахьа далучу агIор гIо-накъосталла дийр ду тхан министерствос. Фестивалан дакъалацархойн Дала аьтто бойла. Со тешна ву хIара тайпа цхьаьнакхетарш вайн республикехь сих-сиха хирг хиларх. Дала тIаьхье беркате йойла.

Шен къамелехь Байсултанова Розас элира:» Россин къаьмнийн цхьааллин де къона цIей ду. Цо цхьаьнатуху Россехь деха дерриге а къаьмнаш. Йовзуьйту хIораннан а культура. Ас сайн а, тхайн департаментан а цIарах даггара декъалбо кху фестивалан дакъалацархой. Дала аьтто бойла шун! Дала маьрша, бертахь, ирсе дахар хуьлуьтийла вайн!

Дагестан Республикин хьакъволчу артиста Шаипов Латипа а, Шаипов Рамазана а, Невран районан казахийн культурин туьшан куьйгалхочо Парсанова Таисас а, фестивалан къоначу дакъалацархоша Исаев Сулима, Баматгириева Маьлх-Аьзнис, Матуев Сулимана, Эльмурзаева Хьавас концертни программа гайтира.

Цхьаьнакхетар дерзийра Россин Федерацехь дехачу къаьмнашна юккъехь доттагIаллин уьйраш чIагIъярехь жигара дакъалацарна цуьнан  дакъалацархошна Сийлаллин грамоташ яларца.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Фестивалан дакъалацархой

№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: