Книга зорбане яьлча хазахета вайна, ткъа иза берашна лерина елахь — къаьсттина мерза кхаъ хуьлу.
«Черчийн доьзал» аьлла цIе ю вайн республикехь «Безаман дитташ» иллина дешнаш яздарца вевзинчу Сейлмуханов Мусас зорбане яьккхинчу книгин.
Иза бIаьрг ма-кхетта а берашна лерина хилар хаалур долуш, мужалтан сурт къегина долуш, куц-кеп товш хиларал сов, чулацам а хаза болуш, кегийчу дийцарех, туьйранех, байтех лаьтта.
Авторан шен белхаш а, оьрсийн яздархойн – классикийн говзаршна дина гочдарш юкъадалийна а Нохчийн Республикин халкъан яздархочо М.Сейлмухановс зорбане яьккхинчу книгина.
Шрифт йоккха, берашка а царна туьйра я байт еша луучу воккхачуьнга а атта ешалур йолуш ю.
Хууш ма-хиллара, берашна лерина байташ кIезиг ю вайн литературехь, ткъа «Черчийн доьзал» книги юкъахь уьш алссам хилар хазахеташ ду.
Книги юкъахь суьрташ ду хIора туьйранца я дийцарца цхьаьна догIуш. Уьш берийн «СтелаIад» журналан куьйгаллин пурбанца зорбане даьхна.
«Грозненский рабочий» типографехь зорбатоьхна книгийна. Цуьнан тираж 1 000 экземпляр ю.
Мукъачу хенахь еша а, школехь нохчийн меттан а, литературин а урокехь пайдаэца а мехала ю иштта книга. Дукхах долу дийцарш дийнатех лаьцна ду. Берашна даима а дукхадеза шайна гуонахара Iалам.
Луур ду вайн школийн библиотекашкахь и книга гойла а, цунах бераша а, церан дай-наноша а пайдаоьцийла а.
«Даймохк» газетан коллективана доккха хазахетар хилла шен тешамечу доттагIчун книга зорбане яларх.
Дала тIаьхье беркате йойла!
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо