Нохчийн Республикин къоман библиотекехь Къорачу а, хазар ледара долчу а юкъараллин декъашхо йолчу Аветисова Аллас динчу пенан газетийн гайтам хилира. Цигахь дакъалецира лакхахь хьахийначу юкъараллин председатела Исмаилов Бахос, оцу юкъараллин декъашхоша.
Цигахь мотт ца хуучарна талмажалла деш вара Исмаилов Асхьаб.
Пенан газетийн автора А.Аветисовас царна тIехь гайтина, вайн республикин кхиар, Соьлжа-ГIалин башха куц. Мотт ца хуучаьрга хIумма а далур дац аьлла хета тарло цхьаболчарна. Амма иза иштта дац. Маттаца алалуш доцург, суьрташ тIехь а, цхьацца белхаш тIехь а говза алало цаьрга.
Хьалхара дош олуш вистхилира Исмаилов Бахо:
«Вайн халкъана тIом а гина, вайн къомо халонаш а лайна. Ткъа хIинца маьрша хан ю вайн махкахь. Промышленностан кхиар а, керла маьждигаш, больницаш, школаш яр а, некъаш дахкар а гуш ду вайна. Цул сов, яккхий проекташ а кхочушйо вайн махкахь. И дерриге а ша вовшахтесначу пенан газеташ тIехь гайтина А.Аветисовас. Иштта, къорачу а, хазар ледара долчу а юкъараллин дахаран кийсагаш а гайтина», – элира цо.
Къорачу а, хазар ледара долчу а юкъараллин декъашхошна пенан газетийн гайтам хазахеттера. Царах хIора а лерина хьаьжира пенан газеташка. Цхьаболчарна шайн суьрташ а гира царна тIехь.
«Муьлхха а бахьана а хIоьттина, наггахь мукъана а тхайн юкъараллин декъашхойн цхьаьнахкхетар нисделча хазахетар хуьлу суна. Мотт хуучаьрца-м тхо санначара хIун дуьйцур ду олий а дагадогIу. Иза иштта, дац. Тхуна некъ карабо вовшашка къамел дан. Цундела тхайн цхьаьнакхетар хиларе сатуьйсуш хуьлу со», – элира А.Аветисовас.
Шаьш сих-сиха вовшах цакхетарна вовшашка дийца дуккха а хIума хуьлу церан. ХIорш гулбеллачохь къоначеран шайн къамел хуьлу, ткъа баккхийчеран – шайн. Цара массара а цхьатерра баркалла боху шайн юкъараллин председательна Исмаилов Бахонна.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь:
Аветисова Алла а, Исмаилов Асхьаб а
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо