Мехалчу гIуллакхехь дакъалаца вай?!..

AqrfgHeUdcQNBnF-556x313-noPad Нохчийн пачхьалкхан университетаца йолчу юридически клиникин куьйгалхочо Хазбиев Тимура Россин Федерацин Президент волчохь граждански юкъаралла а, адамийн бакъонаш а ларъярехула йолчу Советан Председателан Федотов Михаилан цIарах петици язйина. Цу тIехь Т.Хазбиевс доьху нохчочун Темирханов Юсупан хьокъехь долчу зуламийн гIуллакхна юкъараллин-бакъонан таллам бар.

«Тхо тешна ду Темирханов Юсуп бехке вечу зуламийн гIуллакхна хьокъехь дIабаьхьна таллам а, иштта суьдо бина сацам а харца, озабезаме хиларх. И гIуллакх массарна девзаш, гIарадаьлла ду. Цунца боьзна дуккха хиламаш бу: чу воллале хьалха, Ю.Темирханов лачкъавина, хьийзор, Москван суьдан гIишло чохь цунна еттар, Юсуп ларвечу агIонна, векаллин кхеташончашна Iаткъам бан гIортар, адвокатана дуьхьал зуламийн гIуллакхаш айъар, кхидерш а. И гIуллакх суьдехь дIахьочу хенахь адаман а, гражданинан а бакъонаш, паргIато йохош хилар гуш дар. Цул сов, Ю.Темирхановн хьокъехь харцо лелийна ца Iаш, суьдан гIуллакхехь дакъалоцучу тешийн, кхеташончашийн, адвокатийн бакъонаш а ца ларйина цигахь», — аьлла яздина ду петици тIехь.

Билгалдаккха деза, юриста Хазбиев Тимура динчу дIахьедарехь дуьйцург Ю.Темирхановн гIуллакх хилла ца Iа, иза-м цхьа масал бен дац. Цунах терра, Россин Федерацин суьдан, бакъонаш  ларъяран, законаш кхолларан системийн юкъара проблемаш ю. Билгалъяьккхинчу петицинна 800 сов стага кхаж тесна, тIеоьшург кхин 100 сов кхаж бен бац. Интернетах пайдаоьцучара оцу мехалчу гIуллакхехь дакъалаьцча бакъахь хир дара. ХIокху адресехула  йолчу петицешна юкъахь шуна карор ю вайн махкахочо Т.Хазбиевс язйинарг а: https://www.change.org/petitions/

Шен ницкъ кхочучуьнга дехар ду оцу сайта тIе а ваьлла, билгалъяьккхинчу петицинна кхаж тасар.

А.ВАХАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: