«Тереко» хаза толам баьккхира

Премьер-Лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 15-чу туран  матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» 7-чу ноябряхь шен цIахь «Ахмат-Аренехь» цхьанакхийтира  Москварчу «Спартакца».723924258

Хьалхарчу тайман ялхолгIачу минотехь ялале хьешийн аьтто белира счёт схьаелла, Семёнов Андрейс шайн кевна чу буьрка тохар бахьана долуш.

Матчан 21-чу минотехь соьлжагIалахоша дIанисйира счёт – 1:1, Адилсон Варкен каде хоьвзар бахьана  долуш. Счёт кхин хийца ца луш ехха левзира командаш. Амма цхьанакхетаран 80-чу минотехь толаман гол тоха аьтто белира «Терека» тIелатархочун Аблайе Мбенген

Толам баккхар бахьана долуш «Терек» турниран таблициехь 7-чу могIаре ялла, ткъа «Спартак» 5-чу  могIарехь  ю.

РогIерчу турехь 22-чу ноябрехь, Нохчийчоьнан коьрта команда хьошалгIахь ловзур ю Краснодарерчу «Кубанца».

 А.ТУРШИЕВ

№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: