Нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь кегийрхойн боламийн жигархошна а, министерствон белхахошна а лерина семинар хилира. Тема «Нохчийн къоман гIиллакхаш, Iадаташ, ткъа иштта ловзаргахь лело деза гIиллакхаш а яра. Оцу мехалчу темина леринчу цхьаьнакхетарехь дакъалаца кхайкхина вара Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо, яздархо Уциев Абу. Цо дийцира нохчийн гIиллакхийн маьIнех а, нохчийн къомах волу стаг ша миччахь велахь а цо лело дезачу гIиллакх-оьздангаллах а.IMG_2235

   ГIиллакхе массо а меттехь а хила веза. Ялсаманин чуьра деана ду гIиллакх дуьнен чу. Ткъа Дала вайн къомана дина доккха совгIат ду шатайпа хаза, оьзда, гIиллакхаш далар.

Кегийрхошна кхузаманахь хаа дезачарах ду ловзаргахь лело деза гIиллакхаш. Дукха хIума догIу цунна чу. ХIусамдеца, хIусамдас хьешашца лело деза г1иллакх ша ду, мехкарша а, кегийчу наха а вовшашца лело хаа деза г1иллакхаш а ду, ловзаргахь волу воккханиг ларарца лело деза гIиллакх а ду. КIанта я йоIа лелочу гIиллакхе хьаьжжина мах хадабо наха уьш схьабевллачу хIусаман.

Кегийрхоша лерина ладугIура шаьш долчу веанчу хьеше, цара дечу хаттарша а гойтура царна шайн къоман гIиллакхаш, Iадаташ дукхадезаш  хилар. Министерствон куьйгалла лерина ду и тайпа семинараш республикехь кегийрхойн кхерчашкахь, дешаран учрежденешкахь дIаяхьа. Иштта бен Iемар а дац, девзар а дац вайн кегийрхошна шайн къоман гIиллакхаш. А.Уциевна даггара баркалла элира министра М.Тагиевс.

 

З.ХИЗИРОВА

Авторан сурт

№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: