Шайх ГIеза-Хьаьжа (Беза-Хьаьжа) вина Нажи-Юьртан районерчу Зандакъа юьртахь 1802-чу шарахь. Цуьнан ден цIе Аьрзу хилла, ненан цIе–Жарадат (Рахьимат). ГIеза-Хьаьжин ворхI доьзалхо хилла, кхо кIант а, йиъ йоI а. КIентийн цIерш иштта хилла: Абу-Муслим, МутIалим, Пир-Махьма. ЙоIарийн цIерш: – Жовзант, Нажат, Iаддат, Тен.
Бераллехь цуьнан дахарехь хиллачу цхьана тамашийначу хIуманна тIера дIадоладелла иза вовзар, цунна Дала дина дика гучудалар. Цкъа цхьана дийнахь кхо шо кхаьчна волу ГIеза-Хьаьжа а вуьгуш хьуьнах вахана хилла цуьнан да Аьрзу. КIант говрана уллехь а витина, Аьрзу юьстахваьлла хилла. ХIара юхавеача я кIант, я говр а ца хилла. И шиъ лаха волавелла иза. Цхьана гу тIехьа хиъна Iаш кIант а, цунна юххехь лаьтташ говр а гина цунна. ГIеза-Хьаьжа, техка а техкаш, АллахI хестош хилла. Цуьнца цхьаьна, иза техк-техкинчу агIор техкаш хьаннийн баххьаш а хилла.
Да цецваьлла, ца кхеташ хьоьжуш хилла шена гуш долчу Iаламате. ТIевахна, леррина ладоьгIна цо шен кIанта дуьйцучуьнга. ГIеза-Хьаьжа АллахI хестош, мукъам беш хилла, тIаьхьара олуш дитташ хилла. ГIеххьа бусалба Iилма хууш волу Аьрзу инзарваьлла жимачу кIантана оццул говза Дела хесто хаарх. Цхьамма а Iамийна ма ца хилла цунна Iилма, Дела хестор, Iамал-Iибадат дар. Делах тешар чIогIа долу Аьрзу циггахь кхетта шен кIентан ша тайпа кхоллам хирг хиларх а, цунна Дала дика дина хиларх а.
Хьуьнхара цIа веача цо шен хIусамнене Жарадате дийцина шена гинарг. Цо дийцинчух кхин тамаша а ца бина цо. ХIусамдас дийцинарг иштта хилла хиларх ша тешаш хилар тIечIагIдеш санна, Жарадата дийцина: «Со буьйсанна юккъехь хийла набарха яьлла и кийрахь волчу хенахь цо АллахI кестош а хезна».
Шен ялх шо кхаьчча Дагестанерчу Мухьаммад-ЯрагIа волчохь бусалба дин Iамо волало ГIеза-Хьаьжа. Иза цуьнга дIало кхуьнан дас. Цигахь доьшучу шерашкахь вевза цунна тIаьхьуо Нохчийчохь а, Дагестанехь а вевзаш, цIе йоккхуш хилла волу шайх Ташу-Хьаьжа (Воккха-Хьаьжа). Ханна хIара жима хиллехь а, Воккха-Хьаьжина а, ГIеза-Хьаьжина а юкъахь чIогIа гергарло тасало. Мухьаммад-ЯрагIин оцу шина мутаIеламан доттагIалла чIогIа хуьлу. ГIеза-Хьаьжа вара, Ташу-Хьаьжехь Нохчийчоьне безам кхоьллинарг.
Iилма Iамийна ваьллачул тIаьхьа шен дай баьхначу юьрта схьавогIу кIант. ТIаккха дIадоладо цо бусалба дин нахана хьехар, цуьнга адамашкахь марзо кхоллар. Цо хьехамаш бо Зандакъахь а, гуонахарчу ярташкахь а. Шегарчу суьпаллица билгалволу дийнна кIоштахь а, цул арахьа а.
ГIеза-Хьаьжас иштта доттагIалла тосу Иласхан-Юьртарчу Кишин а, Хедин а Кунта-Хьаьжица. Доккха гергарло дара Ташу-Хьаьжиний, Кунта-Хьаьжиний, ГIеза-Хьаьжиний юкъахь. Уьш кест-кеста цхьаьнакхетара, вовшах дага а буьйлура. Синойн гергарло дара царна юкъахь. Дукха хьолахь Симсарахь вовшахкхетара уьш. И кхоъ охьахийшинчу меттехь хIинца а лаьтта кхо акхтарг. Меттигерчу бахархоша чIогIа еза лору эвлаяаш охьахийшина и меттиг. Цуьнан дола до.
Ташу-Хьаьжас а, Кунта-Хьаьжас а, ГIеза-Хьаьжас а цхьаьна хьуьжар схьайиллира Симсарахь, цигахь цара бусалба дин, Iилма Iамадора къоначарна. Далла герга хила лууш болчу дуккха а нахана шайн хаарш, Iилма дIаделира шайхаша. ТIаьхьа царах цхьаболчарах бакхий Iеламнах, молланаш хилира.
ГIеза-Хьаьжа, Ташу-Хьаьжа а санна Мухьаммад-ЯрагIин мурд вара, накъшбандин тIарикъатехь а вара. ГIеза-Махьмехула накъшбандин тIарикъат даржийра Нохчийчохь Iаларарчу (Нажи-Юьртан район) Умалт-Хьаьжас, Iаларойн-Эвларчу (Курчалойн район) Абст-Хьаьжас, Энгенарчу Мада-Хьаьжас.
Делан цIена дина хьоьхуш, адамаш иймане кхойкхуш Делан дуьхьа къахьоьгуш волу ГIеза-Хьаьжица мостагIалла лецира Iедалан хьадалчаша. Шен юьртахь Iен а ца витина иза Теркайисте, Девкар-Эвла дIакхелхира. Цигахь а ца дитира цо бусалба дин хьехар, адамаш ийманехь хиларе кхайкхар. Шена кхузахь а гIело ян йолийча, 1964-чу шарахь ГIеза-Хьаьжа Сийлахьчу Макка, Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу махка дIавоьду. Цигахь кхалха а кхелха иза 1964-чу шарахь. «Аль-Хьарам» лаьтта тIехь дIа а верзаво эвлаяъ, боккха сий-ларам беш.
Оцу эвлаяан сий деш, дина зераташ ду Симсарахь а, Зандакъахь а, Гехи-Чохь а. ГIеза-Хьаьжин мурдаш оьху цига Деле доIанаш дан, шайн устаз дагалаца.
С.ХАСАНОВ
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо