Соьлжа-ГIаларчу къорачу а, хазар ледара долчу а берашна лерина йолчу коррекционни школа-интернатехь оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочун болх беш ю №3 йолчу совхозехь кхиъна а, цигахь ехаш а йолу Шимильханова Лариса.
Соьлжа-ГIаларчу №30 йолчу юккъерчу школехь доьшуш йолчу хенахь дуьйна а яра Лариса книгаш ешар дукхадезаш. ХIокхо язйина сочиненеш школехь уггаре а дикачарна юкъахь хуьлуш яра. Массо а хенахь пхеаннаш дара оцу предметана…
Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа деша яхара Соьлжа-ГIаларчу №6 йолчу корматаллин училище. Амма, дукха хан ялале кхийтира иза шен меттиг цахиларх.
Соьлжа-ГIаларчу цхьана туьканахь болх беш йолчу йишех беркат долий 1992-чу шарахь, хIинца ша болх беш йолчу школа-интернатехь кхетош-кхиорхочун болх бан. ЯлхалгIа класс елира Ларисига. ХIинца а безамца дагалоьцу цу классехь доьшуш хилла бераш, хьекъал долуш хиларна а, дика амалш йолуш хиларна а шаьш дезадалийтира цара Ларисина.
«Юьхьанца хала дара, – дуьйцу Ларисас, – дуьххьара бераш схьагича мелла а юьйхира, кхечу берийн долчух къаьсташ дара церан лелар. Амма бераш Iаморан кеп евзинчул тIаьхьа, ерриге а сан дог-ойла тIейирзира балхана, хала мел хили а иза бан кхин а чIогIа дог догIура».
Дукха хан ялале тIом баьлла болх юкъахбита дийзира. Л.Шимильханова шен доьзалца ГIалгIайн махка дIаяхара. 2009-чу шарахь цигара цIайирзича, юха а школа-интернате балха яхара иза. Таханлерчу дийнахь 8-гIа класс ю цуьнгахь, иза итт берах лаьтташ ю.
«Бераш диканиш а, вониш а аьлла къасто мегар дац, – дуьйцу Л. Шимильхановас, – суна уьш дерриге а цхьатерра дукхадеза. Массо а бераца лараме хила хьожу со. Цхьажимма а ахь царна халахетар дича, цара кхин ла ца дугIу, хьо цаьрца ма-хиллара хуьлу уьш хьоьца. Царах цхьанна айса халахетар дича сихха къинтIера боху ас уьш. Бераш хаза а дуьйцуш, Iамо дезаш ду. Уьш чехош, дов деш йолу кеп аьттехьа а мегар яц. Кхузахь болх беш волу хьехархо адамалла йолуш, эсала, собаре, а шега динчу муьлххачу хаттарна жоп дала хууш хила веза», – боху цо.
Л.Шимильханован кабинета чохь ахго беш стоьлаш ю дIахIиттийна, дерриге а бераш хьехархочунна дика гур долуш. Иштта интерактивни у, терхеш тIехь нисйина дIахIиттийна Iаматаш, берийн тетрадаш ду. Дарс хьехаран план ю хIоттийна. Цу юкъадогIу: маршалла хаттар, гIазанчин рапорт (маса дешархо веана, мила ца веана, иза цаваран бахьана), цIахь бан белла болх таллар, керла тема хьехар, чIагIъяр, дарсан жамI дар. Кхечу школашкахь ма-хиллара ю кхузара Iаматаш а, дийнахь 6–8 дарс хуьлу, хIора дарс – 40 минотехь, юкъахь 5–15 садаIаран минот а йолуш. Боккха тидам тIебохуьйту хьехархочо бераш кхетош-кхиоран декъана а. Вайн къоман гIиллакхаш, Iадаташ Iамадо классни сахьташкахь, иштта диллина дарсаш а хуьлу ялссам. Цара дикачу агIор тIеIаткъам бо берашна. Иштта школа-интернатехь болчу къоначу хьехархошна а пайдехь хуьлу уьш. Дуьххьара Ларисас диллина дарс делира 6-чу классан дешархошна, аьзнашка, элпашка дешнаш къастор аьлла йолу.
Шен дешархошка механически Iама ца дойту цо. Керлачу дешан аларан кеп а, маьIна а дIахьоьху. Дукха къахьоьгу хIора бер кхето гIерташ. «Нагахь санна цара цхьа дош дицдахь, ахь хьегна къа дерриге а дIадолу, – боху Ларисас. – Бераша дош нийса аларехь йоккха меттиг дIалоцуш ду артикулляци ларъяр, ахь дош олучу хенахь балдашка хьаьжча схьаала хууш хила деза уьш. Иза коьртачарех ду. Iамийна дешнаш хаддаза карладохуш, олуьйтуш хила деза. Масала, сан тема «Доьзал» аьлла елахь, хIора дешархочуьнга кхо–диъ хаттар до цуьнан доьзалх лаьцна.
«Бераш кхиа доьлча хьеха хала хуьлу, цундела цхьаболчу хьехархоша юьхьанцара классаш схьаоьцу. Амма соьга айса Iамош долу бераш дита ца ло, дита а лур дацара», – боху Шимильханова Ларисас.
Саламова Заремин а, Катиева Лидин а хьехаран кепах пайда эцна Л.Шимильхановас. Адамалла йолуш, шайга хаьттинчунна кхетош, дуьззина жоп луш болчу. Ларамца йоху Ларисас церан цIерш.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо