Нохчийн Республикин Онкологин диспансерехь «Онкологехь анестезин а, жигарчу терапин а, чолхе а, къастийна цхьалха дахаза а гIуллакхаш» аьллачу темина лерина конференци хилира. Цигахь дакъалецира Россин могашаллаIалашъяран министерствон «Къоман медицинин талламан радиологин туьшана юкъайогIучу анестезиологин а, реанимацин а отделан куьйгалхочо Хороненко Викторияс, Онкологин диспансеран коьртачу лоьро Сулейманов Эльхана, оццу диспансеран анестезиологин а, реанимацин а, жигарчу терапин а отделенин заведующис Тазабаев Тимура, Нохчийн Республикин коьртачу онколога Ахматханов Хьусена, кхечара.
Хууш ма-хиллара, онкологин цамгар уггаре а чолхечарех цхьаъ ю. Онкологин цамгар йолчу дархойн лоьраша терго яр алсамдаккхаре а, оьшучу молханашца царна кхачояре а, дархошна операци яле а, йинчул тIаьхьа а чолхе тIаьхье ца хилийтарехьа къахьегаре а кхайкхар яра конференцин коьрта Iалашо.
«ХIара санна конференци вовшахтохар къаьсттина мехала гIуллакх ду. Онкологин цамгар йолу цомгаш нах уггаре чIогIа а ларбан безаш бу, хIунда аьлча, церан цамгар сиха чIагIло орам кIаргло. И цамгар йолчарна дарба лелоран дикалла алсамъяккха еза. Операци ян езаш хьал нисделча, онкологин цамгар ерш психически агIор кечбарехь а хаарш хила деза лоьрашкахь. Цхьаберш чIогIа кхоьруш хуьлу шайна операци ярна. Психолог санна, церан дагчуьра кхерам дIабаккха хьажа веза лор. Со тешна ю, таханлера конференци Соьлжа-ГIаларчу тхан белхан накъосташна пайдехь хирг хиларх», – элира Хороненко Викторияс.
И.М.Сеченовн цIарахчу анестезиологин а, реанимацин а кафедрин хьехархой, гIарабевлла бевзаш болу профессорш бара конференцехь коьрта докладчикаш. Онкологин хьокъехь мехалчу теманашна лерина докладаш йира царах хIораммо а. Онкологин диспансеран анестезиологин, реанимацин а, жигарчу терапин а отделенин заведующис Тазабаев Тимура а йира чулацаме доклад.
Оцу мехалчу конференце Нохчийн пачхьалкхан университетан медицински факультетера студенташ а баьхкинера. Профессорша докладаш ечу хенахь цара лерина ладуьйгIира. Вовшахтохархоша хаийтира, и санна йолу конференцеш тIейогIучу хенахь Ростовехь а, Челябинскехь а, Омскехь а дIахьуриг хилар.
З.ХАСИЕВА
Авторан суьрта тIехь: конференцин дакъалацархой
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо