Миччахь, муьлххачу къоман стагаца леладахь а хаза ду-кх гIиллакх. Цо хаздеш ду-кх адам. Мел хаза, товш стаг хиларх цуьнгахь гIиллакх дацахь, ца оьшу цуьнца долу гергарло, доттагIалла. Халахеташ делахь а, дуккха а хеза гIиллакх цахиларх лаьцна дуьйцуш. Амма хьо цуьнан теш хIоьттича чIогIа новкъадогIу.
Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалахь №31 йолчу маршрутки тIехь гинчу суьрто дог Iовжийра.
Маршрутки чохь цхьанхьа яха новкъаяьлла цхьа хаза товш ши йоI яра. Цу шиннан къамеле ладоьгIча хаалора и шиъ дикка евзаш хилар (гергара елахь а, цхьаьна доьшуш елахь а). Амма цу шина йоьIан еларо мелла а шаьшшина тIе тидам бахийтинера нехан. «Беркат» базаран социйле кхаьчча маршрутки тIера масех стаг охьавоьссира. Цул тIаьхьа хиъна Iачу йоIа боху шофере:
– «Следующи» сацаелахь!
– «Автобазехь» бохий ахь?
– «Следующи» боху ас! (Реза а йоцуш).
– «Автобаза» юьйцу-кх ахь тIаккха. Юхахула хаа дика хир ду хьуна, йоI, «Автобаза» ю ахь юьйцу «остановка».
– ХIан-хIа, ас «следующи» эр ду, ахь сацор ю.
«Тхойшиъ юьртара «колхозница ма ю, тхойшинна ца хаьа гIалахь лела», – бохуш, доггаха йоьлуш, вовшашка хьоьжура и шиъ.
Водитель цецваьлла хьоьжура цу шина йоIе. Кхин хIумма а ца олуш «Автобаза» социйлехь сацийра цо маршрутка. ТIаккха цу шиннах цхьамма ела а йоьлуш боху: «ХIе-ей, хIокхунна ша схьакхаьчний ца хаьа хьуна, охьайосса, схьакхаьчна вайшиъ.
И шиъ охьайоьссича водитель а, маршрутки чохь хилла нах а, оцу шина йоьIан гIиллакх дацаро цецбаьхна, царна тIаьхьа хьаьжнначохь бисира
И шиъ, шек йоцуш дIайоьдура… Иштта дIайодахь стенга кхочур ю-м ца хаьа. Шеко йоцуш ду дикане кхочург ца хилар.
Оццул нохчийн гIиллакхах херделла, генадаьлла нохчийн зудабер муха хир ду?! Цхьаьннан доьзалехь, цхьана нанас хийла буьйсанаш ларйина-кх цуьнан ага техкош. Кхана, лама цхьаьна нехан нус хила езаш, къоман кхане а кхио езаш ю и шиъ.
З.ЛЕЧАЕВА
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо