Болх жигарабаьккхина

ТIехьа-Мартанан районерчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туьшан болх гIийла бохкучу бахархойн социальни гIолацаран гIуллакхаш кхочушдарна тIехьажийна бу. Туьшан директора Р.Сайдаевс дийцарехь, учрежденин коллективо 2015-чу шарахь бинчу балхана анализ яро гайтира бахархойн цIахь социальни хьашташ кхочушдар, дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, дикка тоделла хилар. Дикачу агIор и хийцамаш хилла Нохчийн Республикин къинхьегаман, нах балха дIанисбаран, социальни кхиоран министерствос а, районан администрацис а хьалхахIиттош болу лехамаш лакхабовларца доьзна

.   Учрежденин коллективан болх жигарабаьлла гIуллакх кхочушдаран низам а, хьашташ кхочушдаран дикалла а лакхаялар бахьана долуш. Туьшан коьрта болх бу дахаран халачу хьоле нисбелла болу а, социальни гIо-накъосталла оьшуш болу а бахархой билгалбахар, бахархойн социальни а, медицински а, бакъонийн а, психологически а, юридически а, кхидолу а хьашташ кхочушдар.

Тахана туьшехь бу социальни гIо оьшуш болчу баккхийчарех а, заьIапхойх а лаьцна болу буьззина хаамаш. ЦIахь социальни хьашташ кхочушдеш йолчу отделенин гIуллакххоша шайн балхахь боккха тидам тIебохуьйту баккхичийн а, заьIапхойн а цIера хьашташ ницкъ ма-кхоччу дика кхочушдарна.

Туьшана юкъайоьдуш ю бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран 21 отделени. Цара кхочушдо районан бахархойх гIийла бохкучеран хьашташ. Царна юкъабогIу баккхий нах, заьIапхой, шаьш цхьаберш, буобераш, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш, тIеман дакъалацархойх бисина Iаш болу зударий. Цхьа бисинчеран тидам беш, уьш болчу боьлху туьшан белхахой. Карарчу хенахь учрежденин белхахоша хьашташ кхочушдеш ву 1000 сов стаг: Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман 3 дакъалацархо, тIеман ветеранех йисина 25 зуда, тылан 39 къинхьегамхо, цамгаран 518 заьIапхо, цхьа висина къена 411 вахархо. Кху шеран дIабаьллачу муьрехь туьшо кхочушдина 80 эзар сов социально-дахаран-Iеран а, санитарно-медицински а, кхидолу а хьашташ.

– Кху шеран 1-чу январехь дуьйна керлачу законодательствоца юкъадалийна кхитIе хьашташ кхочушдар: къинхьегаман хьашташ кхочушдар, аьлча а балха хIитта гIодар а, церан белхан таронаш алсамъяхар а, – дуьйцу Р.Сайдаевс. – Тхан социальни декъан белхахоша гIо до бахархойн юридически хьашташ кхочушдарехь, документаш кечдарехь, тайп-тайпана справкаш яхарехь. Оха болх бо хьалххе хIиттийначу планашца. Туьшехь вовшахтоьхна ю нехан цIахь социальни хьашташ кхочушдеш йолу социальни пхи отделени, социально-медицински хьашташ кхочушдеш йолу леррина йолу отделени. Оха хьашташ кхочушдечарна юкъахь дукха бу гIийла бохку доьзалш а, шаьш цхьа болу бахархой а. Дукха бу заьIапхой. Церан социальни хьашташ кхочушдина ца Iаш, медицински хьашташ кхочушдарна а боккха тидам тIебохуьйту. Иза ду шайна Iуналла деш болчеран ахчанах молханаш, цомгашчарна оьшу хIумнаш эцар а, цаьрга дIакхачор а. Оьшуш меттиг еача, медицински белхахоша бахархойн цIахь хьалхара медицински гIо до. Цул сов, социальни декъан белхахоша уьш догIуш болчарна баттахь цкъа цIа сурсаташ хьо. Церан мах туьше кхочучу ахчанан бараме хьаьжжина бу. Социальни белхахой шаьш Iуналла деш болчарна тIебоьлху кIиранах шозза. Иза къаьсттина оьшуш ду цхьа болчу а, меттахь бисинчу а нахана. Уьш чIогIа реза бу шайн хьашташ оцу кепара кхочушдарна.

Р.Сайдаевс иштта хаам бира коррупци ца хилийтарехь болх беш йолу белхан тоба туьшехь вовшахтоьхна хиларх лаьцна. Белхан тобано хIора кварталехь кхеташонаш дIахьо, цигахь дийцаре до коррупцина дуьхьал бечу балхаца доьзна долу гIуллакхаш. Социальни белхахоша хIора кварталехь дIахьо шайн социальни хьашташ кхочушдеш болчаьрца анкеташ кечъяр. Туьшехь хьашташ кхочушдарехь коррупци хиларна а, цуьнан балхана а аьрзнаш ца хилла. Туьшан куьйгалхой 23-чу февралца а, 9-чу майца а доьзна долчу дезачу деношкахь хуьлу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранаш а, тIеман дакъалацархойх бисина зударий а болчохь. Царна совгIаташ а, сурсаташ а ло.

 

З.ФЕДОРОВА

Кечйинарг – С.Магомаев

№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: