Вай цкъа а бицбийр бац машаран некъа тIехь кхелхинарш

Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахойн де тIекхочуш, «Даймохк» газетана интервью елира Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра, полицин инарла-лейтенанта Алханов Руслана.VCEDcjZQNT-400x270

    – Шахин Руслан, вайн къамел дIадолош, довза лаьара Нохчийн Республикехь долу оперативни хьал. ХIун кхиамаш баьхна бакъонаш ларъярхоша республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органаш когахIиттинчул тIаьхьа?

– 2000-гIа шераш дуьйлалуш хилла болу кегарий  а дагабогIу вайна, тахана вай баьхна болу кхиамаш а го. Бакъду, вайн махкахь машар а, низам а дIахIотторан некъа тIехь боккха «мах» белла вай. Шайн белхан декхарш кхочушдеш, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн 1 571 белхахо кхелхина. Уьш шайн дахаран чаккхе тIехIотталц Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъана муьтIахь болуш, къахьегна бу.

Махкахь хилла болу кхимаш массарна а гуш ма бу. Уггаре а хьалха, халкъана хиъна, ша оьшуш дуй: берриге  а россихойн йоллу бакъонаш ю тахана нохчийн а. Дахар а дIанислуш ду. Республикин бахархоша Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан машаре а, беркате а къобалбеш а бу.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лууш мел хилларг тахана кхочушдина цуьнан кIанта, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийн Республика меттахIоттийна цо. Ткъа бакъонашларъяран органийн белхахоша беш болу болх бахьанехь, республикин бахархой кхерамзаллехь бу. Оперативни хьал а ду низаман хоршехь. Бахархойн кхерамзалла ларъярехь дийнахь а, буса а къахьоьгуш бу полицин белхахой. Экстремизмина профилактика а, дуьхьало а ярехь оьшуш мел дерг а цара деш ду. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо гIо дар, кхечу нуьцкъаллийн структурашца  болх бар бахьанехь, тахана оха баккхий кхиамаш баьхна оперативно-белхан декъехь.

 –Республикин  МВД-н белхахоша бинчу белхан жамIашна реза вуй хьо?

– Бинчу белхан мах оха хадо безаш бац, халкъо хадо безаш бу. ХIетте а, хIора шарахь тхан гайтамаш толуш, лакхабовлуш бу. Масала, карарчу шеран 9 баттахь зуламаш 1,6 процент лахделла, даккхий зуламаш дар 6 процентана, ткъа къаьсттина даккхий зуламаш  дар – 26 процентана. Уьш ду стаг вер, хIума лачкъор, герз а карахь дина долу кхин зуламаш а. 800 сов юкъараллин-политикин а, культурно-спортан а мероприятешкахь кхоччуш кхерамзалла а, къепе а ларйина. Леррина операцеш дIахьош, НВФ-н 16 декъашхо хIаллаквина, цаьрца юкъаметтигаш хилла волу 66 стеган гIуллакхаш талла а долийна. Делахь а, массанхьа а санна, оха бечу балхаца а нисло кхачамбацарш. Уьш дIадахарехь карарчу хенахь а къахьоьгуш ду.

– ХIун декхарш ду чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахошна хьалха хIиттош?

– Республикин МВД-н белхахошна хьалха долу уггаре а коьрта декхарш: терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам латтор; бахархойн кхерамзалла а, юкъараллин къепе а Iалашъяр. Тахана республикин бакъонашларъяран органийн белхахой машаран а, кхерамзаллин а масалш ду.

 – Къайле яц, массарна а бевзаш болу хиламаш бахьанехь, пачхьалкхан совгIаташ делла дуккха а белхахой хилар, амма иштта болуш бу оцу хиламашкахь заьIапхой хилларш а…

– Баккъал а, кхечу субъекташка хьаьжча, Нохчийн Республикехь пачхьалкхан совгIаташ делла дуккха а бакъонашларъяран органийн белхахой бу. Цо гойту, цара машар ларбарехь даккхийр хьуьнарш гайтина хилар. Иштта дукха бу кхелхинарш а, заьIап бисинарш а. Амма цара яхь дIа-м ца елла. Уьш бехаш бу, шайн дахаран хIора а денна бакхий а беш. Хазахета, МВД-с йина ца Iаш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан Президента а церан  гуттар а терго еш хилар.

– Нохчийн Республикин  МВД  вовшахтохар муха хилира?

–Нохчийн Республикехь конституцин къепе д1ахIотторан хьалхарчу (1999-чу) шарахь дIаболабелира бакъонашларъяран органаш меттахIотторан болх. Дуьххьара Россин МВД-н республикехула йолу Урхалла яра кхоьллинарг. Хьалхарчу шерашкахь иза Къилбаседа ХIирийчоьнан Моздок гIалахь яра, тIаккха – Гуьмсехь, цул тIаьхьа, 2001-чу шарахь бен Соьлжа-ГIала сехьаяьккхина яц. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лаамца йира Урхаллех Министерство. Дийцина цаваллал доккха гIо дира цо МВД-н когахIоттош.

Ахьмад-Хьаьжас гуттар а олура, республикехь машар дIахIотторехь а, бахархой маьршачу дахаре берзорехь а коьрта декхар  бакъонашларъяран берриге а болх Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн органашка дIабала беза олий. Иза хилира 2002-чу шарахь. Цул тIаьхьа ведомство когахIоьттина а яьлла, кхоччуш бакъонашларъяран структура а хилла, дIахIоьттира.

– 10-чу ноябрехь, Россин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахоша шайн корматаллин дезде даздо. Хьуна хIун ала луур дара цаьрга цу хьокъехь?

– Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахой а, ветеранаш а декъалбан луур дара суна церан корматаллин дезчу денца! Ондда могашалла а, аьтто а, балхахь баккхий кхиамаш а хуьлда церан!

 

Интервью дIаяьхнарг  –

И.ХАСАХАНОВ

№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: