Уьйрашна вицвелча, Далла а вицлой
Базло бах лахьти чохь упхана тхов…
Гадаев М.-С.
Заманан йохалла вицлур волчех вац Дениев Бойсари. Верасаша, доттагIаша, белхан накъосташа иза ца хьахош наггахь де дIа ца доьду. Хаддаза хьехо хьакъ долуш кIант вара иза. Доьналлица, майраллица, гIиллакх-оьздангаллица дахарехула чекхваьлла. Даймахкана шен са ца кхоош Далла дуьхьал вахана. Веза-Воккхачу Дала гIазот къобал дойла цуьнан. ТIеман цIаро къинхетамза багочу Даймахках ца къехкаш, бакъволчу эпсаран сий лардеш, цкъа а осалалла шегара ца йолуьйтуш ваьхна Бойсари. Жималлехь дуьйна массо хIуманна ша жоьпаллехь хеташ вара. Ткъа Нохчийчоь зуламин дарцо бIарзйинчу муьрехь мокхазан берд хилла дIахIоьттира иза Даймахкана гIароле. Цкъа а ша кхоош Iедал дацара цуьнан. Даима нийсархошна, белхан накъосташна хьалха волуш Iедал дара уггаре а луьра киртиг буьрсачу тасадаларшкахь тIехIоьттича. Цундела даха дисина Бойсарин сирла амат и вевзанчеран, везначеран дегнашкахь. Шайн дуьхьа баьхна, таханлерчу зовкхе къам кхачийта хьанал къахьегна, Даймехкан дуьхьа бIаьрнегIар ца тухуш дахар дIаделла турпалхой цкъа а биц ца бо халкъо. Иштта болчу къонахех цхьаъ вара Дениев Бойсари.
1958-чу шеран июль беттан 26-чу дийнахь нохчийн боккхачу доьзалехь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу ваьлла вара Бойсари . Цуьнан да Дениев Хамби Соьлжера вара. Амма доьзална деша болчу аьттонна Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь сецнера иза, Ной Буачидзе цIарах болчу урамехь ков-керт эцна. Хамбин исс бер дара, ворхI кIант, ши йоI, Бойсари царна юкъахь ялхалгIа бер дара. Хамбин бераш дерриге а дешна, цхьацца говзаллаш караерзина, халкъана, махкана муьтIахь болуш, хьанал къахьегна, хьоьгуш а хилар. Царна юкъахь политикаш, эпсарш, лоьраш, хьехархой, инженераш бу. Ткъа Бойсари жима волуш дуьйна милицехь болх бан лууш вара. Цундела юккъерчу школехь доьшуш волуш дуьйна кIанта алссам къахьоьгура билгалъяьккхинчу Iалашоне кхача. 1965-чу шарахь иза деша вахара Соьлжа-ГIаларчу №37 школин хьалхарчу классе. ТIаккха, кхиамца школа чекхйоккхий, балха хIутту «Скотпром» цIе йолуш хиллачу Соьлжа-ГIаларчу цхьана бахаме. Бакъду, жима стаг балхах вола кхиале 1976-чу шарахь эскаре гIуллакх дан кхойкху. Оренбургски областерчу Орск гIала кхочу вайн къона махкахо. Амма мичча кхачарх яхь дIалур йолуш вацара иза. Оьздачу дас-нанас вайнехан гIиллакхийн гурашкахь Iамийна вара, мел йоккха хало тIехIоттарх нохчаллех ца вухуш муьлххачу зерех чекхвер волуш вара. Шен къоман сий лардеш, тIехIиттинчу хьаькмашна муьтIахь волуш, собарца, доьналлица чекхвелира Бойсари советийн эскарехь. Бераллехь дас-нанас шега мел дийцинчуьнга сема ладоьгIна хиллера кIанта. Цундела эскарера цIавоьрзуш Бойсарис цхьа чамда юьззина тоьшаллин кехаташ деара, цигарчу хьаькмаша тIе мухIарш хIиттош яздина кхуьнан нуцкъала амал, гIиллакхе-оьзда хилар, даймахкана муьтIахь хилар тIечIагIдеш. Царах доккха беркат даьлла кIант Соьлжа-ГIаларчу Старопромысловски кIоштан чоьхьарчу гIуллакхин отделе балха хIоьттира. Доцца аьлча цунах милцо хилира. Бойсарина дукхабезара шен болх. ТIедехкина декхарш цхьа мисхал гал ца волуш кхочушдора. Гуш дара иза бакъонашларъяран структурашка балха цIархазмана хIоьттина цахилар. Баккъал а нийсо, бакъо езаш, деэшначунна орцаха вала кийча волуш милцо вара кIант. Дукха хан ялале хьаькмаша тидаме ийцира балхана жима стаг сутара хилар. Балха дIахIоьттина дукха хан ялале отделан гIазанчин гIоьнча хIоттийра Дениев Бойсари. Ткъа цул тIаьхьа 1980-чу шарахь Азербайджанерачу Мардакянехь йолчу милицин школе деша хьажийра.
Шина шарахь дийшира Дениев Бойсарис милицин школехь. Цигара цIавирзича Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн отделехь оперуполномоченнин балха хIоттаво иза. ТIаккха дукха хан ялале Шуьйта кIоштан чоьхьарчу гIуллакхин отделан хьаькаман заместителан дарже балха хьажаво. Миччанхьа балхахь хиларх а, иза хьанал къахьоьгуш вара. Муьлхачу дарже кхачарх цунна хийра яра куралла, сонталла. Цуьнца цкъа ца хилла мискачу адамех пе беттар. Массаьрца цхьабосса тIекаре, кIеда-мерза , ша дIакхаьчначу белхан меттигехь тарлуш, мегаш чекхваьлла и яхь йолу кIант. Цундела дукха тамашийна ца хета Нохч-ГIалгIайн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос шен рогIерчу коллегехь вайнехан эпсарех тоьллачарех цхьаъ волу Дениев Хамбин кIант Бойсари Москварчу Академи деша хьажо сацам тIеэцар. Иза Академи чекхъяьккхина валале баккхий хийцамаш хуьлу Россин пачхьалкхехь, цуьнца цхьаьна Нана-Нохчийчохь а. Бойсари деша хьажийна советийн Iедал, тIулгах кхетта кхийра кхаба санна, доьхна дIадаьллера. Мехкан куьйгалхой хийцабеллера. Керлачу хьаькамийн лехамаш, Бойсарин дуьненахьежамаш цхьана богIуш бацара. Цкъа а цхьана уьйр болуш а бацара. Делахь а, доьзална напха ца лехча ца валарна цхьана ханна Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхин министерствон штабан хьаькаман заместителан даржехь болх-м бира Дениев Бойсарис.
Тамашийна зама яра иза. Тоххара советийн заманахь социалистически йохаллехь тоьллачарна кара кховдо цIен байракх санна сих-сиха Iедал хийцалора, дIахIоьттинчух миска адам доьлла далале. Хууш ма-хиллара 1994-чу шеран цIемзачу гуьйранна Нохчийчохь хьалхара тIом болабелча чоьхьарчу гIуллакхийн министерсвон тхов кIела «бIов» баьхна дукхаха болу хьаькамаш къайла бевлира. Кадрови эпсар волу Дениев Бойсари цхьаннах лечкъа, ийзавала шена бахьана ца хиларна балхахь сецира. 1995-чу шеран февраль баттахь дуьйна Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн штабан лакхарчу инспекторан дарже балха дIахIоьттира иза. ТIаьхьо-м иза штабан инспекцин куьйгалле хIоттийра. Вай массо санна Дениев Бойсари а чIогIа тешнера цу муьрехь тIом дIабоьрзуш хиларх, Нохчийчохь низам дIахуттуш хиларх. Цунна бIаьрла гуш дара Iазап токхуш долу миска адам, федеральнин эскарийн цхьаболчу векалша лелош йолу харцонаш. Шен ницкъ кхочург дерриге а дора цо къизаллица юьйцина ямартло дIаяккха. 1996-чу шеран август баттахь, тIом дIабоьрзу сурт хIоттийна, Соьлжа-ГIала юха а къацахетарийн караяхийтира тIеман дайша, шайн жухаргин ловзарш кхин а дIадахьа йолчу ойланца, декъаза нохчийн къам кхин цкъа а цIерга кхуссуш.
Цул а масех де хьалха Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствехь кхеташо хиллера, цхьаболчу эпсаршна герггарчу деношкахь кIоштийн чоьхьарчу гIуллакхийн отделашкахь инспекци яр тIедожош. Кхеташонехь цу балхана билгалдаьхна денош 5-6-гIий август дара. Инспекцина куьйгалла деш Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхин министр хилла полковник А.С.Таранов, цуьнан хьалхара заместитель Дакаев Ахьмад вара, ткъа инспекцин декхарш кхочушдан дезаш министран заместитель Е. Пантелеев, штабан хьаькаман заместитель Дениев Бойсари вара. Лакхарчу хьаькамаша тIедиллинарг кхочушдан Iемина эпсарш, 1996-чу шеран 5-чу августехь Iуьйре новкъа бевлира, шайна тIедехкина декхарш кхочушдан дагахь. Амма министерствон хIусамера арабевлла, Соьлжа-ГIаларчу Заводской отделе хIорш дIакхачале, бIаьрг белла ца кхуьуьйтуш кхеран машена тIе герз детта долийра. Кхин дIа некъ бийр бу бохург аьттехьа дацара. Эпсаршна йина кIело ч1ог1а яра. Делахь а, кхеран юха бовлийла дацара, кхера балар бохург-м кхарна дага а ца деара. МостагIий го бан кхиале кIелхьара довлар Iалашо лецира эпсарша. Кхара дуьхьала герз детта долийра. Итт-пхийтта минотехь тIом бинчул тIаьхьа шина агIор чевнаш хилла адамаш долуш, хала-атта кIелхьара бевлира хIорш. КIелхьара бовларх тоьий, МВД-на мостагIаша го бина, яьллачу цIеран хьесапехь боьдуш тIом хилча. Цу дийнахь, 5-чу августехь, я шолгIачу дийнахь 6-чу августехь хIорш Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон хIусамна тIекхочур бу бохург аьттехьа дацара. Цундела ГАИ-н гIишлочохь цкъачунна хьулбала сацам бира цара. Хаддаза дIаса детташ герз долуш хIоьттинчу хьолехь куьйгалла шена тIелецира Дакаев Ахьмада. Пантелеевна, герз кхетта, чов йинера. Иза мостагIчунна каравохуьйтийла дацара. Полковник кIелхьара ваккхар Дакаев Ахьмада шена тIелецира. Иштта кIелхьараяккха езаш яра Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон байракх. Дениев Бойсарис иза дегIаца хьулйира, гIодаюккъе дIайихкина, тIаккха шина буйнахь дIадетташ герз долуш, мостагIий гона юккъера вала дIатасвелира Соьлжа хи долчу агIор. Делан къинхетам хьалха баьлла министерствон байракх кIелхьара яьккхира цо. Шен дегIан а, дахаран а ойла ян рагI ца кхочура эпсаран цу мIаьргонехь. Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон байракх, аьлча а цуьнан эпсарийн сий дара цо лардинарг, мостагIчун акхараллех хьулдина кIелхьара даьккхинарг. «Северный» цIе йолчу аэропортехь лаьтташ хиллачу федеральни эскарийн тобанан хьаькамашка хьакъдолчу кепара дIаелира кIелхьара яьккхина байракх. Шен болх безаш, иза дош-дезар хеташ волчу стаге бен далур долуш, я дийр долуш хIума дацара иза кхехкачу тIеман кIуьрлахь. Иштта яхь йолуш кIант вара Дениев Бойсари. Бераллехь дуьйна Даймехкан сий дан Iамийна вара, цунна тешаме, муьтIахь хилар цIийх доьлла вара. Мел буьрса бIо шена дуьхьала баларх озавелла юха вер волуш вацара. Цкъа мацах Даймехкан маршонна гIаролехь латта нигат дина ара ваьлла хилча, цуьнан шовкъечу даго аьттехьа ца дуьтура цхьана мIаьргонна халкъана, махкана ямарт хилар. Дукха хан ялале юха а Iедале баьхкинчу «ичкерийцаша» балхара дIаваьккхира Россин милицин подполковник Дениев Бойсари. Цундела цхьана ханна Владимирски областе дIавахара иза 1997-чу шеран юьххьехь. Къоме боьссинчу балано самалха дала ца витахь а, Даймехкан муьлххачу маьIIехь бича а безачу балхо мелла а дог оьций хууш. Владимирски областерчу Киржачски кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн отделехь ППСМ ротин командир хIоттийра вайн махкахо. Кхаа шарахь гергга болх бира цо, цигахь. Дагна хьаам беш бацара геналлехь беш болу болх. Бойсари дика кхетара цхьана ханна ша Владимирски областе кхаьчна хиларх. Челакхчу замано даймахках хьегош ша идош хиларх. Бакъду, белхан декхарш баккха бехк ца буьтуш кхочушдора цо, Россин милицин эпсар ша хиларе терра. Делахь а, хаддаза Нохчийчоьнах хьерчара массо а ойла. Кхузахь бисина гергарнаш, бевза-безарш, хIара цIаверзаре гIийла сатуьйсу къена нана. Цундела шолгIа тIом вайн махкахь кхехка болабелча иза гечонаш леха вуьйлира цIаверза. 2000-чу шарахь ша-шаха билгалделира и гечо а.
Вайна хууш ма хиллара Россин массо маьIIера милцойн тобанаш яра Нохчийчохь ХХI-гIа бIешо дIадолалучу муьрехь. Дуьненаюккъарчу террористашца къийсам латточу вайнехан кIенташна гIо-накъосталлийна схьахьежош яра и тобанаш. Владимирера милцой юьстаха буьсийла дацара цу мехалчу гIуллакхна. Ишттачу цхьана тобанца Нохчийчу схьавеара Дениев Бойсари. Цунна хаьара хала хир дуйла, кхузахь марсабаьлла дIабоьдуш тIом буйла. Шен са лардан лиънехь Владимирехь саца аьтто бара цуьнан. Амма къинхетамза тIамо морцуш Даймохк болуш хала ду яхь йолчу кIантана юьстах ваьлла Iа. Бойсари муххале а Iалур вацара. Цул совнаха кхин цхьа бахьана а дара иза цIаверзаран. Тайп-тайпана нах бара иштта кхечу мехкашкара Нохчийчу схьахьежочу милцойн тобанашна юкъахь. Вайнах цабезарш кIезиг бацара цаьрца. ТIаккха цара цхьацца зуламаш деш меттигаш нислора. Цундела цхьа стаг мукъане а шега бохамах хьалхаваккхалахь цу доьхначу хьолехь мерза кхаъ хетара болуш вара подполковник Дениев Бойсари. Мелла а цIенна уллехь ша хилча миска нана сапаргIат хиларе сатуьйсура цо.
Нохчийн Республикин Щелковски кIоштехь лаьтташ яра Бойсари юкъахь волу Владимирера еана милцойн тоба. Кхиболу милцой санна зуламхошца къийсам латтош бара хIорш а. КIоштара хьал чолхе дара, зуламхой к1езиг бацара. Бойсарис болх бора де-буьйса ца лоьруш. Дукхах болу кхуьнан белхан накъостий хьошалгIахь хиллехь а, хIара шен цIахь вара, денош дIаэхарх волийла дацара кхайкхаза беанчу балех а, Нохчийчохь бода букъбеш дебначу гIайгIанех а. Сил дукхадеза кхуьнан къам дара оцу Iаьржачу бодано садукъдеш, йийсаре лаьцна, Iазап токхуш. Яхь йолчу дагна лан хала киртигаш яра денна схьагуш ерш. Делахь а Бойсарина Делан диканах дог дилла ца лаьара. Иза воккхавера цхьа кIант мукъане бохамах ларван шен аьтто баьлча. Дукха къахьоьгура эпсара, жима хиларна Iехавелла зуламхошна юкъавахнарг кхето лууш, иза нийсачу новкъа ваккха лууш. Хийла наб йоцуш буьйса текхна цо кегийрхошца кхетош-кхиоран болх дIахьош, даймахках, доттагIаллех, къонахаллех къамелаш деш. Алссам кегирхой кIелхьара баьхна цо хила тарлучу зенах-зуламах. Цунна чIогIа лаьара сихха тIом дIаберза, маьрша Нохчийчоь серлаяла, самукъадаьллачу берийн зевне аьзнаш урам-новкъахь хаза. Иштта сирлачу ойланашца велира иза цу йоьхна еанчу буьйсанна а новкъа. Щелковски кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн отделе хаам хиллера зуламхой болу меттиг юьйцуш, керлачу талорна кечам беш уьш хилар хоуьйтуш. Дукха хан яра милцоша и зуламхой лоьху. Дукха зенаш динера цара. Амма цхьана метта сацар-латтар доцу уьш лаца ца лора. Ткъа махкахь зуламаш а, зуламхой а дукха хиларна цхьана тобана речIа йоьгIна Iойла дацара. Царах долу хабар-кост схьакхаьчначул тIаьхьа сихха дIа лилхира хIорш. 2001-чу шеран 13-чу августехь дара иза. Буьйсанна 11 сахьт долучу хенахь зуламхойн гIера схьалаца миллицин машенахь БойсаригIар дIалилхича, Iалашо цхьаъ яра: массийтта талор дина, мискачу адамашна бале яьлла и зуламхойн арданг схьалаьцна, хьакъдолччу жоьпе озор. Амма кхаьрга санна хаам зуламхошка бина хиллера. Луьста деттачу герзаца дуьхьал бевлира уьш Iодара яьлча санна йогIучу милицин машенна. Машенна чуьра охьа восса кхиале герз кхетта чов йира Бойсарина а, цуьнан цхьаболчу накъосташна а. Бакъду, тIекхиинчу орцано зуламхой хIаллакбира. Делахь а, вайн турпалхочуьнгахь чIогIа вуон хьал дара. Владикавказе госпитале вадийра иза белхан накъосташа. Амма мел говзачу лоьрашка цкъа а сацаелла яц-кх Делан Iожалла. Автоматан д1андарг кхетаро кхетамах ваьккхина Бойсари, кхин метта ца вогIуш, 2001-чу шеран 19-чу августехь дIавелира Владикавказерчу госпиталехь. Къинхетамза дог Iовжийра йижарийн-вежарийн, елха йисира кIант вина нана, холча хIиттира доттагIий, белхан накъостий. Соьлжахоша лаьтте верзийра ткъех шарахь сов юьртахойн дозалла хилла лаьттина волу шайн яхь йолу кIант милицин подполковник Дениев Бойсари. Шовзткъа шаре ваьлла, гIеметта хIоьттина къонах вара иза, уггаре а дуьненах самукъа долу хан йолуш. Делахь а Даймахкана тIехула Iаьржачу мархийн дохк дазделча, юьстах ваьлла ша ларвалар дага ца доуьйтуш, бакъболчу къонахийн новкъа ваьлла вай ирсе кхачо шен дахар дIаделира цо. Бойсарин тезет дIадирзина далаза дара «Къонахаллин орден» цунна яларан хьокъехь Москвара хаам Соьлже кхаьчча. Ткъа генарчу Владимирехь хIоттийна хIоллам бу шайн белхан декхарш кхочушдеш эгначу милцошна, хIораннан сийлахь цIе билгалйоккхуш. Царна юкъахь маьлхан зIаьнарех лепаш ю вайн махкахочун Дениев Бойсарин цIе. Амма уггаре а коьртаниг милицин подполковника Дениев Бойсарис шел тIаьхьа яккха йитина къонахчун оьзда цIе ю. Иза йовза, цуьнан сий лардан декхарийлахь ду тIекхуьу чкъор. Заманан йохалла нур ца довш, вайн дегнашкахь даха хьакъ ду къоман маршо йоккхуш шен дахар дIаделлачу яхь йолчу кIентан сирла амат.
А.ГАЗИЕВА
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо