Кхин а тобан беза МВД-н органийн болх

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан МВД-н органийн а, дакъойн а куьйгалхошца кхеташо дIаяьхьира.ромео

   Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин Куьйгалхочо Кадыров Ислама, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, кхечара а.

    Кхеташонехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира регионан бакъонаш ларъяран органийн болх дикаллин кхин а лакхарчу тIегIан тIе баккха безаш хилар.

Кадыров Рамзана дийцарехь, хийцина карлаяккха езаш ю Нохчийн Республикин МВД-н белхан ерриге а система, орамашкара дуьйна тобан беза и болх.

«Республикехь долу хьал синтеме латторхьама а, бакъонийн къепе ларъярхьама а уггаре а хьалха МВД-н белхахошна юкъахь лардан деза низам. Иштта къона белхахой юкъаозо беза чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь болх барна. Пенсе боьлху хан йолу белхахой сий-ларам барца шайна хьакъ долу садаIа бахийта беза, ткъа кегийрхошна некъ бала беза. Оьшуш ю республикехь  бакъонаш ларъяран болх лаккхарчу дикаллица дIабахьа таро лун йолу керла система. МВД-н белхахо шена хьалхахIиттийна долу  тайп-тайпана декхарш кхочушдан массо а агIор кийча хила веза, иза, ала хIума доцуш, тIерачу духарца оьзда хила а, шеца кхузаманахьлера гIирсаш болуш а хила веза», – элира Кадыров Рамзана.

Цо иштта билгалдаьккхира хIора куьйгалхо шен куьйга к1елахь болчарна шегара масал гойтуш хила везаш хилар.

«ХIора куьйгалхо шен куьйга к1елахь болчарна масал хила, шен белхан декхарш хьанал кхочушдан декхарийлахь ву. Уггаре а хьалха шу бакъонаш ларъяран органийн белхахой хила деза, цул тIаьхьа дакъойн командираш, хьаькамаш хила деза», – элира Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира бахархой полицех буьззина тешаш хила безаш хилар, амма иза иштта хилийта аш хаддаза шарбеш-тобан беза шайн болх.

«Республикин бахархой полицех тешаш хилийтархьама, алссам халкъана юкъахь хила,  гIуллакхаш дар цхьаьна вовшахтухуш, кегийрхошца уьйраш йолуш, чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь гIуллакх дарх лаьцна дуьйцуш, спортан къийсадаларш д1ахьош хила деза», – элира Р.Кадыровс.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо иштта дийцира регионан ГИБДД-н балхах лаьцна а.

«Вайн республикехь санна мехкан кхечу цхьана а регионехь дац ГИБДД-н балхана иштта дика хьелаш, оьшуш дерг некъашкахь хьанал болх бар ду. ГИБДД-н берриге а ницкъаш тIехьовсо беза некъашкахь дIасалеларан дакъалацархошна юкъахь транспорт лелоран культура лакхаяккхарна. Иштта бен кхочур дац вай республикин некъашкахь авареш хилар а, нах кхалхар а лахдаларе», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.

Кхеташо чекхйолуш, Нохчийчоьнан Куьйгалхо республикин МВД-н белхахошка кхайкхира болх массо а агIор кхин а тобаре.

«Нохчийчоьнан бакъонаш ларъяран органаш Россин МВД-н системехь боккха сий-ларам болуш ю. Амма вайн таронаш а, карарчу хенахь кхочушдан дезаш долу гIуллакхаш а хьесапе а оьцуш, массо а агIор,  хIора районехь, юьртахь  чIагIбан беза полицин болх. И декхарш кхочушдархьама, чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь лаккхара корматалла йолу,  доьналла долу белхахой  хила беза. Бакъонан къепенан белхахой декхарийлахь бу муьлхха а чолхе  декхарш кхочушдан муьлххачу а минотехь кийча хила», – элира Кадыров Рамзана.

С.МАЛАЕВ

№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: