«Беркатехь» ца юхку экстремистийн литература

Иштта сацам бира хIокху деношкахь цигахь таллам дIабаьхьначараprv

    Вайн Iедалан органаша а, бусалбанийн динан урхалло а Iеламнахаца а, маьждигийн имамашца а, районийн къеданашца а цхьаьна бахархошна юкъахь кхетош-кхиоран болх дIабахьаро дика тIаьхье ло. Иза хаало вайн дахаран массо а дакъошкахь. Итт-пхийтта шо хьалха Нохчийчоьнан базаршкахь кIезиг ца хаалора экстремистийн хьехамаш, хьежамаш тIехь болу литература. Иза юхкуш, яржош, вайн республике йохьуш болчаьрца тIаьхьарчу шерашкахь боккха болх дIабаьхьна Iеламнаха, муфтиято.

Цу юкъа шен къинхьегаман хазна йиллина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан куьйгалхоша а, говзанчаша а.

Иштта, хIокху деношкахь оцу департаментан белхахоша республикин прокуратурин а, муфтиятан а векалшца цхьаьна дIадаьхьира Соьлжа-ГIаларчу республикин махлелоран «Беркат» туьшахь йолчу туьканашкахь юхкуш экстремистийн литература юй хьожуш таллам бар. Леррина таллам беш ерриге а туьканашкахула чекхбевлира уьш. Хазахоьтуьйтуш дара цхьана а туьканахь юхкуш экстремистийн литература цахилар а, юхкуш йолу ерриге а литература, ткъа иштта жайнаш тIарикъатан некъ хьоьхуш а, марзбеш а ерг хилар.

Департаментан динан организацешца болх баран отделан хьаькама Арцаев Ахьмада дийцарехь тахана базаршкахь юхкуш хаалуш яц экстремистийн идеологин хьу шайца йолу литература. Иза воккхавевеш ду. ХIунда аьлча, йохкархоша дIалаьцна шайна бина хьехам. Царна ца лаьа шайгахула, шаьш бахьана долуш Нохчийчохь бусалба динна новкъарло хинйолу ойла яьржийла. «Бусалба динан хьокъехь йолу литература юхкуш, яржош берш кхетта шайна тIехь долчу жоьааллех. И ду коьртаниг», –  бохура Арцаев Ахьмада.

ТIейогIучу хенахь департаментан а, муфтиятан а, прокуратурин а говзанчаш цу тайппана рейдаш дIаяхьа лерина бу республикин ерриге а районашкахь а, гIаланашкахь а йолчу базаршкахь, туьканашкахь. Беккъа талламаш барх тоам ца беш цара кхеторан болх дIахьур бу йохкархошца, довзуьйтур ду царна тIехь долу жоьпалла.

Д.ПАШАЕВ

 №126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: