Оьрсийн маттахь болчу дозанал арахьарчу зорбанан гIирсашна гIо дийр ду Iедало аьлла, дIахьедар дина Россин Президента Путин Владимира. Цу гIуллакхо Россера къаьмнаша баьхначу кхиамех лаьцна «бакъболу» хаамаш бовзийтарна гIо дийр ду аьлла хета цунна. Оцу хьокъехь шен дIахьедарш дира Путин Владимира махкал арахьа бехачу россихойн Дуьненаюкъарчу V-чу Конгрессехь.
Иштта, Росси дагахь ю махкарчу университеташна кхечу пачхьалкхашкахь филиалаш схьайоьллуш гIо дан а. Цул сов, Россин Президент лууш ву кхечу пачхьалкхашкахь бехачу Россерчу кегийрхошна церан университеташкахь дешийта аьттонаш кхолла а.
«Цхьадолчу бахьанашца кхечу пачхьалкхашка кхаьчначу вайн бахархошна хаа деза Росси шайна даима а орцах ер юй. Ливехь а, Шемахь а, Йеменехь а кризис елахь а, тхоьгара шуна гIо кхочур ду», – элира В.Путина.
Москвахь д1аяьхьначу Конгрессехь дакъалоцуш бара россихойн 400 сов диаспоран векалш. Иза лерина яра кхечу мехкашкахь бехачу россихошка шайн къаьмнийн меттанаш а, ламасташ а лардайтарна, диаспораша вовшашца зIенаш тасийтарна а, оьрсийн мотт кхин а баржоран некъаш тIехь дагадовларна.
Карарчу хенахь 30 млн. сов россихо веха 97 пачхьалкхехь.
И.ИСЛАМОВ
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо