ОвгIанан Iедалан эскарша леррина операци дIахьочу хенахь мехкан малхбалехь хIаллаквина «Талибан» боламан 30 сов декъашхо. Леррина операцеш кхул тIаьхьа а дIахьур ю.
***
«Иблисан пачхьалкхана» мехкадаьтта дохкарх хIора дийнахь 1,5 миллион доллар пайда хуьлу. Цо иза цхьана баррелах 25 доллар доьхуш дIадухку. Цундела цуьнгара мехкадаьтта эца лууш берш Iаламат дукха бу.
***
Шемахь долчу Россин тIеман кеманаша денна дIахьош ду «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн объекташна бомбанаш, ракеташ еттар.
***
Европерчу иттаннаш пачхьалкхашкарчу бахархоша (Германи, Польша, Чехи, Австри и.дI.кх.) дIахьедина шаьш шайн махкахь мигранташ тIеэцарна дуьхьал хилар.
***
Францин Iедало дIахьедина 13-чу ноябрехь дуьйна цхьана баттана шенгенан визанийн бакъо йоьхкуш хилар.
***
Швецехь чIогIа мох балар бахьанехь бахархойн цIенойн тхевнаш дохийна, дитташ охьадиттина, пхи эзар гергга цIа, серий хедарна, электросерло йоцуш дисина.
***
Евросоюзана юкъаяханчул тIаьхьа дуьххьара парламентан харжамаш дIабаьхьира Хорватехь 8-чу ноябрехь. Харжамашкахь дакъалецира виъ миллион сов харжамхочо.
***
Румынехь правительствона дуьхьал митинг дIахьош йолу цхьа кIира гергга хан ю. Правительство а, Парламент а отставке яхийтар лоьху урамашка бевллачара.
***
Индерчу фармацевташа Iедале дIахьедина шаьш интернетехула молханаш дохкарна дуьхьал хилар. ХIунда аьлча яккхийчу компанийн бен таро ца хуьлу интернетах пайда а оьцуш молханаш дохка.
***
ТIаьхьарчу шина шарахь США-с 270 миллион долларна харж йина Украинин оборонан ницкъаш чIагIдарна. Цо хIинца а дIахьо оцу пачхьалкхана герзашца гIодар.
***
Иракан Iедалан эскаро Россигара МИ-28 а, МИ-35 а тIеман вертолеташ эцна. Индонезис а сацам бина, Россигара СУ-35 тIеман кеманаш (истребительш) эца.
***
Россиний, Чининий юкъахь махлелор хIокху шарахь 25 процентана лахделла.
***
Россин Президента В.Путина куьг яздина вайн махкара пассажирийн кеманаш Мисаре дахар цкъачунна доьхкуш хиларан хьокъехь долчу указна.
***
Мисарара Россин туристаш даймахка цIабалорехь дакъалоцуш ю вайн махкара 13 авиакомпани. ТIаьхьарчу цхьана-шина дийнахь цIа валийна ткъех эзар турист.
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо