Лараме белхан накъостий, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн ветеранаш!
Тахана вай билгалдоккху вешан корматаллин цIей – Россин чоьхьарчу гIуллакхийн органийн белхахочун де. ХIара шо вайна къастаме дара. Вай билгалдаьккхира Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь толам баьккхина 70 шо кхачар, дагалецира тIеман арахь эгнарш. Вайна хIара шо билгал дара Россин Федерацин Президентан В.Путинан Указца Соьлжа-ГIалина бIаьхаллин Сийлаллин гIала аьлла лаккхара цIе елла хиларца а.
ХIокху дийнахь вай дагалоьцу нохчийн полицис бинчу некъан муьраш, вайн республикин цхьааллин, цуьнан маршонан, йозуш цахилийтаран дуьхьа шайн дахарш дIаделла болу вайн бIаьхаллин накъостий. Бала-гIайгIа дукха лайначу вайн республикехь хилла 90-гIа шераш дика дагадогIу вайна. Кегарий, талораш, адамаш лечкъор, дохкар, къоланаш дар дара хIеттахь республикехь. Шен халкъана тIехь латтош долу и Iазап сацон ницкъ кхаьчнарг мила вара? Дера вара Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, цо вовшахтоьхна нохчийн милици а.
Цуьнан дIадолорца вовшахтоьхна йолу Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерство тахана вайн махкахь уггаре а бIаьхаллин хьуьнар долу нуьцкъалчу структурех цхьаъ ю. Бакъонаш ларъяран кхечу органашца цхьаьна цо къийсам дIахьо терроризмана а, экстремизмана а, уголовни зуламашна а дуьхьал, кхачойо юкъараллин къепе хилийтарна, бахархошна кхерамазалла хилийтарна.
Оцу къийсамехь воьжна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органашна юкъара цхьа эзар пхи бIе сов белхахо. Россин Федерацин пачхьалкхан совгIаташ дина 800 белхахочунна. Вайн цхьайтта бIаьхаллин накъостана Россин Турпалхочун сийлахь цIе тиллина, царах бархIанна – кхелхинчул тIаьхьа. Виъ бIе сов белхахочунна Стогаллин Орденца совгIат дина, 258 белхахочунна – кхелхинчул тIаьхьа. Нохчийн халкъо даима а иэсехь латтор бу шайн турпалхой.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а, Нохчийн Республикин МВД-н куьйгалло а хаддаза гIо-накъосталла до шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу белхахойн доьзалшна, чевнаш хиллачул тIаьхьа заьIап бисинчу белхахошна.
Тахана ас даггара баркалла боху министерствон берриге а белхахошна хIора дийнан балхахь лаккхара корматалла, стогалла, майралла гайтарна. Къаьсттина баркаллин дешнаш ала лаьа республикин куьйгаллин а, Нохчийчоьнан МВД-н белхахойн а цIарах вайн ветеранашна, цара тIекхуьу къона тIаьхье кхетош-кхиорехь жигара дакъалацарна.
Лараме белхан накъостий, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн ветеранаш! Кхин цкъа а декъалдо шу вайн юкъарчу цIейца! Лаьа шун а, шун гергарчеран а ондда могашалла, ирс, аьтто хуьлийла.
№126, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2015 шо