Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан 35 шо кхачар
Тахана республикехь цхьа а школа хир яц Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь (карарчу шарахь дуьйна – университет) дешна хьехархо воцуш. Нийсса аьлча, Нохчийчоьнан школашна а, школазхойн учрежденешна а (берийн бошмашна) говзанчаш кечбаран коьрта пхьалгIа хилла лаьтта лаккхарчу дешаран и заведени. Россин Федерацин Iедалан тIегIанехь Соьлжа-ГIалахь хьехархойн иститут схьаелларан хьокъехь сацам тIеэцна 1980-чу шеран ноябрь беттан 28-чу дийнахь, хIинцачул 35 шо хьалха. 1981-чу шарахь хилира дуьххьарлера студенташ тIеэцар. Институтан хьалхара ректор вара еххачу хенахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н серлонан министр лаьттина волу Умаров Мухари.
ХIетахь дуьйна институто арахецна эзарнаш хьехархой. Царех дукхахберш республикин школашкахь кхиамца болх беш бу, кхечарна Iилманан а, культурин а, бахаман кхечу дакъошкахь а шайн некъ карийна.
Карарчу хенахь шен юбилейна кечлуш ю хьехархойн университет. «Цхьа даккхий хIуманаш вовшах ца деттахь а, институт схьаелларехь а, когахIоттарехь а къахьегнарш дага а лоцуш (боцуш берш), кхузахь болх бинарш а, дешнарш а кхойкхуш, институтан 35 шо кхачар даздаран хьолехь билгалдаккха лерина ду тхо, цунна беш кечамаш а бу, институтан дахарна лерина гайтамаш вовшахтохар а, буклет арахецар а, кхин гIуллакхаш а ду дагахь», – билгалдаьккхира тхоьца хиллачу шен къамелехь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректора Халадов Хожа-Ахьмада.
Шега догIучу декъана «Даймохк» газето а тидамза буьтур бац и хилам. Герггарчу цхьана номерехь оха мелла а шуьйра дуьйцур ду университетан исторех а, таханлерчу дахарх а лаьцна.
Хь.АБАЕВ
№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо