Нохчийн эстрадин артисташ – наркотикашна дуьхьал

I.Шахбулатовн цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонин театран-концертан залехь рогIера концерт елира нохчийн эстрадин артисташа. Иза лерина яра вайн республикин студенташна а, дешархошна а.IMG-20151106-WA0016

Музыкин хазалло а, цуьнга болчу безамо а цхьаьнатоьхна, йоккхачу зала чу гулбеллачу кегийрхойн цу дийнахь цхьа барт бинарг дара шаьш дерриге а цхьабосса наркотикашна дуьхьал хилар дIахьедар. Наркотикаш, маларш, нохчийн къам могашаллех а, оьздангаллех а даккха тарлучу муьлххачу а зиене долчу хIуманна шаьш дуьхьал дуй хаийтарна тIехь барт цхьаъ бара артистийн а, кегийрхойн а.

Нохчийн къоман культура кхиорехь, кегийрхой ийманехь кхетош-кхиорехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьоьгуш долу къа, еш йолу харж дуьненна а гуш ю. Наркотикашна дуьхьал къаьсттина луьра тIом бу цо дIахьош.

ХIора министерствон а, дешаран а, культурин учрежденин, юкъараллин организацин  куьйгалхочунна тIедиллина а оцу декъехь жигара болх бар.

Нохчийн пачхьалкхан филармонин куьйгалла а, белхан коллектив а яц оцу къийсамна юьстах лаьтташ. Артисташа шайн иллешца, эшаршца гойту наркотикашка а, иштта корта бахош долчу молханашка а, маларшка а болу шайн цабезам.

Ткъа цу дийнахь музыкальни дакъа д1адололе хьалха хаамийн программа гайтира. Цунна юкъайогIура наркотикех, цара адамийн могашаллина дечу зенах лаьцна дуьйцу видеоролик гайтар.

Концертин программа а яра артистийн репертуарерчу уггаре а тоьллачу иллех, эшарех лаьтташ. ЛадогIархойн самукъадаьккхира Нохчийн Республикехь гIарабевллачу артисташа Межиева Маккас, Исмаилов Ризавдис, Абубакарова Асета, Хайдарова Зараа, Эдисултанова Миланас, Муртазова Элинас, Газиева Хедас, Башаев Ахьмада, Сальмурзаев СаьIида, ткъа иштта «Грозный» тобанан декъашхоша. Студенташ а, дешархой а самукъадаьлла бара шайна дукхадезаделла иллеш хазарна  а, оцу артистех бIаьрг тоха шайн аьтто хилларна а.

Нохчийн пачхьалкхан университетан студенткас  Д.Турлуевас дийцарехь, концертан программе ладогIарал сов, кегийрхошна шайна пайдехь хин долу дуккха а керланиг девзира цигахь.

 

 

З.ХИЗИРОВА

№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: