Ийманехь кIант – доьзалан беркат

Асхьаб дуьнен чу валарца церан доьзале доккха беркат деара. Цуьнан да-нана мотт ца хууш ду. КIантана мотт бийца Iемачу хенахь, мотт буьйцуш йиша я ваша а дацара цунна уллехь. Цундела, мотт бийца Iамале, куьйган ишаршца мотт бийца Iемира цунна. ТIаьхьо мотт бийца а волавелира. Доьзалехь вокхахверг ву Асхьаб. Веданан районерчу Махкат1ера ву иза ц1ера.  Жима 2 йиша ю цуьнан. Цу шинна а хаьа  мотт бийца.IMG-20151108-WA0008

Исмаилов Асхьабан ненада бусалба дин чIогIа дезаш, лелош вара (хIинца вац иза). КIант юьрта вахча, даима цунна хьехарш дан хуура ненада.

«Со Энгал-юьрта моссазза воьду а, «Ахь ламаз диний, хьо ламазаш деш вуй?», хоттура соьга сан ненадас. «ХIаъ, дада, ламазаш деш ву со», олий жоп лора ас. ХIетахь-м со жима вара, цо сайна дечу хьехарийн мах хIинца санна ца хадабора ас. ХIокху дахарехь хIора хIуманна шен зама йогIуш хиллера. Со кхетош а еара зама… Со цIахь а воцуш баьккхира соьга «Хьан дада бакъдуьнене вирзина», – аьлла ирча кхаъ. Дада кхалхар санна суна халонга даьлла хIумма а дацара. Со юьрта, тезета дIакхаьчча, кетIахь, кертахь лаьтташ дуккха а адамаш дара. Сан цхьана накъоста тIе а веана, маьждиге ламаз дан кхайкхира со. Цуьнца ламаз дан вахара со. ХIетахь дуьйна хIара 4-гIа шо ду ас хIора а ламаз маьждигехь до. Ламаз маьждигехь ца дича, синтем ца хуьлу суна», – дийцира цо.

Асхьаб ша чIогIа къинхетаме кIант ву. Адамашкахь цо уггаре а коьрта лоруш дерг иза къинхетаме хилар ду.

2012-чу шарахь Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан экономикин а, хаамийн технологин а колледж чекхъяьккхира цо. Ша колледжехь дешна ваьллачу шарахь «Аль-Къуръан» цIе йолчу хьуьжаре деша вахара иза. Ша цига деша вахарх чIогIа дозалла а дора цо. Дахарехь шена хуьлу хазахетар а, халахетар а шен деца, ненаца декъа лаьара цунна. Асхьаба дийцарехь шен да-нана мотт ца хууш ма делара аьлла цкъа а дагадеана дац цунна. Асхьаб ийман долуш кIант хилар тIечIагIдо, цо мотт ца хуу шен да-нана ламаз дан Iаморехь къахьоьгуш хиларо. Дикка хан ю цуьнан нана ламаз деш йолу. Ткъа да Iамо мелла а хала ду цунна. Иза хIинца а Iамош ву цо. Хууш ма-хиллара, дукха хан йоццуш, Кувейт пачхьалкхара куьйган ишарийн меттан говзанчаш баьхкинера вайн республике, къорачарна бусалба динах лаьцна урокаш яларан Iалашонца. Асхьаба а дакъалецира цу урокашкахь. ХIетахь дуьйна «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь хIора пIераскан дийнахь мотт ца хуурш хьехамех кхетош ву иза.

Асхьаб мотт ца хуурш хьехамех кхето волавеллачу хьалхарчу дийнахь ладогIа дуккха а баьхкина хилла. Цо дийцарехь, цунна моьттура, денна уьш лахлур бу аьлла. Иза иштта ца хилира, хьехаме ладогIа богIурш мелхо а алсамбовлура. Асхьаба дийцарехь, Пайхамарх (Д.С.М.Х.Ц), асхьабех лаьцна хьехам бича, дагах кхета царна. Пайхамаран (Д.С.М.Х.Ц) дахарах лаьцна дуьйцучу хенахь церан бIаьргех хи  долу.

Бусалба дин кIорггера Iамо лууш ву иза. Оцу Iалашонца Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университете деша вахана иза хIокху шарахь.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Исмаилов Асхьаб 

№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: