Телевизоре хьожуш, цу чохь фокусаш гойтуш меттигаш нисъелча, «Цара и фокус муха йо-те?», олий хаттар кхоллало вайх муьлххачун а. Цхьайолчу фокусаша гуттар а ч1ог1а цецвоккху.
Иштта цхьана дийнахь «Тв-3» каналехь «Удиви меня» передаче хьожуш Iаш волу Хьамзат а цецваьллера цхьана фокусниках. Цецвалара-м ша дара, цо и фокусаш муха йина тIаьхьакхиа вуьйлира кIант. ХIетахь дуьйна марзъелира цунна фокусникан говзалла (цу хенахь цуьнан 14 шо дара). Ша а фокусник хиларе са а ца туьйсура цо, хIунда аьлча, цунна и говзалла караерзо а, фокусаш ян Iамо а цхьа вацара. Делахь а, дог-м ца диллира кIанта. Жим-жима Iемаш фокусаш ян Iама волавелира Садаев Хьамзат. Ша дага а йоуьйтура цо цхьацца фокусаш, тIаккха доьзалехь а, гергарчарна а, луларчарна а гойтура. ХIетахь, ша фокус гойтучу хенахь, шега хьожучеран яххьаш тIехь цецбийлар гича, къаьсттина самукъадолура цуьнан, шена и корматалла карайоьрзург хиларх дог а тешара. Иза иштта хила а хилира…
Нийсса кхаа шарахь 1емича хилира цунах фокусник. Ткъа хIинца ши шо хан ю иза фокусник (бозбуунча) волу. Шен дахарехь дуьххьара фокусаш гайта Старопромысловски районерчу Культурин цIийнан сцени тIе велира иза. Иштта дIаболабелира цуьнан кхоллараллин некъ.
Дуьйцуш-м иштта а ца хета, цо гойтучу фокусех бIаьрг кхетча бен ца хаало цуьнан фокусийн шатайпаналла. Царах масех хьахо лаьа. 5 – 6 урс (лезвие) цхьаьна дIадиъначул тIаьхьа, тай тIе а тосуш схьадоху цо уьш (и арсаш кийрара схьадохуш санна хета хьовсархошна). Йоккха стол хIаваэхь дIаса а лелайо цо. Къаьсттина адамаш цецдоху ши фокус ю и шиъ. 2 шо бен дац цо сцени тIехь фокусаш гойту. Делахь а, оцу йоццачу хенахь къаьсттина кегийрхошна юкъахь дика евзина цуьнан цIе. Россин яккхийчу г1аланашкахь гастролашкахь хуьлу иза, масала, Москвахь а, Санкт-Петербургехь.
Хьамзат фокусник волу дукха хан яцахь а, йоццачу хенахь кхиамаш баха кхиъна. «Минута славы» проектан финалист хилла цунах. Иза цуьнан уггаре а бIаьрла кхиам бу. Иштта, хIора шарахь дIахьочу «Национальная пятерка» премин гран-при елла цунна, «Я талант» шоун толамхо а ву иза.
«Сан белхан самукъа хьовсархойх доьзна ду. Айса фокусаш гойтучу хенахь ларамаза зала чуьрчу хьовсархойх сайн бIаьрг кхетча, церан цецбовлар а, самукъадалар а гича сан, синна хьаам хуьлу. ТIаккха айса хаьржина говзалла кхин а чIогIа марзло суна, оцу новкъахь кхин а ч1ог1а къахьега дог а дог1у. Сатийсамах дерг аьлча, хан мел ели а кхин ч1ог1а лаьа суна, керла фокусаш юкъаяха а», – бохура цо.
Дуьненахь гIарабевлла бевзаш болчу фокусникаша болх беш, лерина хьожу Хьамзат. Фокусникийн «Пенн и Теллер» дуэт хазахета цунна. Теша лаьа, хан-зама яьлча, Хьамзатан цIе вайн республикехь евзина ца Iаш, дозанал арахьа а евзирг хиларх.
З.ХАСИЕВА
Авторан суьрта тIехь: фокусник Садаев Хьамзат
№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо