Компьютерийн локализаци керлачу маттахь кхолларан болх дIахьош, уггаре а хьалха кхочушдан дезачу декхарех ду болуш болу меттан гIирсаш терахьашка а берзош, оьшуш болу бух кечбар а, оцу меттан коьчалца болх бар а, гIирсаш кечбеш, таронаш кхоллар а.
Оцу Iалашонашка кхачархьама, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин пайде семиотикин отделан белхахоша нохчийн меттан дошамаш терахьийн кепе яьхна, “I” элпана зорбатуху программа кхоьллина, иштта тайп-тайпана къамелан дакъойн кепаш ялайо программаш а йина.
Нохчийн маттаца белхаш бечарна гIоьнна кхоьллина ю GoldenDict программи чохь электронни дошам а. GoldenDict – иза йиллина код йолу терахьийн маьрша чкъуьйриг ю (свободная оболочка с открытым исходным кодом). Цуьнан гIоьнца шен дошамаш кхолла йиш ю. Цул сов, цу чу масех дошам йилла а тарло. Ткъа хаьттина долу дош, программо царна массарна а чохь лоху, нийсаяздар толлуш йолу Hunspell программех пайда а оьцуш. Hunspell-х пайдаэцар бахьана долуш, дешан дIаяздар дошамашна чохь долчарех къаьсташ делахь а, программо схьалоху.
Иштта программин башхаллех ду, цо диактрически хьаьркаш а, элп доккха-жима хилар а, сацаран хьаьркаш а лоруш цахилар. Цо таро ло программи чу йохкуш йолу дошамийн хатI ца хийца.
Карарчу хенахь пайде семиотикин отделан белхахоша кеч а йина, цу чу ехкина х1ара дошамаш:
1. А.Г. Мациев: «Нохчийн-оьрсийн дошам», Москва, 1961 шо.
2. А.Т. Карасаев, А.Г. Мациев: «Оьрсийн-нохчийн дошам», Москва, 1978 шо.
3. С.М. Умархаджиев, А.А. Ахматукаев: «Нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн математикин терминийн дошам», Тбилиси, 2010 шо.
4. Р.У. Берсанов: «Адаман анатоми. Нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн дошам», Соьлжа-ГIала, 2011 шо.
5. Э.Д. Абдурашидов: «Нохчийн-оьрсийн, оьрсийн-нохчийн юридически терминийн дошам», Соьлжа-ГIала, 2008 шо.
И.ХАСАХАНОВ
№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо