Дукха хан йоццуш Iусама ас-Саййид Махьмуд аль-Азхарийс яздина «ЯСНАЯ ИСТИНА в ответ тому, кто манипулирует религией» аьлла долу, жайна довзийтира Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун динан гIуллакхашкахула волу хьехамча, пачхьалкхан «Путь» телерадиокомпанин директор Шахидов Адам, лакхахь хьахийначу министерствон векалш.
Цхьаьнакхетар долош, вистхилира Дж.Умаров. Цо билгалдаьккхира и тайпа жайна бусалбанашна Iаламат доккха совгIат хилар. «ТIаьхьарчу 80 шарахь исламан декъехь политически тобанаш а йийцаре ечу идейшна а, концепцешна а кхачам боллуш йина анализ ю Аль-Азхарийн жайни тIехь. Оцу издани тIехь дуьнен чохь гIарабевллачу 1еламнаха болх а бина, и дика бина болх бу аьлла, ч1аг1 а дина. Экстремистски боламаша латтош йолу харцо гучуйоккхуш, царах вай лардалийта яздина ду и жайна. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула, сеташкахула вайн республикин бахархошна дIакхачо декхарийлахь ду вай иза», – элира цо.
Динах лаьцна шайггара харц кхетамаш юкъабохуш бу «Иблисан пачхьалкха» юкъара нах. Iаламат доккха питана ду цара даржош дерг. И дерриге а литта а литтина, массо а хIума ма-дарра гучудоккхуш, церан харц кхетамаш, ойланаш йохош, яздина ду жайна. Иза вайна доккха беркат а, мехалла а хилар билгалдаьккхира А.Шахидовс. «Таханлерчу дийнахь дуьнен тIехь дIабоьдуш хаамийн а, идеологически а тIом бу. «Иблисан пачхьалкхан» г1еранаш бусалбанашна юккъахь питанаш дан гIерташ къахьоьгуш ю. Кегийрхошна цара беш болу тIеIаткъам интернетехула бу. Цундела ларбала а, безара вайн кегийрхой», – бохура цо.
Бусалба динан декъехь къахьоьгучу 500 сов Iилманчас къобалдина жайна. Ингалсийн, французийн, чинойн, индусийн меттанашка гоч а дина, кхин долчу меттанашка гочдан лерина а ду иза. Дуьненан массо а маьIIерчу наха интернет сеташкахь а яздо иза шайна Iаламат мехала, пайде хеташ хиларх лаьцна.
Шеко йоццуш, таханлерчу дийнахь вайн юкъараллина уггаре а оьшучарех цхьаъ ду и жайна.
Хь.АВХАДОВА
№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо