Болх беш йоцу организацеш дIакъовлур ю

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочуш а деш, масех де хьалха кхеташо дIаяьхьира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь. Цигахь дийцаре дира коммерчески йоцчу организацеша шен-шен хенахь отчеташ яларан декъехь кхолладеллачу хьолан хьокъехь долу гIуллакхаш.Снимок2

   Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнча, Нохчийн Республикехь граждански юкъаралла кхиоран, адамийн бакъонаш ларъяран Советан председатель Алиев Тимур, Россин налогови федеральни службин Нохчийчоьнан урхаллин куьйгалхо Цамаев Мовсар, Пачхьалкхан статистикин федеральни службин Нохчийчоьнан территориальни органан куьйгалхочун заместитель Магомадова Асиехьат, Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин Урхаллин куьйгалхочун заместитель Алиев ИбрахIим, Россин Федерацин социальни страхованин Фондан Нохчийчоьнан регионан отделенин пачхьалкхан учрежденешна таллам баран отделан хьаькам Хадызов СаьIид, Россин Юстицин министерствон Нохчийн Республикин урхаллин коммерчески йоцчу организацийн отделан коьрта говзанча-эксперт Магомаев ИсмаьIал.

Кхеташо дIа а йолош къамел дира республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин организацешца а зIенаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана. Цо дагадаийтира карарчу хенахь вайн регионехь 800 сов юкъараллин организаци хилар. Царах кхоалгIа дакъа бен болх беш дац. «Тахана вайна хьалха лаьтта болх беш йоцу юкъараллин организацеш дIакъовларан хьокъехь долу коьрта декхар. Кехата тIехь ю аьлла дIаязйина хилар бен кхин болх беш йоцу цу тайпана юкъараллин организацеш, суьдашкахь сацамаш барца дIакъовларан гIуллакхан йист яккха еза», – бохура Р.Дадаевс.

Цо дийцарехь, Нохчийчоьнан Куьйгалхочуьнца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа цуьнан къамелаш хилира юкъараллин уггаре а жигарчу векалшца. «Цара къобалдира кехата тIехь дIаязйина хилар доцург кхин болх беш йоцу организацеш дIакъовларан дIадолор. ХIунда аьлча, цара лахбо кхечу юкъараллин организацийн сий-ларам», – чIагIдира Р.Дадаевс.

Кхеташонехь вовшахкхеттачарна дика девзаш хиллера республикехь йолчу юкъараллин организацешца доьзна долу хьал. Цара билгалдаьккхира регистраци йина йолчу коммерчески йоцчу организацех ах а бинчу белхан хьокъехь отчеташ еш цахилар. Цундела терго латтош йолчу органашна тIедиллира шаьш бинчу белхан хьокъехь отчеташ еш йоцчу коммерчески йоцчу орагнизацийн спискаш хIоттор а, уьш суьдийн сацамашца дIакъовлийтарехьа гIуллакхаш дар а.

Цунах лаьцна болу берриге а хаамаш департаменте дIалур бу. ТIаккха цуьнан белхахоша, долуш долчу хьолан хьесап а дина, билгалйохур ю болх беш йоцу коммерчески йоцу организацеш. Билгалдаккха деза цхьацца бахьанашца отчеташ а ца еш болх беш хиллачу организацешна оьшуш долу гIо-накъосталла дийриг хилар а, цаьрга отчеташ дIаялийтарехьа гIуллакхаш дийриг хилар а.

Кхузахь иштта тидам тIебахийтира цхьайолу коммерчески организацеш шайна регистраци йинчу адресца цахиларна. Цу тайпа галморзахаллаш дIаяхарна тIехь болх бийр бу департаментан белхахоша. Цунах лаьцна а дийцира кхеташо ерзош Дадаев Ризвана.

Дийцаре динчу дерриге а гIуллакхаш тIехь цхьаьна, бертахь болх бан сацам хилира кхеташонан дакъалацархойн.

С.ХАСАНОВ

 

№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: