Лецначу нахаца – гулам

Чернокозоверчу №2 йолчу колонехь лецначу нехан юкъара гулам хилира. Иза вовшахтоьхнера Россин таIзарш динарш тобаран федеральни службин Нохчийн Республикин урхаллин белхахоша. Оцу белхахойн тобанехь вара урхаллин хьаькаман заместитель Т.А.Махаев психологически службин хьаькам С.У Узаров, лакхара инспектор М-Р.У.Абуев. Гуламе  гулбеллачарна цара дийцира Россин Федерацин уголовно-кхочушдаран законодательствон а, нормативно-бакъонийн кхечу актийн а лехамех лаьцна. Лецначу наха тайп-тайпана хаттарш дира, царна кхачам боллуш,  кхетош, жоьпаш а делира.s3

    Колонехь урхаллин белхахоша теллира лецначеран социально-бакъонийн хьокъехь  занятеш вовшахтохаран а, дIаяхьаран а дикалла. Цуьнца доьзна хьаьвсира колонин дешаран учрежденешка. Санитарни хьоле а, чоьнашка а хьовсуш, хилира чохьбохку нах бехачу юкъараIойлашкахь. Теллира нах тобаран учрежденин низаман комиссин белхан дикалла, лецначарна низаман Iаткъам баран гIуллакхаш юкъадалор нийса хилар.

Урхаллин белхахой №2 йолчу колонехь хилар а, цара цигахь бина болх а пайдехь хилира царна шайна а, лецначарна а. Белхахошна девзира колонехь долу хьал, ткъа лецначу нехан таро хилира шайн бакъонаш а, шайга беш болу лехамаш а алссамчу барамехь бовза.

С.ЛАЛАЕВ

 №127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: