Мехкан экономика кхиорехь – доккха дакъа

1998-чу шарахь дуьйна Россехь билгалдоккхуш ду Сбербанкан белхахочун де. 12-чу ноябрехь иза билгалдаккхар, доьзна ду 1841-чу шарахь цу дийнахь императора Николай Хьалхарчо Россехь ахча Iалашден (сберегательные) кассаш кхолларан хьокъехь Указ арахецарца.IMG_7545

Дуьххьарлера банкан операцеш ширачу заманахь дуьйна хилла дуьненахь. Амма кхузаманан банкаш кхоллаелла иштта дукха хан яц. Россин банкийн система Европин масалшна тIехь кхоллаелла а, кхиъна а, царна тIаьхьа хIоьттина схьаеана а ю. Тахана Россин яккхийчу банкаша шайн  таронашка хьаьжжина дакъалоцу дуьненан банкийн  хьаьрмахь. Дуьххьара дуьненан рейтингашна юкъаяхнарг Россин Сбербанк ю.

   1841-чу шарахь кхиоран а, гIоьналлин а Iалашонашца кхоьллина йолу Сбербанк мехкан финансийн системин коьрта гIортор хилла дIахIоьттина тахана. Цуьнан активаша Россин банкийн системехь доьалгIа дакъа дIалоцу, ткъа банкийн капиталехь долу дакъа 30 процент ду. Заманан йохаллехь хийла хийцаелла Сбербанкан кеп, амма чулацам гуттар цхьаъ хилла: дуккха а хьашташ кхочушдар, дуккха а филиалаш яхкар, даима керла операцеш юкъаялорца кхиар, керла хьашташ а, хьашташ кхочушдаран кепаш а юкъадалор.

Таханлерчу дийнахь Россин Федерацин 83 субъектехь Сбербанкан 17 эзар сов отделени ю. Россехь  Сбербанкан хьаштех пайдаоьцуш 110 миллион сов стаг ву – мехкан ах сов бахархой бу уьш. Мехкан дозанал арахьа банкан хьаштех пайдаоьцуш 11 миллион гергга стаг ву. Россин Сбербанк – пачхьалкхан тергонехь йолу коммерчески банк ю. Россин а, Европин а уггаре яккхийчу банкашна юкъайогIу иза.

Мехкан банкийн системин кхоалгIа дакъа дIалацарца цхьаьна россихойн хIора 150-чу доьзална болх а нисбо, ахча даккха таро а ло Сбербанко. Россин экономикин коьрта кредитор а хилла лаьтта банк. Цуьнан декъехь ду бахархоша  охьадиллина 46,4 процент ахчанаш (вклады), а физически яххьашна луш долу 34,7 процент кредиташ а, юридически яххьашна луш долу 33,9 процент кредиташ а. Тайп-тайпана ду Сбербанко кхочушдеш долу бахархойн хьашташ: депозиташ, кредитованин ерриге а кепаш, банкийн карташ, ахчанаш дехьа-сехьа дахар, банковски страховани яр, и.д1.кх. Хьашташ кхочушдар бахархошна кхин а атта, кхузаманца догIуш а хилийта, пайдаэцархойн счеташна геннара урхалладаран таронаш лакхайохуш ю банк. Цу Iалашонца кхоьллина геннара хьашташ кхочушдаран система. Цу юкъайогIу: «Сбербанк Онлайн» онлайн-банкинг (13 миллион сов жигара пайдаэцархо), телефонашна лерина «Сбербанк Онлайн» приложени (1 миллион сов жигара пайдаэцархо), «Мобильный банк» sms-сервис (17 миллион сов жигара пайдаэцархо), дуьненахь уггаре а яккхийчех йолу бахархоша шаьш шайн хьашташ кхочушдаран г1ирсийн (банкоматийн а, терминалийн а) сеть (90 эзар сов гIирс). Таханлерчу дийнахь Россин Сбербанк шен балхаца, бахархойн хьашташ кхочушдарца дуьненан тIегIане йоккхуш, цунах тоьлла сервисийн компани еш къахоьгуш ву 260 эзар сов говзанча (ерриге а Россехь).

ТIаьхьарчу шерашкахь Сбербанкан болх гуттар шорлуш, дуьненахь баьржаш бу. СНГ мехкашкахь хилла ца Iаш  (Казахстан, Украина, Беларусь), Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европин 9 махкахь а, Хонкарахь а шен векалалла деш банкаш ю Россин Сбербанкан. Иштта, Германехь, Чинехь, Индехь, Швейцарехь шен филиалаш ю цуьнан.

2014-чу шеран июль баттахь Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европин банкашна юкъахь хьалхара меттиг а, дуьненан «1000 банкан ТОП» хIорашеран рейтингехь 33-гIа меттиг а яьккхина Сбербанко. Цул сов,  «Global Finance» журнало бинчу талламашца «Sberbank online» Юккъерчу а, Малхбалерчу а Европин мехкашкахь тоьлла онлайн-банкинг ю аьлла билгалъяьккхина. Иштта, оццу журнало 2015-чу шарахь бинчу талламашца, Россехь тоьлла банк ю аьлла къастийна.

Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, Россин Сбербанкан Россин Федерацин субъекташкахь 17 эзар сов филиал ю. Царех 11 филиал – Нохчийн Республикехь. Дуьххьара Сбербанкан филиал Нохчийчохь схьайиллина 2005-чу шарахь. Бакъду,  иза Гуьмсехь хиларна а, цхьаъ бен ца хиларна а вайн республикехь кIезиг евзара Сбербанк, бахархоша кIезиг пайда а оьцур цуьнан хьаштех. Карарчу хенахь Нохчийн Республикин Шелковски а, Невран а районашкахь схьайиллина филиалаш ю, иштта цхьацца филиал ю Гуьмсехь а, Хьалха-Мартан тIехь а; кхин а 7 филиал – Соьлжа-ГIалахь. Герггарчу хенахь Сбербанкан филиал схьайоьллур ю Курчалойн районехь а, тIедогIучу шарахь БухIан-Юьртахь а. Россин Сбербанкан Нохчийн отделенин маркетинган а, коммуникацийн а говзанчас Губиев Идриса дийцарехь, республикехула керла офисаш схьаелларца а, хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхарца а, алапийн проекташ алсамйовларца а доьзна Нохчийчоьнан бахархошна юкъахь шуьйра даьржина Сбербанкан хьаштех пайдаэцар. Масала, Нохчийн Республикехь йолчу коьртачу офисехь дийнахь цхьа эзар сов стаг тIеоьцу. Нохчийчохь Сбербанкан хьаштех пайдаоьцурш республикин бахархойх берриге а 30 процент бу. Де-дийне алсамйовлуш ю банкан алапийн проектехь дакъалоцуш йолу организацеш а (шайн алапа Сбербанкан карташна тIедохурш). И.Губиевс дийцарехь, тIедогIучу шерийн Iалашонехь ду республикехь Россин Сбербанкан кхин а масех филиал схьаеллар а, бахархоша шаьш-шайн хьашташ кхочушдаран гIирсаш (банкоматаш, терминалаш) алсамбахар а (уьш хIинцале а 200 сов  бу республикехь).

А.ВАХАЕВА

Суьрта тIехь: Россин Сбербанкан Нохчийн отделенин Соьлжа-ГIалахь йолу коьрта офис

 

№127, еара, лахьанан (ноябрь) беттан 12-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: